Еара, Чиллан-бутт 23, 2012 Меттигера хан 11:06


Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан конституцин де Соьлжa-ГIалахь, кегийрхойн гулам, 12ГIу2010

Аудио Нохчийн Кегийрхошна Лергах Мехий Доху Пропагандисташа

Тайп-тайпанчу министараллийн а, муфтиятан а, кегийрхойн комитетан а векалш юкъахь болуш, говзанчийн тобанаш ю кIошташкахь кегийрхой тIемалошна тIаьхьа ца базийта, кхетош-кхиоран белхаш дIахьош. Кхин а


ТIаьххьарниг

Аудио Гоьваьллачу Немцочо Сурт Диллина Путинах Кхаьрдаш

Дуьненчохь уггаре а лерамечех дизайнер ву Лагерфельд Карл. Карарчу хенахь Шанель цIийнан коьртехь волу иза шен Iаламат хазачу духаршца а, амма иштта экстраваганталлийца а вевзаш ву. Кху деношкахь цо оьрсийн премьер-министран кхардаме сурт диллина, „Путинан сатийсам“ аьлла цIе а тиллина.
Кхин а

Аудио Оьрсийчоьнан Аьррохьара БIостаннала

Социологаш чIагIдарехь, дукхах болу Оьрсийчура харжамхой аьррохьара партишкахь ойланаш йолуш бу. ТIаккха цара толам хIунда ца боккху харжамийн каппашкахь, аьлла, ойла кхоллало.
Кхин а

Аудио Хилла ТΙематасадалар Шина Суьртахь Дуьйцу Ιедалой, Бахархошший

Урхаллехь болчара гIарабаьккхинчу хаамца, тIемалойн тоба хIаллак а еш, кхиамца чекхъяьлла, масех дийнахь Нажи-Юьртан а, Дагестанерчу Казбековски а кIошташкахь дIаяьхьна тIеман операци. Цигахь Iожалла карийнарг ву ворхI тIемало, шайна коьртехь Абудар цIе лелош хилла, Тимиркаев МагIарби а волуш.
Кхин а

Аудио Визанаш ялар Аттачу Доккхур ду Германино

Масех шо ду Германе кхача луучу Оьрсийчоьнан бахархошна визанаш ялар атточу даккха деза бохуш, шина пачхьалкхан векалша дуьйцу. ХIинца эххар а хабаршна тIера гIуллакхе дерза мегаш ду иза. TIейогIучу аьхка цхьамогIа новкъарлонаш дIайохур ю Германи ваха луучарна дуьхьалара.
Кхин а

Аудио ТIамо НеI Етта Нохчийчохь

Кху тIаьхьарчу хенахь оццул дукха ницкъаллийн структурийн белхахой цхьанаметта байина бацара Нохчийчохь. Цо аьтто бора меттигерачу Iедалийн тIемалойн ницкъ бац шайна дуьхьало ян, бохуш, чIагIдан.
Кхин а

Аудио Вайнах ЦIерабахаран Де Билгалдаккхар БIаьстене ХIунда Теттина Кадыровн Iедало?

1944-чу шарахь вайнах цIерабаьхна Чиллан беттан 23-гIа де билгалдаккхар Стигалкъекъа беттан 10-чу дийне тIаьхьатеттина, Москохана муьтIахь долчу Соьлж-галара Iедалша. Цунна масех бахьана го республикин бахархошна. Цунах цхьаъ ду - карабогIучу баттахь хин болу президентан харжамаш тIекхачале нехан сингаттам карла ца балийтар. ШолгIа, меттигера Iедалш цхьана тIегIане баккха гIерта дерриг а къоме боьссина хилла бала а, Кадыров воккханиг вийна де а.
Кхин а

Аудио Хьайбахехь 1944-чу Шарахь Адамаллина Дуьхьал Динчу Зуламах Жоп Дала Дезар Ду Кремло

Хьайбах – къеггина билгало ю ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу 1944-чу шарахь вайнахана тIебоьссина хиллачу бохамна. Берия Лаврентийн омарца, ломара охьа а биссийна, цIера бохучарах дIатухуш хьелур бу аьлла, Хьайбахехь божална чохь 700 сов стаг вагийнера НКВД-н белхахоша. Цу адамаллина дуьхьал динчу зуламах лаьцна деккъа цхьа жайна ду зорба тоьхнарг. Цуьнан авторех цхьаъ ву Гаев Саламат.
Кхин а

Аудио Нохчашна ТIехь Йина Геноцид Йицъян Мегар Дац

Официало далочу терахьашца 1944-чу шеран Чиллан-баттахь а, Зазадоккху-баттахь а Нохч-ГIалгIайчуьра дIавигинарг хилла 496 эзар сов стаг. Царах 411 эзар стаг дIакхачийна Казахстане, 85 эзар стаг - ГIиргIазойчу. 8 шо хьалха, 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь, нохчийн къам Сибрех дахийтар, цунна тIехь йина геноцид яра аьлла, сацам бира Европан парламенто.
Кхин а

Аудио Доьрзуш долчу КIиран Хиламаш

Кадыров Рамзана «Комсомольская Правда» газетана еллачу интервью тΙера беламе хΙуманаш. Нохчийн лаьмнашкарчу тΙемалоша даккхий дараш дина шайна тΙегΙертачу Ιедална. Дагестанехь зенаш хилла тΙемалошна, вийна коьрта баьчча а, могΙара хьалханча а. Иштта бара кху денойн битамаш.
Кхин а

Аудио Бундеспрезидента Охьадиллина Шегара Дарж

Немцойн президентана Вульф Кристианна гонаха къестамаш ши бутт хьалха буьйлабелера. Журналисташна ларамза гучуделира, цо цкъа мацах шеца гергарло лелочу совдегаран хIусамненера кредит эцна хилар а, и эцар цо юкъараллех къайладаьхьна хилар а.
Кхин а

Интервью

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан вазвеш, стигала цIераш оьхуьйтуш ю Соьлж-гIалин юккъехь, 05ГIад2011

Аудио Кадыровна Хетарг а, Нохчашна Цалуург а

Кху тIаьххьарчу шина-кхаа кIиранах массех шайна тIе тидам бохуьйту интервьюш елла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсашна. Царех тIаьххьарниг ю «Вечерняя Москва» газетан агIон тIехь Кхаарий дийнахь зорбане яьлла. Журналисто кечдинчу Оьрсийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигех а, пачхьалкхан идеологех а, Нохчийчохь хиллачу тIемийн тIаьхьалонех а лаьцна хеттаршна шен кепара жоьпаш делла Кадыров Рамзана. Кадыров санна Iедалан даржехь боцучу нохчаша муха жоьпаш лур дара те оцу хаттаршна, аьлла, оха телефонехула къамеле кхайкхира Нохчийн къоман Дуьненан Конгрессан куьйгалхо Тепс Дени. Кхин а

Мултимедиа

Видео Австрехь Японхойн кепехь Латархой Iамабо Нохчочо

Иттех шо ду Кёкусинкай кепан латархочо Бисаев Хаважис къоначу автстрихошка шен корматалла дIалуш къахьоьгу. Массех чимпион кхион а ларавелла иза цигахь. Дуккхаъчу къаьмнийн берашлахь бу нохчий а - къентий хилла ца Iаш, зудабераш а.

Тхох лаьцна

мобил: +420724019832
имейл: nc@rferl.org
жоп ло машен: +420221124134
SMS: +79262360465

Тхоьца зIене довла

Суьртан код язъе