ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила Ву Масхадов Аслан?


Оьрсийчоь -- Рыбкин Иван, Кхерамазаллин Кхеташонан секретар а хилла волу, 23оха2007
Оьрсийчоь -- Рыбкин Иван, Кхерамазаллин Кхеташонан секретар а хилла волу, 23оха2007

Оьрсийн лерринчу сервисан векалийн карах нохчийн сепаратистийн лидер Масхадов Аслан кхалхаро карладаьккхина, дукха хенахь дуьйна дийцаре дина хаттар – хIун дакъа лоцуш вара Масхадов, тIамо хIуманна ца мегачу яьккхинчу Нохчийн республикехь? Мила ву иза – нохчийн тIемалойн лидер я, оьрсийн Iедалша чIагI ма-дарра, дуьненаюкъара террорахо?


Масхадов Аслан веро чIогIа дог дохийна, машаран дагадовларш а дина, хIокху дуьнентIехь уггара къиза а, тамашийна а лоручу, Нохчийчура тIаман чаккхе ган луучу нехан. Кремлана иза тахана шайн боккхам толам хетахь а, кхана Iуьйрре, оцу толаман хила тарлучу тIаьхьалоно инзар йоккхур ю Москох, ца моьттург иккхина. Иштта ю, доккхачу декъана, дуьненаюкъарчу политикан хьажархойн а, бакъонаш ларъярхойн а ойланаш. Мила вара Масхадов Аслан бохучу хаттарна, – иза дуьненаюкъара террорахо вара аьлла, къийса йиш йоцчу кепара дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Iедалша. Оьрсийчоьнан Думин спикера Грызлов Бориса дIахьедар дира, Масхадов вер массар а муха тида деза дуьйцуш.

Грызлов: Дуьненаюкъара террорахо хIаллаквар массар а муха тида деза аьлчи, оцу кепара жамIаца, зулам кезиг хир ду аьлла...

Маршо радио:
Кхин берш сих ца ло оцу кепара чIагIо ян. Цхьанне диц ца делла иза 1997 шарахь нохчийн къомо шен президент хаьржина хилла хилар а, Москоха Нохчийчу шолгIа тIом беъча, машарехьа къийсам латточу нохчийн тIемалойн лидер хилла хилар а.
Рыбкин Иван, шен хенахь Оьрсийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан секретар волчу хенахь, Масхадов Асланца дагадовларш дIакхехьна а, цуьнца, Оьрсийнонан агIора берташ бина а ву.
Цунна хетарехь, Нохчийчура дов хIумма а доцчунна тIе а даьккхина, дуьненна хьалха, шаьш машар безарш а болш, ткъа нохчий, хIокху дуьнентIерчу къаьмнашна юкъахь уггар боьха къам санна гайта лууш ю Оьрсийчоь. Оцу Iалашонна тIекхачархьамма дIаваьккхина Оьрсийчоьно, шайга машар кхийдош хилла волу Масхадов.

Масийтта бIешарахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь лаьттачу конфликтехь, вуно хала хаттар къастош, машаран некъ кхийдабора цо


Рыбкин: Оцу моттаргIанийн новкъахь царна дуьхьало еш лаьттара Масхадов. ХIунда аьлча, даиманна цаьрга машаран некъ кхийдош вара иза. Дукха шерашкахь, масийтта бIешарахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь лаьттачу конфликтехь, вуно хала хаттар къастош, машаран некъ кхийдабора цо. Долуш ма ду иза, лачкъалур ма дац иза.

Маршо радио: Эпсарийн кхеташонан гIантда хаьржина хилла Масхадов, тIаьххьара ша гIуллакх деш хиллачу дивизехь. Шен къамелаш хиллачу Масхадовн белхан накъосташгара а, хьакамашкара а цунах лаьцна цхьа вон дош ца хезнера элира Маршо радионе Рыбкин Ивана.

Рыбкин: Дукха хIума гойту цо. Сан белхан декхаршца доьзна хиларе терра, дуккха а цуьнан белхан накъосташца а, инарлашца а, полковникашца а, майорашца а, кхин болчарца а къамелаш хилла сан - церан багара нийсса цхьа вон дош ца хезнера суна Масхадовх лаьцна. Иштта, сан дагахь а висна-кх иза.

Оьрсийчоь Масхадовх террорахо ван гIертаран бахьана

Оьрсийчоь Масхадовх террорахо ван гIертаран бахьана, Оьрсийчоьнна куьйгаллехь болчу ницкъашна, конфликт, ницкъаца бен къасто ца хаар ду.

Дукхах долу хаттарш сиха а, ницкъаца а къасто Iемина бу уьш. ХIара ду-кх, тахана Оьрсийчохь а, Къилбседа Кавказехь а хуьлчун коьрта бахьана


Рыбкин: Тахана Оьрсийчоьнан куьйгалле баьхкина болу нах лерринчу сервисийн а, ницкъаллин стуктурийн а векалш бу. Дукхах долу хаттарш сиха а, доккхачу декъана, ницкъаца а къасто Iемина бу уьш. ХIара ду-кх, тахана Оьрсийчохь а, Къилбседа Кавказехь а хуьлчун коьрта бахьана.

Маршо радио: Масхадов Асланан дакъа шен гергарчарга дIалур дац аьлла, официала дIахьедар дина Оьрсийн Iедалша. Шайн низамашца а догIуш, цхьанне хIун ду а, мила ду а ца хуучу кепара дIавуллур иза элира шинарин дийнахь, оьрсийн инарла прокурора Устинов Владимира.
Мухумаев Мохьмад-Расул – Нохчийчоьнан луларчу ДегIастанара Iилманча а, арабист а ву. Шен хенахь, Кавказан къаьмнийн конфедерацин муфтий лаьттина а ву иза. Иза реза вац, оьрсийн Iедалийн сацамна.

Дуьненчохь дина къинош бахьанехь, веллачул тIаьхьа стагана таIзар дан мегар дац

Мухумаев: Къоран тIехь аьлла ду, дуьненчохь дина къинош бахьанехь, веллачул тIаьхьа, стагана таIзар дан мегар дац, дуьненахь лелачу низамашца. Президент хаьржина стаг вара Масхадов. Къомо хаьржинера иза. ХIинца иза вийна ву. ШарIо ма-хьеххара, дIаволла веза иза.


Маршо радиона ша еллачу цхьана интервьюхь Масхадов Аслана цкъа элира, Нохчийчура тIом шех а, я кхечу тIемалойх а бозуш бац, иза дийнна нохчийн къоман деган лазам бу. Шен метте кхин хIуттур ву, аьлла. Тахана нохчийн къомо шеконе ца дуьллу, Масхадов нохчийн тIемалойн лидер хилла я ца хилла бохург. Сагатдеш дерг, цуьнан меттиг хьан дIалоцур ю бохург ду.

XS
SM
MD
LG