ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Реабилитацин Низам Кхочушдеш Дац


19 шо кхаьчна Оьрсийчоьнан дуьххьарлерчу президента Ельцин Бориса Советан Iедало бакъонаш йохийначу къаьмнашна реабилитаци еш долу низамнана кIел куьг таIийна. Цул тIаьхьа дукха хан яьллехь а, оцу документан, хIара ю аьлла, цхьа а артикл кхочушъеш яц. Коьртачарех яра цигахь, дIадаьхна долу латтанаш юхадерзорах лаьцнарг. И хьал хIинца муха лаьтта дуьйцу Султанов Ахьмада.

СОЬЛЖ-ГIАЛА -- Апрел бутт чекхболуш 1991 шарахь Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхеташоно тIеийцира репрессеш йина хиллачу къаьмнашна реабилитации еш долу низам. Оцу документо массо а агIора меттахIоттора ю бохура, муьлххачу а къомана хьаьшна йолу бакъонаш. Оцу низаман ялхалгIачу артиклана тIехь чIагIдеш ду, къомана еш йолу реабилитацин юкъдаха дезаш ду, цуьнан дозанна юккъера схьадаьккхина долу латта юхадала дезар а. Амма латта юха ца далар совнаха, Сибрех дуохийна къаьмнаш, ур-атталла, къинтIера а ца даьхна Сталинан Iедало. Махкара араваьккхина хиллачу хIора а стагана масех эзар сом делла. Амма, иза, цхьана беран бIаьргах баьллачу хин тIадаман мах а бац.

Ерриг Советан пачхьалкхан хилалчу дозанехь йолчу пачхаьлкхаша а, хIинца Оьрсийчоьнца доза долчу республикаша а шайна тIехь ловш ю, хIета хиллачу къизачу политикан тIаьхьалонаш. Днестр хи йист, Карабах, Пригородный кIошт, Абхази, иштта дIа кхин а. И меттигаш шортта цIий Iаьнна ю, амма тахана а и конфликташ йирзина яц. Я иза хенахь хир ду аьлла а ца хета. Амма цигахь дукха атта, юха а самсаяккха аьтто бу и цIе. КIегаш тIе «хIуп» аьлчахьана тоьа.


Нохчий Сибрех буохийначу дийнахь Аьккхийн кIошт янне а яц аьлла, дIа а яьккхина, цуьнан латта луларчу Дагестанах дIатуьйхира Советан Iедало. ХIиннцалц, иза юхадоьрзур ду аьлла сатийсам хиллехь а, цхьана а тайпа меттахъдаьлла дац и гIуллакх. Цигахь бехачу нохчаша Аьккхийн кIошт юхаметтахIотторан комитет аьлла, юккъараллин организации ю кхоьллина и болх дIакхехьа. Амма царна а ца хаьа, хIоьттинчу гуранал а тIех шаьш кхоссадолуьйтур доцийла. Оцу хьокъехь йолу шен ойла йовзуьйтуш, комитетан декъашхочо Батырсултанов Iаьрбис элира:

-- Ауховский район ю 23 февраля I944 года упразднить йина. Иза, бакъдерг аьлча, вукха закон юкъайогIуш а йоцуш, тIаьхьадаьккхина закон [-на юкъайогIуш ю]. Иза бохам бу-кх бина вайн халкъана а, вайн вукха халкъана, массо халкъашна цхьатерра бен доцуш. Таханлерчу дийнахь и дIахIуттур ю, аьлла, билгалонаш наггахь йолу гуча. ТIаккха юха, цхьа хан яьлча хенахь хIара хир да а дуй те, олий, дага а догIа. ХIунда аьлча, и чекхдаьлла долу I9 шо дукха хан ю, гIуллакх дан лууш хилча Iедал. ТIаккха и хIоттош хилча, Ауховский район, цхьацца дуьйцуш хIумнаш ду, Казбековский районна юкъайогIуш йолу почти ах территори тахана Ленин-Аул, Калинин-Аул а олу цунах, Буржун олу кхин а цхьаъ яра. И юрташ юкъайогIур яц, бохуш, цхьацца юкъабуьйлуш политикаш а бу, даржехь болу нах а бу. Уьш ца ца хуьлуш, юхаметтахIоттор а ца хуьлу цунах. ХIунда аьлча, бохург санна, халкъ ду царна юкъадогIуш. Халкъа а ду царна юкъадогIуш. Цундела, таханлерчу дийнахь беш болх бу, керлачу президентана тIедаха кечбина нах бу. Даламукълахь, тIе а кхаьчна, дийца а дийцина, и билгало яккха езаш ю-кх. Ца хилча, йиш хир йолуш яц. Хилийта езаш ю, хIуъ дина.

Нохчийн латтанаш тIехь дIатарбеллачу, меттигерчу суьйлийн юккъаралла а, латтанаш юхадала деза бохучу хаттарна тIехь екъаелла. Цхьаберш, нохчаша иза дуьтур доцийла а хууш, ХIинжа-гIалина улле дIагIерта. Амма, доккха дакъа оьшуш хилахь лата а кийча ю, латта нохчашна юха ца дерзийта, боху Батырсултанов Iарбис. Амма и хIума тергоне а ца оьцуш, шаьш нохчаша дуй биъна и кIошт шен хьакъдолчу дозане юха ерзор ю аьлла:

-- Казбековски районехь охьахевшина нах дуьхьалбевла Iаш бу. ТIаккха цара лелош долу, дуьйцуш долу хIумнаш уьш поддержать деш Iаш чиновникаш а бу. Церан агIора хуьлу-кх уьш. Церан позици ишта ю.


Аьккхийн кIошт мацца ерзахь а, Нохчийчу йоьрзург хиларна шеко яц тергамхойн. Дагестанерачу къоманна нохчашца эзарнаш шерашкахь цхьана историца йоьзна уьйраш а йолуш, кхета хира бу цунах.

ГIалгIайн дозанехь а, гIалгIай бохийиначул тIаьхьа, хIирашна дIаелла йолу Пригородни кIошт йоьрзур ю бохург а, доккхачу хаттарца дуьйцу дукхах болчу политикан тергамхоша. Реабилитацин хьокъехь долу низам тIеэцна шо а далале, оцу меттехь тIеман конфликт иккхира гIалгIашний, хIиришний юкъахь. Латтанна ша мел йолу бакъо йолу агIо ийшира. Шина а агIора бIеннаш нах а байира. Оцу конфликтан тIаьхьалонаш ерзорхьо Iалашонца бохуш, тоннашкахь, макулатурина бен кхин пайденна доцу кехаташ дайира гIалгIайн а, хIирийн а Iедалша тайпа-тайпана берташ а, дийцарш а деш. Амма тахана а и ситуации, шайгахьа яц бохуш Маршо радиога дийцира гIалгIайн политикан тергамхо волчу Чапанов Вахас:

-- Закон принять дина хилча, Пригородни район юха схьаяла езий? Шен хазалла, бахам а, цIенош а - дукха хIума ма ду цу юьккъе доьдуш. Далла хууш ду-кх: принять дар бен, цхьа а изменени йолуш хIума дац-кх.

И ситуации ишшта хIунда лаьтта йо а, латтанаш, долчунна дIа хIунда ца ло а, шена хетарехь, ишшта билгаладаьккхира Чапанов Вахас:

-- Путин президент[аллех] йисте волуш хенахь, цуьнан срок президентски йисте йолуш хенахь, телемост дара цуьнан полностью по всей стране. Нагахь вай границаш хье йой, Росси юхур ю. Цунах ишта хета суна. ГIалгIашна хьалой, тIаккха суьйлашна хьалой, тIаккха Нохчийн Аккински район ма юй лаьтташ. Кабарда ю, Грузи ю. Схьахетарехь, соьга хаьттича, хьокху тайпа хIара дIадоьдий, духур долуш ду хIара Iедал. Нахана шайн мохк-м беза.

Дерриг дуьнено а, шаьш а емалъйина харцонаш дIаяха сихлуш яц тахана Советан Iедалан мел долу декхаран а, бакъонан а дукъ шена тIелаьцна йолу Оьрсийчоь. Пачхьалкх ца йохар маьIне хета, амма шай мохк а, шай латта а дезар къилахь а, низамехь доцу а хIума хетачу хьоле хIиттийна, бакъо меттахIотторе сатуьйсуш долу къаьмнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG