ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Девзаш Доцчу Хьелашкахь Вийна Ву Масхадов Аслан.


Нохчийчоь -- Масхадов Аслан
Нохчийчоь -- Масхадов Аслан

2005-чу 8-чу мартехь оьрсийн хаамийн гирсаша хаам бира, нохчийн тIемалойн лидер Масхадов Аслан вийна аьлла. Иза верах лаьцна дикка хууш дац хIинца а. Цхьана версица, оьрсийн официала экспертизо тIечIагдина а ду иза – Масхадован дехарца, цуьнан гIаролхочо герз тоьхна вийна иза. Вукху версица, иза лекъаш хиллачу тоьли чу кхиссина гранаташ лилхича велла. Иштта, дуьйцуш ду, 6-гIа март тIекхачале вен а вийна, Масхадов Девкур-эвла валийнера бохуш.

ПРАХIА 1997-чу шарахь Нохчийчоьнан президент хаьржина волу, Советан пачхьалкхан эскарехь полковник хилла Масхадов Аслан, нохчийн тIемалошна куьйгалла деш вара, 1999-чу шарахь Москоха Нохчий республике шолгIа а оьрсийн эскарш чудалийчхьана дуьйна. 14-чу январехь, ша виэле масийтта кIира хьалха, беттан машар кхайкхийнера Масхадовс. Дуккхаза а Москохе машаран куьг кховдийначу нохчийн лидера, ша Маршо радиона еллачу тIаьххьарчу интервьюхь элира:

-- Цу вай мостагIийн, церан куьйгалхойн, церан инарлийн бIаьргаш церан белахь, бIаьргаш церна схьабелла кху Нохчийчохь тахана хIоьттина сурт царна ма-гарра а дац иза, ца ма-дийццара а дац. Царна, церан политикашна, церан куьйгалхошна и гуш дац. ХIунда аьлча, кху чура спецслужбаш а, кху чура инарлаш а, тIаккха, кху чохь цара хIиттийна национал-предательша, цара президенте бакъдерг дуьйцур дац. Цара цунна товриг дуьйцур ду. Цунна хаза луург.

Оьрсаша машаран некъ тIе ца лацаран бахьана, тIом сецначул тIаьхьа хила тарлучу кхелах кхоьруш ду оьрсийн Iедалш элира Масхадовс:

-- Цхьа а шеко йоцуш и тIом сацон безар буй а, цу тIамах шайна болуш пайда боций а, и тIом кхин а тIаьхьатетта церан аьтто боций а оцу гIазакхашна шайна гуш ду. Делахь а ца сацабо-кха цара и тIом. ТIаккха хIун бахьана хила мега цуьнан? Цуьнана бахьана, суна хетарехь, цхьаъ ду. ХIокху чохь гIазакхаша бина тIом, тера-мера тIом бац. Дукха чIогIа къиза тIом бу. Уггар хьалха и къизалла цара мискачу нахана тIехь латтийна. ТIаккха, къиза стаг, иза осала хуьлуш ву. Цундела, кху чохь динчунах шайга жоп доьхур дуй хууш, юхагIерта хир бу уьш. Кхин бахьана – цхьа тайпа я политически хьал я, военни хьал а, экономически хьал а – цхьа а тайпа церан аьтто болуш хIума дац иза.


Конфликт ерзош дан дезачу дагадовларшкахь дийца оьшург, коьрта ши хаттар ду бохура Масхадовс – Кремло нохчийн къомана яла еза кхерамазалла а, ткъа нохчаша, Къилбседа Кавказера Оьрсийн Iедалан хьашташна ларам гайтар а.

Ша а, оьрсийн президент а юьхь-дуьххьала цхьанакхеттача, иза кхетар вара, Нохчийчура хьал, цуьнан инарлаша ма-дийццара доцийла. ТIом сацо нийсса ах сахьт тоьраг хиларх тешна вара Масхадов. Оьрсийн ДУМехь арахьарчу гIуллакхийн комитетан гIентда волчу Косачев Константина элира Москох, стохка 10-чу февралехь журналисташна хьалха вистхуьлуш, нохчийн агIонца долу дагадовларш – дIадаьлла хIума ду. Хаси-юртахь машаран барт чIагIбича цунна цхьа шанс еллера аьлла. Цкъа иза ларбан ца хиинчу стагца, кхин цкъа а данадовларш дар, эрна хIума ду элира Косачевс. Амма, тIечIагIбина боцчу хаамашца, Масхадовс кховдийначу машаран гIулчах, иза верхьамма, пайда эцна оьрсаша. Масхадован метта хIоьттинчу Садулаев Iабдул-Хьалима элира стохка гурахь, дагадовларх чIогIа тешачу Масхадовна тешнабехк бина Москоха аьлла.


ХIокху шеран шен хьалхарчу номер тIехь, Новое времяс хааме дехира Масхадован уллерчу веа стеган цхьаннен адвокатан дешнаш, Масхадовс кховдийна болу машаран некъ тIеоьцу кеп йина, юкъарло лело, Швейцарера дипломат Гульдиман Тим а хьаржина шаьш аьлла, оьрсийн Iедалан векалша Масхадов тешийна хиларх лаьцна. Гульдиман – 1995-чу а, 1996-чу а шерашкахь Европан Кхерамазаллин а Цхьанабелхан а Организацин Соьлжа-гIалахь хиллачу миссина куьйгалла дина ву. Ткъа нохчийн тIемалойн лидер, оцу ойланна тIе а тайна, Эвтарар Дойкур эвла воьдуш хилла, оцу адвоката дийцарехь. Гулдиманца мобилан телефонехула цо дечу къамелашца, иза волу меттиг хиина оьрсийн къайлахчу сервисана. Амма и дешнаш, тIечIагIдина дац. Ша Гульдиман Тима керстадира уьш, Маршо радионо шега оцу хьокъехь хаттар дича.


Иштта, Масхадов верца юьйхира, тIаьххьара, дагадовларшкахь тIом берзо хилла догйовхо.

Цуьнан метта веана Садулаев Iабдул-Хьалим. 2002-чу шеран августехь Нохчийн Дуьхьалонан Комитето иза къастийнера, Масхадовца цхьаъ хилахь, иза цуьнан метта хIуттур ву аьлла. Амма, шен хеннахь хааме баьккхина бацара и хаам.

Стохка шолгIачу майхь Садулаевс масийтта декрет арахийцира Малхбузе фронт ворхI декъе йоькъуш - ГIалгIайчоь, Къилбседа-ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Ставропол кIошт, Кхарачой-Чергазийчоь, Адыгей а Краснодар а. Царна буьйранчаш а къастийра. Цо ишта билгалбехира, малхбален фронтан деа декъан буьйранчаш – Гуьмсан а, Устради-эвлан а, Курчалойн а, Соьлжа-гIалин а. Гуш ма-хиллара, Нохчйчохь хуьлуш долу шуьйрра тIеман тасадаларш лагIделла тIаьхьарчу хенахь. Ткъа Къилбседа Кавказера хьал, чолхе долуш догIуш ду. Нохчийн дуьхьалона ницкъаш бечу тIеман кеп а хийцаелла.

ДIадаханчу шарахь ноябрехь Садулаевс элира, шаьш Москохе кхин машаран некъ кхийдор бац. Кавказ, оьрсийн салтийн эткех паргIат яллалц, къийсалур ду шаьш аьлла.

Террораца къийсам латторца доьзначу низамана тIе тевжина, стохка вийначу нохчийн тIемалойн лидеран Масхадов Асланан дакъа, цуьнан доьзале дIадолла дIа ца делла оьрсийн Iедалша, дуккха а бевзаш болчу адамийн бакъонашалръяхоша а цхьана дехнашшехь. Ткъа, иза вуьчу дийнахь цунна уллера накъост хилла, 15 шо хан кхайкхийна чувоьллина хилла Мурдашев ВахIид Чернокозово олучу набахтера тIепаза вайна. Европан Кхеташонехь адамийн бакъонийн комитетан комиссар Хиль Роблес Альвароца, оццу Чернокозовехь, 25-чу феврлаехь къамел хиллачул тIаьхьа, 2-чу февралехь вайна Мурдашев. Дийцарехь, Масхадов верах лаьцна дийцина цо комиссаре Хиль Роблесе.

ХIокху чохь гIазакхаша бина тIом, тера-мера тIом бац. Дукха чIогIа къиза тIом бу. Цундела шайга жоп доьхур дуй хууш, юхагIерта хир бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG