ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оздоева Милана: Байначу Кегий Зударех Цхьаъ


Нохчийчоь -- Наной шайн дIадигина бераш дIадоьхуш, 30-08-2010
Нохчийчоь -- Наной шайн дIадигина бераш дIадоьхуш, 30-08-2010

2006-чу шеран 7-чу октябрехь йийна йолу "Новая газетин" журналист Политковская Анна дуьненна а евзаш яра. Дукха хьолахь цо Нохчийчохь боьдучу къизачу тIамах лаьцна яздарца а, дийцарца а. Цхьаннен баланех лаьцна артикл язъйина IадIачарех яцара. Нохчийчура бахархойн йоккха накъост яра иза. Оцу нехан бала, шениг санна тIе а оьций, лелара. Цо иза даггара деш хиларх цхьаннан а шеко яцара. Ша ялале иза кхиира цхьаболчарна гIо дан. Вуьйш, цо долийна гIуллакхаш чекхдаха гIерташ, тахана а кхелашкахь къуьйсуш бу. Кхинберш, лар а йоцуш, тIепаза байна.


Диъ шо дузуш лаьтта, Нохчийчоьнан Малхбузехьа Iуьллучу Котар-юрт йистехь, чу ладарш оьхучу хIусамехь деха Дубас Люба а, цуьнан цIийнда Магомадов Бислан а, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха дIайигина шайн йоI цIа ца йогIу те бохуш, ладоьгIуш Iа. 2004-чу шеран 19-чу январехь буьйсанна юккъахь баьхкинчу, герзах боьттинчу наха кечло аьлла омар динера, набарха ялаза йолчу Миланина бохуш, дагалоьцу цуьнан нанас Дубас Любас.

Дубас Люба: "Чоьнаш стенгахь ю царна чIогIа дика хаьара. Чухула а, уьйтIахула а баьржина бара уьш. Сан цIийнда тоьпан мукъ тоьхна, охьа виллира. Лаьтта охьа а бийшина, сан кIант а, цIийнда а, тIе герзаш лецира. Миланега элира, хьайна тIе хIума юха аьлла. Иза елха йолаелира... ЧIогIа аса гIо даре сатуьйсуш яра иза... ХIинца а цуьнан бIаьргаш дуьхьала лаьтта суна... Сан карахь хIун дара? Аса хIун дийр дара? Цара соьга хьо меттахъялахь, юйьр ю элира... "

Исс бутт кхаьчна, вакхош волу кIант шеца схьаэца йоьлча, тIе а чевхина, охьавиллийтира Миланега герзахоша. Iуьйранна цхьайтта даьлча иза цIайоуьйтур ю элира "туьтмаьжгаша", шаьш дIайоьлхуш. Амма, цул тIаьхьа кхо шой итт бутт баьлла. Амма, шен йоI йолу меттиг а ца хаьа шена боху Миланин нанас.

Дубас: "ХIора буса неIарш йиллина йитара аса, иза цIаяре сатуьйсуш. Цо неI тохахь, ца хазарна кхоьруш. Оцу хенахь дуьйна лозу дог туьйш дац сан. И кехаташ кхоьхьуйту аса, иза карорах догдохуш. ХIокху берийн дуьхьа мукъане а. ХIара ши бер дан кхиар бен, кхин хIумма дан а ма ца кхиина иза. ДIаюьгуш ткъе цхьа шо бен ма дацара цуьнан. ХIун дан кхуьур яра иза хIокху дуьненчохь?"

Оздоева Миланин шиъ бер дисина. Ненадас-ненанас кхобуш ю ворхIалгIа шо долу йоI Аминий, диъ шо кхаьчна кIант Мохьмаддий. Кхин долу иттаннаш эзарнаш бераш санна, Нохчийчохь бижа ца туьгучу тIамо чомахь дешарх ца кхетийтина Милана а. ЦхьайттолгIачу классехь цIахь сецна, дукха ца Iаш, Сипсо-гIалара гIалгIачуьнга Оздоев Батыре маре яхара.

Оцу шерашкахь къизаллица оьрсийн эскархоша республикехь тIетаьIIина дIахьуш яра "зачисткаш" олу леррина операцеш. Шайн чуьра схьа а луьйцуш, дIабигара кегий нах. Цул тIаьхьа эвла йистошкахь охьакхиссина карадора церан эрча даьхна я лелхийтина декъий. Лар йоцуш, тIепаза байначеран могIаре язбора, докъаза байнарш.

И шиъ цхьана даха доладелла дукха хан ялале, нохчийн тIемалойн тобанех кхийтира цуьнан цIийнда. Ши эзар кхоалгIачу шеран гурахь, иза вийна цIавалийра. Тезет чекх ма даьлла, карахь ши бер а долуш, Милана шен децIа йирзира. Иттех де а далале церан керта къайлахчу сервисан эскархой баьхкира.

Дубас: "Иза цIаеанчул тIаьхьа кIира даьлла хир дара, уьш паспорташ талла баьхкича. 2003-чу шеран декабр бутт бара иза. Царца веана и Евсеев Михаил а вара. УьйтIахула буьйла а белла, массанхьа бIаьрг туьйхира цара - стенгахь хIун ду хьоьжуш. Балхара чуйогIуш, сайна уьш гича, шун кхузахь хIун деш ду, аьлла, аса хаьттича, паспортан раж толлуш ду шаьш, элира цара. ТIаккха сайчуьнга а хIунда ца хьовсу шу аьлча, бист ца хилира. Суна оцу хенахь хиънехьара, уьш уьйтIенан план йоккхуш хиллийла."

Оцу хенахь дуьйна церан неIар тIе эха волавеллера Мартан-кIоштахь ФСБехь болх беш хилла волу Евсеев Михаила. Къайлах белхахочо яла а, йола а ца йитара жима зуда - тхуна хаьа, хьо майрачух бекхам беш, шахIид хила лууш юйла, бохуш. Кегий берашца лараяла гIертачу зудчуьн дагахь данне а дацара иза.

Дубас: "Иза дацара. Иштта ойланаш сан йоьIан яцара. Цо ша жима ю алара, шена кхин цкъа а маре яха лаьа. Со уллехь йолуш элира иза цуьнга сан йоьIа. Амма, хьуна иза дан лаьа, хьо иза дан гIерта бохуш, цуьнан коьрта чу дилла гIертара иза. "ХIа-хIа, аса цкъа а дийр дац ишттаниг. Со ненан цхьаъ бен яц. Цуьнан могашалла дика яц. Сан иштта ойланаш яц хьуна. Сан кегий бераш ду, со кхин а яха езаш ю. Оцу Евсеев Михаила юьтуш яцар-кха иза."

Ши эзар шолгIачу шарахь Бараев Мовсар куьйгаллехь хиллачу тIемалойн тобано Москох театр закъалтана лаьцначхьана дуьйна, Нохчийчохь цIеххьаша лакхаделира, зудабераш а, зударий а лечкъор а, байар а. Норд-осте яханчу тIемалойн тобанехь масех жима зуда а яра, шаьш тIемалойх дисина ду бохуш.

Уьш, хууш ма-хиллара, театр чу хецначу дIаьвшан газо кхетам чура баьххначехь, коьртах герз детташ, байина оьрсийн лерринчу ницкъаша. И зударий муьлаш бара? ХIун Iалашо яра церан? Оцу театре лааме я, лаамза кхаьчнера? Уьш а, кхин а дуккха хаттарш жоп доцуш дисина. Дийна шайн карабаьхкинчу тIемалошна а, оцу зударшна а тIехь йиллина кхел хIунда ца йира боху хаттар а чIогIа товш дац таханлерчу оьрсийн Iедалшна.

Иштта ФСБ-н лерринчу тидам кIел нисбелира, Оздоева Милана санна, бисина зударий. Арахьарчу пачхьалкхашка бовда ца кхиънарш, ФСБ-но вовшахтоьхначу дехха цIейозанца а дустуш, къайлах дIабахара. Стенна тIехь бара церан бехк? ХIун бехк бара Миланин а? Цунах лаьцна аьлча, шайн цIераш яха ца луучу наха дийцарехь, Ичкерин президент хиллачу Масхадов Асланан аудио а, видео а къамелаш дIасалелочу зударех ю иза. Дукха хьолахь дуьненца уьйр оцу кассеташкахула латтайора Масхадовс.

Миланас уьш дIасакхехьарна догIуш таIзар делахь, кхел ей, цунна хан тоха боху цуьнан нанас. Ша цунна тIаьхьаоьхур ю, и йолу меттиг йийцахь. Берийн хIун бехк бу – ца кхета, Котар-юртан администрацера хьесапдархо Дубас Люба. Цунна догIучу алапех -- диъ эзар соьмех -- бехаш бу церан бархI стагах лаьтта доьзал. Божаршна Нохчийчохь бан белхаш бац. Дубаса дийцарехь, шайн долчух тоам бо цара.

Дубас: "Иштта Iаш-м ду тхо. ЯахIума юй тахана? Дика ду. Берашна тIеюха а ю. ЙоIа хьалхара класс чекхъяьккхина, шолгIачу классе яхана. ЧIогIа дика доьшуш ю. КIентан диъ шо кхаьчна – Милана йоцу кхо шой итт бутт бу - цунна шен нана дага ца йогIу. Со сайн ма-хуьллу цуьнан шен жима нана юйла хаьийта гIерта. Миланин сурташ гойту цунна."

Милана шен жимачу берашна тIекхачийта дукха хIума лур долуш яра цуьнан нана. Оьрсийн президенте, оьрсийн инарлийн прокуроре, халкъан векалшка – Нохчийчура а, Оьрсийчура а -- тIеман прокуратурашка а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а кехаташ кхехьийтина цо, дехарш деш.

Дубас: "Оьрсийн Федерацехь цхьаъ лакхара Iедалан векал ца витина аса кехаташ ца яздеш. ХIоранга яздина аса, иза лаха а лахий, шен берашна юхаяийтахьара аьлла. Соьга доуьйтуш долу жоьпаш иштта ду - тхо болх беш ду, лохуш ду, ладоьгIуш Iие. Хьайн мел долу хаттарш, хьо ехачу меттигерчу, ТIехьа-Мартан кIоштан прокуратурехь хатта аьлла."

Iедалша хьажочу меттиге иза яхча гуттар хуьлург къорачуьнний, мотт ца хуучуьнний къамел ду. ФСБ-н векална Евсеев Михаилана шен йоIах хилларг хууш хиларх тешна ю иза. Евсеевс шина шарахь болх бина ТIехьа Мартан-тIехь. Оцу шина шарахь, "муьлха ю ца хуучу ницкъаллийн структураш" даиман кегий нах лечкъабора Котар-юртара, бохуш, дийцира цо Маршо радиога. Оцу цхьана юртара лар йоцуш вайна ткъе цхьа стаг. Иза дIаваханчул тIаьхьа, цхьа стаг бен ца вигина. Оцу стагана тIекхача шен ницкъ бац. Ткъа Iедалш хIумма а дийр долуш дац, бохуш, латкъамаш бо Любас.

Дубас: "И стаг кхуза белхан гIуллакхе веана вара. Хан чекх ма еллина, иза дIавахана. Аса иштта яздинера, ТIехьа-мартан кIоштан ФСБен декъан куьйгалхочух лаьцна хоьттуш - иза оцу даржехь волуш лачкъийна ю сан йоI аьлла. Оцу организацино суна даийтинчу жоьпан тIехь аьлла ду, и цIе йолу белхахо вац шайн аьлла. Ткъа, Евсеев Михаил хилла хилар цхьаммо а керста ца до. Тхан кIоштахь долчу сийлаллин у тIе тоьхна ву иза, дика белхахо санна. Цундела, иштта стаг волуш ву."

Оздоева Милана "туьтмIаьжгаша" дIайигарх лаьцна масех шо хьалха Политковская Аннас артикл зорбане яьккхинчул тIаьхьа, Миланин ден-ненан керта масех бакъонашларъяран а, гIо-накъосталлин а организацин векалш баьхкира. Шаьш гIо лоцур ду а аьллера иза лохуш. Амма, журналист йийначул тIаьхьа, церан неIар тIе цхьа а ца хIоьттина. Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле яла дагахь-м яц хьо, аьлла, Маршо радионо хаьттича, хIинца ер ю ша, элира Дубас Любас.

(ХIара программа дуьххьара эфирехь хазийтина 2007-чу шарахь ГIадужу беттан 7-чу дийнахь, Политковская Анна йийна шо кхачар билгалдоккхуш)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG