ТIекхочийла долу линкаш

Лакхарчу Дешаран Хьукхматийн Духаран Кеп


Нохчийн пачхьалкхан университетана чудоьлхуш, тIоьрмигаш чура схьа а ийзош, коьрта "бордо" басахь, "ЧГУ" йоза тIехь долу йовлакхаш а тохкуш чудоьлху, цигахь доьшуш долу зудабераш. Кегий нах, коча галстукаш оьхкина бу. Дешаран институтана уллехь а ду изза сурт – ЧГПИ – элпаш тIехь долу, сийна йовлакхаш тохкуш ду, студенташ-зудабераш. Кегий нах – хьалха галстукаш кхозуш бу. Иштта куц-кеп лелор царна тIедиллина, меттигерчу Iедалша.

Нохчийн пачхьалкхан университетана чудоьлхуш, тIоьрмигаш чура схьа а ийзош, коьрта "бордо" басахь, "ЧГУ" йоза тIехь долу йовлакхаш а тохкуш чудоьлху, цигахь доьшуш долу зудабераш. Кегий нах, коча галстукаш оьхкина бу. Дешаран институтана уллехь а ду изза сурт – ЧГПИ – элпаш тIехь долу, сийна йовлакхаш тохкуш ду, студенташ-зудабераш. Кегий нах – хьалха галстукаш кхозуш бу. Иштта куц-кеп лелор царна тIедиллина, меттигерчу Iедалша.

Университетан а, институтан а йовлакхаш, меттигерчу хIума тегархоша тегна ду, студенташа чIагIдарехь – бен-башха а доцуш. ХIетте а, царах а, шиш бIе, ткъе итт-итт сом дала дезна зудаберийн, оцу йовлакхех бохуш дуьйцу, Нохчийчура йозуш йоцчу журналисто Лайлаа:

Лайлаъ: Студентийн – зудаберийн стипенди тIера йовлакхех ахчанаш совциний хаьа суна. Уьш мерах хьокхучу йовлакхел жимма даккхийруо ду. Цкъа маьIиг чу а хьарчайой, коьрта туьллуш ду иза. Кхин цхьа хIума а ду дуьйцуш, кеста керла духар а юкъадоккхур ду бохуш. Цунах а ахча сацор долуш ду. Бакъдерг дийцича, со университете яхана йолуш, со йоккхаееш яра, со цигахь дешна яьлла хиларх. Цхьа беламе хета суна, зудабераш цхьатерра и "бордо" йовлакхаш техкина лелаш. Дешаран институтан зудабераша лелош сийна басахь йовлакхаш ду, цхьана маьIиг тIехь институтан билгало йолуш. Маьхкадаьттан институтехь доьшучу зудаберийн кIайн йовлакх ду, тIехьа маькхадаьттан бIов йолуш.

Маьхкадаьттан институто шен зудаберашка йовлакхийн масех бос къастабойту. Цул сов, уьш москохарчу ательехь тегийтина а, мехаза кхаьчна а ду царна.

Маьхкадаьттан институтехь доьшуш волу студент Мохьмад, институтан галстукца а, пхьушаш доцчу хIуманца а бигалваьлла ву. Шаьш долчехь доьшучу божаберашна къастийна духар ду иза бохуш дийцира цо Маршо радиога.

Дешаран институтан зудабераша лелош сийна басахь йовлакхаш ду, цхьана маьIиг тIехь институтан билгало йолуш. Маьхкадаьттан институтехь доьшучу зудаберийн кIайн йовлакх ду, тIехьа маькхадаьттан бIов йолуш.

Мохьмад: Тхуна схьаелларг галстуккий, цхьа пхьуйшаш доцу «джемпер» а олу-кха цунах, иза а ю. Оха Iаьн тIехь дуьйна лелош а ю. Кхо-биъ бу-кха оха иза цара схьа а елла, лелош йолу. Тхоьгара цунах я ахча а ца даьккхира. Юкъаяккхале дара дуьйцуш 3-4 бIаь туьма доьхий, ши бIа туьма доьхий, бохуш. Я стипендина тIера сацор ду бохуш дийцира цхьана баттана делахь я шина баттана делахь. Стипенди доцчара ахча лур ду бохуш хIума а дара дуьйцуш. Юха уьш схьаяла цхьа кIира диссинчу хенахь кураторшца къамел хилча цара элира, шаьш министерство образования (Дешаран министралле) кехат дахьийтина ахча а ца луш, бесплатно (мехаза) ло аьлла. Ахча а ца луш нисъелир-кха тхуна уьш.

Студентийн духарна тIехьовсуш, неIаршкахь лаьтташ бу гIаролхой бу. Кхин а дIагайта деза студентийн билет а, зачетка а.

Мохьмад: И ши хIума ца хилча чу а ца вуьту занятешка (деша). И ши хIума лело езаш а ю. Костом а, по желанию (шен лаамца) шен йолчо лелайо, эца ахча долчуо. ХIора корпусехь лаьтташ кхо-виъ охранник (гIаролхо) ву. Хьуна тIехь и духар хилча а, хьоьгахь студенчески (студентийн документ) дацахь чу а ца вуьту цара. ТIаккха кхин цхьа хIума а юкъайоккхур ю боху. Студент чу маца веана, ара маца ваьлла хуур долуш. Иза а дийр ду бохуш хIума ду-кха дуьйцуш.

Iилма Iаморна а, говзаллаш лакхаяхарна а тIехьовсийна гIулчаш яхарна метта, Iедалш а, лакхарчу доьшийлийн хьаькамаш а шайн куц-кепана тIехьовсарна реза бац студенташ. Протест еш, масала, галстук, кучаца а ца юхуш, муьлххачу а бедарна тIе а уллий богIу, цхаьболу кегий нах.

Мохьмад: Реза болуш дукха а бац, бакъдерг дийцича. Ахьа и духар тIедоьхчи а... духарца ма даций и... Iамо воьдуш хьо духарца мухха хилчи а, Iамо воьдуш ма вуй хьо. Духарна реза боцуш дукха бу цигахь, бакъдерг дийцича. Шена луъчуо лелайо иза, ца луъчуо лела а ца йо. Лелаяхь, эцца, кисана а юьллий, схьаяха. Чоьхьаволучу хенахь тIеюху, дIавоьдучу хенахь дIайоккху. Йовлакхца а изза ду. Пхьуйшаш доцург-м... ца лелийчи а... коч а, кучаца галстук хуьлу. Я кисана а юьллий, схьайохьу. Иштта лелош ю-кха иза. Шаьш, чоьхьадовлучу хенахь тIеюху, арадовлучу хенахь дIайоккху, цIадоьлхучу хенахь. Лелочуо лелош ян ма яй уьш цигахь. Галстук тIеюхарх, галдолуш хIумма а дац. Просто (ма-дарра аьлча) цхьаболчара водолазкина а, кхечу хIуманна иза тIехула йоьхча, товш ца хуьлу иза. Кучаца йоьхчи-м, йогIуш а ю иза. Водолазкина тIехула а юхий, цу тIе пхьуьйшаш доцург юхий а хуьлу. Охранникаша (гIаролхоша) а чувуьту, аьтто хирг хир бац-кха хIокхеран олий, чувуьту хир ву-кха цара а.

Нохчийчура йозуш йоцчу журналистана Лайлаъана хетарехь, хIора а стеган бакъо ю, шена товш йолу бедар лелон.

Реза болуш дукха а бац, бакъдерг дийцича. Ахьа и духар тIедоьхчи а... духарца ма даций и... Шена луъчуо лелайо иза, ца луъчуо лела а ца йо. Лелаяхь, эцца, кисана а юьллий, схьаяха. Йовлакхца а изза ду.

Лайлаъ: ХIора стага а шена хеттачу кепара духар лело деза аьлла хета суна. И рокер велахь, зIенаш оьхкина лелийтахь. Иза цуьнан бакъо ма ю. ЙоIана, масала, ша бусулба а ю, йовлакх лело лаьа шена аьлла, иза лелош делахь - иза а дика ду. Цуьнан бакъо ю иза. Амма, пачхьалкхан хьукхматашкахь йовлакх лелор тIедиллар суна нийса ца хета. Цул сов, чам боцуш а ду, цхьана кепара товш а дац. Советан заманахь лелайора и цхьатерра, чам боцу хIуманаш. Суна дош ца хета, масала, белхан а, социалан а министраллин белхахоша-зударша сийна костом йоьхна, цхьатерра сийна йовлакхаш техкина лелар. Озуочуьнгахь-м тА а тов иза, жимма, стоммуо йолчуьнгахь ма ца тов иза.

ХIинций дуьйна, Нохчийчура кхечу министраллашкахь а юкъадакха тарлуш ду цхьа духар.

Лайлаъ: Цхьайолчу министраллашкахь цхьатерра духар лелор юкъадоккхуш ду. Амма, йовлакхаш лелор тIедиллина ду. Делахь а, дукхах берш, хьарча а дой, дуткъа йовлакх а туьллий, кIелхьара бовла цунах. Цхьаъ коьртахь хилчхьана олий. Со карарчу хенахь Зорбан ЦIийнахь ю. Дукхах болу зударий и дуткъа йовлакхаш техкина бу.

Зорбан ЦIийне йоьдуш, коьрта йовлакх тилла дезнера Лайлаан а. НеIар тIехь варе деш яздина йоза дара.

Лайла: ХIокху Зорбан ЦIийнан хьалхха дIатоьхна кехат ду - "Хьоме зударий! Нохчийн къоман гIиллакхаш а, оьздангалла а ларъярна тIедоьгIна, дехар ду, Зорбан ЦIийна коьртахь йовлакх долуш бен ца дахкар". Цхьа неI а йиллина, хьо чоьхьаваьлча кхин цхьа неI ю. Цу тIехь ду кхин цхьа йоза - КоьртаIуьйрачу зударшна чубахкар, дихкина ду. И неI а йиллина хьо эххаре чукхаьччи, гIаролхой бу хевшина Iаш. Хьан коьртахь хIума яцахь, цара хоьга олу, масала иштта: - "ХIей, схьаерзахь. Хьо мича еана хаьий хьуна? Хьан йовлакх мичахь ду?" Со йозуш йоцу журналист ю, интервью эца хIокху чу йогIуш ю со, амма, коьрта Iуьйра кху чу со юьтур яц.

Ма-дарра аьлчи, коьртахь йовлакх тилла дуьхьала бац я студенташ а, я кхин болу зударий а. Иза а, кхин дерг а, даго къобалдеш хила деза боху цара. Цул сов, уьш ца кхета, пачхьалкхан маьIне гIуллакхаш охьа а тесна, Iедал куц-кепана цунна тIе хIунда дирзина. Бакъду, шайна хетарг майрра дIаала маьрша ца хета царна.

Кхин цхьа хIума а ду. Нохчийн республика оьрсийн федерацин субъект лоруш ю. Муьлххачу а тIегIанехь, оьрсийн Конституцица богIуш боцу хийцамаш бар, магош хIума дац.

Я ду? И хаттар делира Маршо радионо Москох туп тоьхначу оьрсийн дешаран министралле. Министраллехь шайна ца хаьа Нохчийчохь студентийн духарца боьзна хийцамаш бинийла. Иза бакъонашца мел догIу шаьш толлур ду аьлла, юха а и толлуш, дийнна де дайира министралло. Пограма эфире йолуш а, оьрсийн дешаран министралла кийча яцара цунна жоп дала.

ХIара материал 2008 шарахь Зазадоккхучу (март) беттан I8-чу дийнахь эфирехь хилла. Аудио-версица

http://www.rferl.org/howtolisten/CA/200803I8/ondemand.html

XS
SM
MD
LG