ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Духарна тIехьожуш ю гIажарийн полици


ГIажарийчоь -- духар нийса лелорна тIехьажа араяьккхина гIажарийн полици варе деш ю зударшна церан духар а, месаш а муха хила еза бохуш.
ГIажарийчоь -- духар нийса лелорна тIехьажа араяьккхина гIажарийн полици варе деш ю зударшна церан духар а, месаш а муха хила еза бохуш.

ГIажарийн полицино дIахьедар дина ша социалан коррупцица къийсам латтон дагахь ю аьлла. Къаьсттина, исламо боху духар ца лелочу зударшна дуьхьала. Оццу хенахь, гIажарийн зударий бу, исламан духаран кодекс йохочу зударшна дуьхьала протесташ еш.

18-чу а, 19-чу а апрелехь бIе хиллал гIажарийн зуда вовшахкхеттера мехкан парламентана хаьлха, зударийн духаран кодекс йохочарна шаьш реза ца хилар гайта. Уьш латкъамаш беш бара, гIажарийн юкъараллехь исламо хьоьху духар ца лелар шуьйра даьржаш хиларна. Коррупци а, сийдоцуш лелар а даржош болчу нахана тIе бехкаш дохкуш бара уьш. И протесташ хилира ТехIранерчу полицин куьйгалхочо, дино хьоьху низамаш ца лоруш болчарца къийсам латтор болуш бу аьлла, дIахьедар дича. Ур-аттала, оьзда тIе хIума йоьхна боцу зударий дIасабигинчу таксисташна а таIзар дийр ду элира цо.

Схьагарехь, и гIулчаш, къаьсттина, кегийчу нахах хьакхалуш хир ю. Аьхкенан довха денош тIекхачале дIакхайкхийна ю, духаран кодексаца йоьзна ойла.

Амма, ТехIранерчу цхьа жимчу стагана, Акбарана хетарехь, Iедало йоккхуш йолу и гIулч, цхьа а пайда болуш хир яц.

Акбар: Iедал мосузза хийцало, тхо жоьпаллехь ду олий, кегийчу нахана бечу тIеIаткъамна тIера долало. Хаттамин Iедал куьйгалле деъча иза а доладелира кегийрахошна тIеткъам барна тIера. Амма, тIаьхьуо, паргIато еара. Кегий нах, ша ма-луъу, лелара. Изза ду тахана а. ТIаьхьуо маьршо хир ю.

Полицин куьйгалхочо Талаэйс элира, керлачу планашца а догIуш, 50 керла полицин тоба хир ю – шайна юкъахь зударий а болуш – исламо магош йолу коч юхарна тIехьожуш.

Цо варе дира, голашка кхаччалц йоца хеча а; тIелетта я йоца коч а; дай тетIесна йовлакх а долчу зударшна а, зудаберашна а – нахана юккъехь, таIзар дийриг хиларна.

Божарийн духар а хир ду, ша-тайпана тидам кIел. Амма, билггал, зударшна а, зудаберашна а тIе коьрта тидам бахийтина хир болчух тера ду,оцу клерикалан Исламан республикехь.

Ислам-дино хьоьхуш долу духар лелор юкъадаьккхинера 1979-чу шарахь, исламан революци иккхинчул тIаьхьа. Божаршна доьхкуш ду, шорташ олу, йоца хеча лелор. Зударий а бу шайн месаш а, хьорканаш а хьулъян дезаш. Цул сов, шуьйра кучамаш лелон а деза церан. ДIаихинчу шераша хийцина, духаран кеп. ГIажарийн цхьана коьрта шахьарахь ТехIранехь бIаьрг тоьхча кхеташ ду, дукха наха духаран кодекс тергал ца еш, юьтий. Дукха зударий а, зудабераш а ду, тIе йоца хIума юхий а; мелла а хаза кечбала а хьовсуш. Коьрта тиллина хIума елахь – иза дай тIетесна йовлакх ду, месаш дIакъовлуш долу.

ХIара керла кампани йолаелла, хьастагIа, парламентахь дукхалла йолчу консерваторийн декъашхоша, духаран кодекс йохочарна дуьхьала Iедало цхьа гIуллакхаш дан деза аьлчул тIаьхьа. Низамашкховдорхоша гIажарийн духар дика хир дара боху, къоман ша-тайпалла а, динан кеп а, култура а билгалъйоккхуш долу. Амма, духарца доьзна дехкарш юкъадахаро, оццул дукха кегийрахой болчу пачхьалкхехь вон тIахьалонаш йийр ю аьлла хета. Царах ю Азар цIе йолу ТехIранера яхархо.

Азар: Пайда болуш дац и гIуллакхаш. Кегийрахошна тIеIаткъам бийр бу цо, сингаттам а кхуллур бу. Масала, кегийрахошна хетар ду, со аравалахь, со чу волла там бу. Цундела чохь соцур со. Синтгаттаме ду иза.

ТехIранерчу социологин профессора Доктора АманоллахI ГIарайи МогIадама Маршо радиога вистхуьлуш ма-аллара, духаран кодекс ларъяйтарна Iедалш тIедерзахь, хьал, еххачу хенахь гIоьртина лаьттар ду.

ГIарайи МогIадам: Ма-дарра аьлча, кегийрахой дуьхьала бохур бу цо. Цара тIе ца оьцу иза. Хьалха а, иштта бинчу бехкамаша цхьа а жамI ца деара. Иштта, тахана вайна гуш ду зудаберийн а, кегийрахойн а реза ца хилар алсамдолуш хилар. ГIалин къилбседехь хилла ца Iаш, цуьнан къилбехь а ду – къен а, мелла а шира гIиллакхаш лелочу нахана юкъахь а цхьана. Суна хетарехь, Iедалийн моьттучу кепара жамI муххале а хир дац, мелхо а, ша верг дуьхьала воккхур ву.

Амма, Iедалш чIогIа тIедирзинчух тера ду, цара ма-аллара, социалан коррупцица къийса. 19-чу апрелехь ТехIранан прокуроран векала Саларкия Махьмуда элира бакъонаш а, исламан принципаш а талхочу нахаца болх бан безаш хир ю полици аьлла.

Саларкияс билгалдаьккхира, низамца а догIуш, оцу нахана догIу таIзар ду – ши бутт набахтехь баккхар я гIуда тохар – 50 долларе кхаччалц.

ХIара материал 2006-чу шарахь Оханан-беттан (Апрель) 19чу дийнахь эфирехь хилла ю. Цуьнга ладогIа мегар ду тхан архивехь и терахь а лехна.

XS
SM
MD
LG