ТIекхочийла долу линкаш

Таркхойн ХIордера Теркйисте Ца Бохуьйту ЦIен ЧIара


ЦIе чIара Нохчийчу шен Iов таса Таркохойн хIурдана тIера Терк чухула хьалаоьхур даиманна а. Оцу гIуллакхана терго еш Iедал дара Советан заманахь. Амма Нохчийчохь Iежал мал ма деллинехь, луларчу Дагестанерачу Iедалша шайн омарца дIакъевлинера, Таркхойн хIурдан тIера Терк хица уьйраш йолу каналаш. Кхечу дешнашца аьлчи, Iаламаннна дуьхьала хIума дина, оцу каналашчухула, цIе чIара, Нохчийчу ца бахийта.

16-х шарахь къевлина лаьттина хилла и шлюзаш схьайиллина масех шо ду. Амма, деликатес лоруш болчу оцу чIеро, шена кхин меттиг лехна Iов таса. Иза, дийцарехь Дагестанна бIеннаш чаккхармаш генахь йолу, Таркхойн хIурдаца доза долу ГIажарийчоь ю.

Ши-кхо шо ду, Нохчийчура Iедалша дагестанна тIеIаткъам а бина и шлюзаш схьтаеллийтина. Амма, цIе чIеро шен амал хийцина, цундела шен тIахье йилла иза геннарчу ГIажарийчу боьду.

ХIун бахьана хилла и шлюзаш дIакъовларан? Хьанна новкъа хилла оцу чIъеро Нохчийчохь Iов тасар? Оцу хаттаршна жоп лаха хала дац. Оцу чIеран амал ца йовзарна а, хIуьттаренна дина хила а мега иза элира Маршо радиога оцу хьокъехь вистхуьлуш, Нохчийчуьра чкъерийлийцархочо Аслана.

Аслан: Дамбанаш дIа а къевлина, цундера цIен чIара Иран (ГIажарийчу) цу агIора дIабахна. Кхин кху агIора на нерест (Iов таса) сехьабала йиш йоцуш. ХIинца цара дамбанаш схьаеллийтина, Кадыровс доккха гIуллакх дина. Но (амма) цIе чIара Иране (ГIажарийчу) дIабахана бу боху. ХIинца кху агIора цIе чIара практически (ма-дарра аьлча) бисна а бац.

Маршо радио: Кхузахь лоцуш берг хIун чIара бу? Лацалой чIара?

Аслан: Лаца-м ло, амма, "чистяковый" олу цунах - чIара сазан (саза), сом (яй), карась (чIерийн тайпа) цIе чIара хIинца кху агIора вообще (лаццане а) лацалуш бац. Бахьана хIун ду аьлчи, хIокху масийтта шарахь дамбанаш дIа а къевлина, на нерест (Iов таса) Терк чу схьабаийтина бу.

Маршо радио: ХIунда къевлина уьш аьлла хета хьуна?

Аслан: Суна хетарехь, цара вайна хIуьттаренна дина иза. Вайна хIуьттаренна ца хилла иза. Цара чIара хIаллакбина. Именно (билггал) и чIара хIаллакбина цара. Вайна хIуьттаренна цара хIумма а ца дина.

Маршо радио: Оцу чIерийн, цIечу чIерийн а шен амал-хIума юй? ХIун амал ю цуьнан?

Аслан: Цуьнан амал, постоянно (даиманна) на нерест (Iов таса) Терк чу хьалаоьхуш хилла чIара, цу агIора дIаоьхуш бу. Дамбанаш дIакъевлинчул тIаьхьа, схьабан йиш йоцуш, дукха чIара хIаллакбина цара. Суна схьахетарехь, хIуьттаренна лелийна хIума ду-кха иза.

ХIинца арахь май бутт а болуш, чIара лаца хан ю. Наггахь гина Iаш бац, чIара лоцу мIара карахь а болуш, хи долчу агIора боьлхуш болу буожарий. ЦIе чIара-м лацалур бацара. Цхьа жимма самукъадаккхал, жима чIара хилча а тоам бо нохчийн чIерийлийцархоша.

ТIаьххьарчу хенахь, дахаран чолхалло Iадийна волу стаг вада гIортар санна лору, масала, Асланбек цIе йолчу Соьлж-гIалара вахархочо, нах чIерийлийца буьйлабалар. Маршо радиога вистхуьлуш цо ишшта дийцира шена зеделлачух лаьцна.

Асланбек: ХIинца марзбелла шортта нах бу. Дукха бу ала хуур дац суна. Амма, хьо дIавоьдуш оцу новкъахь дуккха а нах хуьлу чIерий лийца боьлхуш. Шайн цхьана самукъаненна а боьлху уьш. Самукъаненна баккхий бен кхин чIара-м ца бисна хьуна. Пайденна чIара бац цигахь. Цхьа "буф" олуш цхьа пескарь ю, сазан бу, сазана баккхало хьоьга, уггар а дукха баьккхича. Сом баккхало, щука а баккхало. Дукха хан йоццуш, тхан дахана долуш, оха, мел кIезга багарбича а цхьа бархI мIара бара тхоьгахь. Оцу бархI мIарица оха баьккхинарг исс чIара бара. Ши дей-буьйсий даьккхича оха лаьцнарг исс чIара бар-кха. Хьалхалерниг хIинца аьттехьа а дац. Хьлаха, дIавахча ткъе итта а, шовзткъа а чIара баккхалора дей-буьйсий даьккхича.

Маршо радио: ХIун бахьана ду аьлла хета хьуна, нохчий чIара лацарна тIехь жигарабовларан?

Асланбек: Уьш, цхьаверг, шен сагатлуш дIавоьду. Кхинверг, цIахь балано Iовжийча, оцу баланах кIелхьарвала олий, жимма, шен коьрте а, хьекъале а садаIийта а, шейн ойланаш меттахIиттон а воьду. Шен чIара боккхуш Iашшехь, цхьа да новкъа а воцуш, шен дуьненана а, шен долчу хIуманна а ойла а еш, тIехIоьттинчу ситуацина а ойла а еш, садаIа, ойла а дIавоьду. Телефон дIа а йойий, ша вуьсу шен ойланаш еш. Ойла гуттар а луьраяьлчехь, чIара а боккхий, жимма самукъадолу цунах. ПаргIат а волий, юха керла ойланаш а йо.Цхьаверг, и чIара боккхий юха и бохка воьдуш хуьлу. Амма уьш кIезга хьулу, цунах пайда оьцуш берш. Дукха хьолахь, шен корта а, догойланаш а паргIаръяха воьду-кха цига. Цунах бахам бан боьлхуш чIогIа кIезиг нах бу-кха хIинца. Шовзткъа стагана юкъахь шиъ нислахь, цхьаъ нислахь, кхин совволуш вац.

Ломаца долчу Iаьмнаш чохь а, аренашкахь охьадоьлхучу хиш чохь а болу чIара дика боьвза нохчийн чIерийлацархошна. Масала, Къоьзан Iам чохь санна боккхий, мерзий бакъ чIара, оьрсийн маттахь форель а олу цуьнах,бац хIокху Къилбаседа Кавказехь. Итт сов шарахь деш дола а доцуш, лаца а ца лоцуш и чIара майра а баьлла, хин тIехула, адамах къехка а ца къехкаш, лелара. Цхьана юкъана, хи чу топ а тухий лацара иза цхьаболчу наха.

ХIинца Iедало шен Iуналле эцна и тайпа лараме чIара лацаран гIуллакх. Охьадоьлхучу хиш чохь долу чIерий ду яй – «сом» олу цуьнах оьрсийн маттахь; саза а – «сазан»; оьрсийн чIара а – «щука» олу цунах оьрсийн маттахь; жима чIара а, «пескарь» олу цунах, ду, дукха хьолехь. Хиш мел кIезга дела Нохчийчохь, цундела, ишшта хин йистехь Iачо, шена цхьана бала чIара баккха мега, амма, дийна доьзална пхьор цунах хир ду бохург бакъ дац.

Нохчийн чIерийлийцархой башха къесташ бац Оьрсийчохь болчарех. Ишшта, низамаш а дуохош лоцуш берш а хуьлу, хи чу граната кхуссий чIара къар а бой, иза схьагулбеш. Я и аьтто ца баьлча, меттигерчу базаршкахь, цIа боьлхуш оьцу массийта, цхьацца метар хиллал беха болу яй я, берстина баттIа боллуш болу саза. Куьйгаш а ластийна, арахь массийта буьйса а яьккхина цIавеъча, иза беламе хир ма ду. Ур-атталла, шена а чIеран цхьа дакъа кхачале сатуьйсуш долчу цицигана а. Цундела товш дац нохчийн чIерийлийцархошна, цу тайпа лацар а доцуш, чу кхачар.

XS
SM
MD
LG