ТIекхочийла долу линкаш

МеттаIилманча Николс Джоанна (2-гIа дакъа)


Маршо Радионо Калифорнин Университетехь Нохчийн а, ГIалгIайн меттанаш толлучу профессор Николс Джоанница йинчу интервьюн шоллагIа дуьллу оха шун тидаме. Интервью дIаяьхьнера Аюбов Аслана


Цхьа шо сов хьалха Iамеркера Нохчийн доттагIчо цхьа лугIат даийтинера суна, аьлча а, лугIатан проспект. Мужалт тIехь Нохчийн-Ингалсан дошам, аьлла, яздина дара цуьнан Латинийн а, Киррилицин йозанца. Изза Ингалсан маттахь а дара гочдина. ЛугIат яздинарш а бара гойтуш: Николс Джоанний, Вагапов Iаьрбий. И лугIат яздар муха нисделира шун, муха бира аш цунна тIехь болх, аьлла, хаттар делира ас Берклехь Iаш йолчу профессоре Николс Джоанне.

Николс Джоанна: Тхо цхьа эзар исс бIе дезткъе ялхийтталгIачу шарахь дуьйладелира, аса и сайн ГIалгIайн арен методийн класс йолийначу хенахь. Тхан классехь хиллачу студенташна а, суна а гуш дара тхуна дуьхьалкхеташ долу дешнаш тхан коьртачохь соцуш ца хилар. Цундела оцу дешнийн датабаза хIотто сацам хилира тхан. И дешнаш тхуна хьоьхуш хиллачу Гулиев Iийсас а элира, ма дика хир дара, тхоьга цхьа лугIат хIоттаделча.

Эццахь болх дIаболийра оха. Цхьа шо далале, оха мел лелийна долу дош а дIаяздийр оха, тIакха, Iийсаца цхьана, гIалгIайн маттахь зорба тоьхначу масех хьосте а хьаьжийра со. Ишта хIоттаелира тхан, цхьа эзар герга дош шена юкъахь а долуш, ГIалгIайн-Ингалсан а, Ингалсан-ГIалгIайн а лугIат шен хьалхарчу вариантехь. ГIалгIайн-Ингалсан лугIат кхин а латинийн йозанца а яздира оха.

Оцу цхьана шарахь кечдинчу дешнижайни тIехь дукхах долу хандешнаш а, цIерметтадешнаш а, массо оьшуш долу хIума а дара. Оцу хенахь дуьйна, и шордеш, схьайогIуш ю со. Оцу юккъешхула, цхьа эзар исс бIе дезткъе ткъесналгIачу шарахь ахчан-таро елира суна, доцент Вагапов Iаьрби цхьана шарана Соьлж-гIалара вало, Нохчийн меттан арен методийн классехь дакъа лаца а, соьца лугIат тIехь болх бан а. Доцент Вагаповна Нохчийн мотт дика хаа, цунна ингалсан мотт а бевзу.

Цо ша а хIоттийнера Ингалсан-Нохчийн лугIат. Компьютер тIехь болх бан а хаа цунна. Латинийн йозан тIе нохчийн мотт баккха луучарех а ву и. Аьлча а, оцу балхана оьшшуш волу стаг вара и. Цо болх бан а бира. И дIавоьдуш хенахь, пхи эзар гергга дош долуш, датабаза гулъелира тхан. Церан грамматикан билгалонаш а , ингалсанматтахь дина маьIна а, багахь олу кепаш а къастийнера оха.

И дешнаш студенташа шайн классехь гулдинчарех а, Вагаповс тхуна нохчийн туьйранаш доьшуш, оха дIаяздинчарех а, зорба тоьхначу хьасташкара цо тхуна схьаэцначарех а вовшахтоьхнера оха. Церан грамматика а, аларан хорманаш а юха а теллира оха. Цул сов, цо ша хьалха гулдина дешнех а пайда ийцира оха, иштта дIа кхин а.

Маршо Радио: Муьлххачу а язбечу белхан шен дешархо хила везаш ву. Шаьш яздина долу лугIат Нохчийн а, Ингалсан а меттанаш Iамо луучарна а, говзанчашна а, журналисташна а хьажийна ду боху профессор Николса.

Николс: Иза пайдехь хилийта Iалашо яра тхан Нохчийн мотт Iамо луучу Ингалсашна а, Ингалсан мотт Iамо луучу Нохчашна а (я ингалсан йозанаш деша луучарна), Кавказан меттанашна тидам тIебирзина волчу муьлхачу талламхочунна а, цхьа жимма Нохчех къамеле бовла луучу журналисташна а.

Оха гочдарш муха дора аьлча, цкъа хьалха массара лелош долу, пайдехь долу дешнаш лехира оха. Царна, ма-хуьллу дукха, ингалсан гочдарш къасто гIоьртира тхо. Цундела тхан хIинца Нохчийн маттахь 6 эзар ца кхочуш дош бен дацахь, Ингалсан маттара схьаэцна 8 эзар ца кхочуш дош ду тхан. Ишта нохчийн мотт буьйцучарна ингалсан маттахь йозанаш деша атто хир ду, аьлла, хийтира тхуна. Пайда алсамо хила тарло ишта.

Хьоьгахь йолчу верси тIехь а, араяла езачу тIаьххьарчу вариант тIехь а йоца грамматика а ю, оха ингалсан маттахь луш, Нохчийн масалш а далош. Нохчийчохь цунна зорба тоха аьтто хилахь, аьлла , и нохчийн матта яккха а луур дара суна, дешхьалхенца цхьана. ТIаьххьарчу верси тIехь, Ингалсан-Нохчийн декъехь, Ингалсан дешнийн билгалонаш а, багахь аларан кепаш а ло оха, Нохчийн декъехь санна. Ингалсан дешнаш муха ала деза гайтаро ший а мотт Iамо аьтто бо.

Маршо Радио: Николса Вагаповца арадаькхинчу лугIат тIехь лелош керла йоза ду, Латинийн бух тIехь хIоттийна долу. Дезкткъе уьтталгIачу шерашкахь Ичкерин Iедалша юкъадаккха гIоьртинчу йозанах къаьсташ ду и, элпашна тIехула а, кIелхьара а хьаьркаш ца хиларца. Цхьа аз гайта, наггахь ши элп вовшахтаса дезаш делахь, зорбан гIуллакхана а, компьютер чохь лело а, аьттонаш луш йоза ду и, цхьа шеко йоцуш. Йоза хийца муха дага деара шуна, аьлла, хаьттира ас соьца къамеле яьллачу Николс Джоанне.

Николс: Дукхах болчу Нохчашна дуьххьар гуш хир ду и. Оха хIун дира аьлча, тхан лугIат тIехь массо Нохчийн дешнаш хIинца лелош долчу кириллицин йозанца яздина ду. Цул сов, церан аларан кепаш гайта, уьш кхин а оха хIоттийначу латинийн транскрипцица дIаяздина, тIехула хьаьркаш а йоцуш. Ишта транскрипцеш аса духка хенахь дуьйна лелош ю, меттанаш толлуш.

Цхьа эзар исс бIе дезткъе уьтталгIачу шерашкахь Нейдерланд-пачхьалкхера меттаIилманчас Коэн Ирвина лело йолийра сан абатан цхьа верси, Нохчийн матта Библи а, кхин а цхьацца язорш а гочдеш. Дезткъе йолхуьтталгIачу шарахь оха шимма, вовшах а кхетта, тхайшинан системийн бух тIехь цхьа юкъара абат хIоттийра. Оха и хIунда динера хьуна аьлча, оцу хенахь интернет керла хIума яра, тIаккха компьтерийн операцин системаш кхин дика а яцара. Тхуна -- сан студенташана а, суна а -- гIалгIайн мотт толлуш, компьютер чохь лело атта долу йоза дезар.

Царна сихха компьтер чохь зорба тоха а дезаш дара, шайн белхаш суна гайта, леррина долу элпаш леха а ца оьшуш. ГIазкхийн мотт а, кириллицин элпаш а сан студенташа лелийна а дацар. Тхуна тхайна дикка девзуш долу латинийн элпаш дезар, тIехула хIитто дезаш хьаьркаш а доцуш, совнах хIума а доцуш, деша атта а долуш. Юха тIаккха гучуделира, и практикехь лело атта йоза дуйла.

Тхайн лугIат тIехь тIехула хьаьркаш доцу, зорба тоха атта долу латинийн элпаш лелийра оха. И практикехь лело атта йоза дуьйла а хии тхуна. Оцу йозанца компьютер чухула кехат дахьийта йиш ю хьан хьаьнга а.

Тхайна аьтто лоьхуш, хIоттийнера оха и абат, юха, и дика дуйла хиича, кхин дIа а лелийра оха и. Нохчийн маттахь лелош йолу киррилица латинийн йозан тIе яккха цхьа проект хьалхе дуьйна йолуш яра. Схьахетарехь, Азербайджанхойн меттан йозан тIехь хIоттийна ю и, цхьацца элпаш тIе а тоьхна. Цхьана кириллицин элпана цхьа латин элп а далош, транслитераци ю и. Амма кириллица тIехь долу йоза кхачам болуш ца хуьлу, лугIат хIоттош хилча, цо цхьадолу аьзнаш гойтуш доцун дела.

Диъ аз гойтуш, элпаш а ду хIинца нохчийн маттана лелочу йозан тIехь. Цхьа а аьтто бац, оцу йозан тIе а хьаьжна, дош билггал муха ала деза ган. Нохчийн мотт Iамо луучу кхечу мехкашкара нахана цхьа а гIо ца хуьлу цунах. Ингалсан маттал гIолехь-м ду и, амма хIетте дика дац и. Дешнижайно гайта деза, дош муха олу. Тхайн лугIат тIехь тIехула хьаьркаш доцу, зорба тоха атта долу латинийн элпаш лелийра оха. И практикехь лело атта йоза дуьйла а хии тхуна. Оцу йозанца компьютер чухула кехат дахьийта йиш ю хьан хьаьнга а. Компьютер мел шира елахь, муьлха системи тIехь я платформи тIехь и елахь, дешалур ду и. Ур-аттал уьн шарахь араяьлла зорба туху машен а лелалур ю хьоьга, оцу тIехь оха лелош долу массо элп цунна тIехь хир долу дела. Цо Нохчийн меттан аьзнаш а гойту, леррина долу элпаш а ца леладо.

Маршо Радио: Нохчийн мотт хьехаран гIуллакх даима ледар хилла Нохчийчохь. Советан Iедал долуш, гIаланашкахь ишколашкахь хьехна а бац и, масала. И Iедал дIадаьлча, то ца делира хIумма а гIуллакхаш. Хаза, шера, цIена Нохчийн мотт буьйцуш волу стаг карош вац атта, хьо и лаха араваьлча. Цуьнан дуккха а ду бахьанаш, царах цхьаъ-м хIете-вете дешарца доьзна ду. Хьо Нохчийнчоьн дешаран министраллех кхета-м ца гIоьртира, шаьшшима яздина лугIаттий, хIоттийна долу керла йозий а гайта? Профессор Николс ю жоп луш.

Николс: Сан цхьа а контакт хилла яц Дешаран Министраллица. Аса оцу лугIат тIехь беш болу болх цхьа эзар исс бIе дезткъе ткъесналгачу шарахь болийра, Вагапов Iаьрби Беркли веача. Цул хьалха сан цаьрца контакт хилла яц, ас болх болоза хилла дела. Цул тIаьхьа царна тIекхочийла а дацар. ТIекхаьчча а, цаьрга гIо далур дар, аьлла, а ца хета суна. Сан Нохчийчоьнна леррина, механа еза йоцу верси араяккха йиш хилахь, со оцу министраллех я кхечу гIуллакххойх кхетар йолуш ю, цигахь и яржо. Сайна дуьхьал кхеттачу массо Нохчочунца къамел до аса оцу йозан системех лаьцна.

Сан жамI хIу ду хьуна аьлча, Нохчаша шаьш къасто деза шайна товш долу йоза. ТIевеанчу стеган олийла дац цаьрга: ишта язбан беза аш шайн мотт. Сан ала йиш хIу ю хьуна аьлча, ишта язбан мегар дара аш шайн мотт. Массо дош а гойтуш, церан массо хорма а гойтуш, йоза дIа а нисдина, цуьнан билгалонаш къастош долчу лугIато хьеха там бара, хIу дан деза йозан системица. Йоза хийцар харжаца доьзна гIуллакх ду. Даима хилла а ду и ишта. ХIинца цIеххьана керла абат юкъадаккхар хьекъале хир а дацара. Баккхийчеран чкъурана кириллица ю евзуш ерг таханлерчу дийнахь. Кегийчара нохчийн маттахь дешар дешна а дац. Цара дукхачу хьолахь Нохчийчоьн арахьа дешна. ГIазкхийн маттахь бен хаа ца хаа царна йоза-дешар. Церан дуьхьа латин йоза юкъадаккхахь, билгал хууш дац, цара и тIеоьцу я ца оьцу. Амма баккхийнаш хIете-вете дIахадабо вай тIаккха.

Сихо а йина, кириллицина тIера латинийн йозан тIе довла деза, ала ца лаьа.

Нохчий цIера баьхча, церан шайн маттахь хIума язъян йиш йоцуш хенахь, нохчийн мотт хьоьхуш боцуш хенахь, цуьнан статусана доккха зе хиллера. ХIунда аьлча, и цул хьалха латинийн йозан тIера кириллицина тIе баьккхинера, адам цуьнах дола кхиа а ца делира, ишколан Iаматаш дукхачу декъана хийца йиш а ца хилира. Иштта, латинийн абатан бух тIех долийна йоза-дешар дохийра, ткъа керла, кириллицин бух тIехь долу дешар дIахIотта кхиа а ца делира - нах цIарах-цIийнах бохийра.

Шийта шарахь церан йоза-дешар Iамо йиш а ца хилира. Цул тIаьхьа, вуно дуккха хан йизира, дешаран ламаст карладаккха, цIеххьана дохийна долу. Цундела суна, сихо а йина, кириллицина тIера латинийн йозан тIе довла деза, ала ца лаьа. Нохчийн маттахь дешна болчу наха шаьш бан безаш бу цу хьокъехь сацам. Амма, нагахь санна нахана йоза хийца лаахь, и муха дан мегар дара, цхьа некъ гойтуш бу аса.

Маршо Радио: ЛугIаташ яздина а ца Iаш, Нохчийн меттан грамматика а ю хIоттаян езаш, и мотт толлуш хилча, Николс Джоаннас дийцарехь. Ша йолийна йолу ГIалгIайн грамматика чекх ма-яьккхина, оцу балхана тIеерза дагахь ю ша, боху Iамеркера меттаIилманчас.

Николс: Суна луур дара и дан. ХIокху сохьта ГIалгIайн меттан грамматика ю ас чекх йоккхуш. Ма-хаъъар, цуьнан грамматика чIогIа тера ю Нохчийчух. Аса сайн аспиранташка а язбойта тайп-тайпана белхаш оцу темех лаьцна. ГIалгIайн грамматика чекх ма-яьккхина, нохчийн мотт талла, цхьа проект дIайоло дог-ойла ю сан. Иштта, ахчан гIуллакхаш къасто лууш а ю со, Нохчийн меттаIилманчаш а, студенташ а бало, оцу талламехь дакъа лаца.

Уьш кIоргера талламаш а беш, керла хIуманаш гучудаьхна нах хила безаш бу. Суна цаьрга байта луур бара и болх, аса а ца беш я ненан мотт ингалсаниг болчу сайн аспиранташка а ца бойтуш и. Цхьа грант хиларе сатуьйсуш ю со, и нах вовшахтоха сайн таро хилийта. Туркойчура я Урдун-махкара Нохчий бало а там бу аса. Ишта цхьа тоба а кхоьллина, йоккха, кIорггера грамматика арахеца луур дара суна. Нохчийн маттахь я ингалсан маттахь хила тарло и, хIинца а къаста ца дина аса и. Ишта дог-ойланаш ю-кх сан. Оьшуш, ахча бен, кхин хIума дац

Маршо Радио: Цхьа а вуй те хьуна хууш, Нохчийн маттахь маьIна а деш, Нохчийн лугIат хIотто дагахь, аьлла, хаьттира аса кхин а профессор Николсе. Шена тусавелла цхьа а вац, амма, и оьшуш дац олуш а, ца хаавелла шена цхьа а, боху Iилманчас. И болх бан цхьа Нохчо ваьлча, ша шен агIора гIо дан хьожур яра, боху Калифорнера профессора.

Николс: Суна цунах лаьцна хууш хIума дац. Амма ас Нохчашка и хьахийча, массара олу: мел доккха гIуллакх хир дара цунах. Ишта ойла тхан а ю. И тайпа белхаш беш бу-бац, суна ца хаа. Иза чIогIа ладаме хIума ду, хIунда аьлча Нохчийн мотт информаци дIасаяржо гIирс санна лело безаш бу. Грамматикашкахь а, лугIаташ тIехь дIаязбина бен а боцуш, и бисийта мегар дац. Нохчаша и дийриг хиларх догйовха ю со. Сайн агIора, ахчанца а, компьютер-программашца а, техникица гIо дан хьожур ю со.

Маршо Радио: Калифорнехь Iаш йолчу профессора Нохчийн маттана гатдеш долу са, башха хьийзаш долчух тера дац Нохчийн халкъана тIехь урхалла дан охьахиинчу Iедалан. ХIокху шарахь Нохчашна язъина йолчу конституци тIехь Нохчийн мотт пачхьалкхан мотт, ГIазкхийнчуьнца цхьана, дIакхайкхинехь а, Iедалан гIуллакхана а, кехат хIотторан балхана а ГIазкхийн мотт бен лело йиш яц Нохчийчохь.

ХIокхул хьалха Нохчийчохь лаьттинчу Iедало дIакхайкхина шорта Iалашонаш хиллехь а, кхин башха бала цо а ца хьийгира, и мотт шен даржехь хьалабаккха гIерташ. Iедало цхьаъ даре сатийсарх гIуллакх хир долчух тера дац Нохчийн халкъан. Шаьш Нохчаша Iалаш бан безар бу шайн мотт, нехан мотт шайна бийца ца лаахь. Тахана и ца дахь, кхана дукха тIаьхьа хила там бу и.

(ХIара интервью дуьххьар эфире яьллера 2003-чу шарахь.)

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG