ТIекхочийла долу линкаш

МеттаIилманча Николс Джоанна (1-гIа дакъа)


Николс Джоанна Iамеркехь а, цунна арахьа а евзуш йолчу Калифорнин университетехь ю болх беш. МеттаIилман профессор ю и, Славийн меттанашна тIехь а, Къилбаседа Евразин меттаIилман исторехь, меттанийн типологехь а белхаш беш. Профессор Николс Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанаш толлучу цхьа кIеззиг болчу Iилманчех цхьаъ ю. Аюбов Аслана дира цуьнца хIара къамел


Дикка зама ю Берклехь, Калифорнин университетехь, вайнехан меттанашна тIехь белхаш беш болу. Кхеченхьа цхьанхьа уьш беш боцуш хенахь а, къахьегна цигахь Iилманчаша, Нохчийн а, гIалгIайн меттанийн дешнаш а, аьзнаш а, грамматика а толлуш. И массо белхаш дIакхоьхьуш а, царна тIехь Iуналла деш ерг а Славийн кафедрин профессор Николс Джоанна ю. Цуьнан тIаьххьарчу белхашна юкъахь ду Нохчийн университетан хьехархочунца Вагапов Iаьрбица цхьана яздина Ингалс-Нохчийн лугIат. Вайнехан меттанашна тIе муха йирзинера хьо аьлла хаьттира ас цуьнга тхойшинан къамел дIадолалуш

Николс Джоанна: Со меттаIилманча ю. Къилбаседа Евразин меттанашна тIехь, хIара гIуллакх аса юьхьар лаьцначхьана дуьйна, болх беш ю со. Кавказан меттанаш, схьахетарехь, цхьа эзар исс бIе кхузткъе пхуьйтталгIа шо дуьйна йолаелла со талла, Гуьржийн мотт со Iамо йолаелчахьана. Цхьа ларамаза бахара сан Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанашна тIе тидам.

Цхьа эзар исс бIе кхузткъе ткъесналгIачу шарахь Москох яха езаш яра со синтактикан типологин декъехь таллам бан - ГIазкхийн а, Сибрехара а меттанаш вовшашца бустуш. Амма цуьнан метта Тбилиси яхийтира со. Сайга далуш дерг дира ас цигахь. Нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш буьйцу нах гира суна цигахь. Сан талламан куьйгалхочо бовзийтира суна и мотт буьйцуш болу шен студенташ. Цунна тIехь тIаккха болх бан йолаелира со. Гуш дара уьш маьIна долуш меттанаш хилар. Цундела цхьа эзар исс бIе кхузткъе ткъесналгIачу шарахь дуьйна, кхин юкъа херо а ца юлуш, болх беш ю-кх со оцу меттанашна тIехь.

Маршо Радио: Нохчийн мотт буьйцучарна а, безачарна, и шайн балха тIехь лелочарна дикка хууш ду и тоъъал Iамина а, теллина ца хилар. ЧIогIа кIезга ду цунах лаьцна яздина тептарш, карош дац нахана оьшуш долу дешнижайнаш а, грамматикаш а. Масала, ша цхьаъ бен доцу Нохчийн-оьрсийн лугIат шовзткъа сов шо хьалха арахецна ду, кхин цул тIаьхьа цунна зорба тоьхна а дац. Бахьана хIу ду-те цунна шега хаьттича, профессор Николс ишта элира тхоьга.

Николс: Цхьа долчу хаттаршна жоп Совет Iедалан меттанийн политикехь а, хIинца дукха хан йоцуш хиллачуьнга хьаьжча а, каро там бу. Вуьшта, метта-Iилманехь болх беш дукха нах ма бац. Мел дукха велахь, цхьа-ши эзар лингвист бен ма вац дуьненчохь, мел верг вагарвича а. Аьлча а, тоъъал метта-Iилманчас ма бац дуьненчохь массо мотт талла. И шоллагIа бахьана ду Нохчийн а, ГIалгIайн а дикка теллина ца хиларан.

Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанаш шайн ненан-меттанаш лоручу лингвисташний, кхечу пачхьалкхашкахь и меттанаш талла луучу лингвисташний юкъахь уьйр-меттиг таса даима хала хилла.

Нохчийн а, ГIалгIайн а Iилманчаш ба-м бу хьуна оцу меттанашна тIехь болх беш. Советан заманахь атта дацар царна дуьненчохь лингвистикехь яздина долчунна тIекхача, кхечу пачхьалкхашкахь къахьоьгуш болу Iилманчаш бовза а. Ур-аттала Москох а, Петарбухехь а бечу белхашна юкъаваха а атта дацар оцу хенахь. Ткъа хIинца царна финансашца йоьзна халонаш а тIекхетта. Доцца дийцича, Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанаш шайн ненан-меттанаш лоручу лингвисташний, кхечу пачхьалкхашкахь и меттанаш талла луучу лингвисташний юкъахь уьйр-меттиг таса даима хала хилла.

Маршо Радио: Калифорнин университет цхьа юкъара туп а хилла дIахIуттуш ю Нохчийн а, ГIалгIайн меттанийн талламан. Билггал хIу толлу аш шайн университехт, аьлла шега хаттар делча, профессор Николса ишта жоп делира.

Николс: Маситта хIума. Ас хьалха ма-аллар, цхьа эзар исс бIе кхузткъе ткъесналгIачу шарахь дуьйна болх бина аса оцу меттанашна тIехь, сайга ма-балло. Советан заманахь Тбилиси яха езаш хилара со, и меттанаш буьйцуш болчу нахана тIекхача. Эххар а, цхьа эзар исс бIе дезткъе уьссалгIачу шарахь цхьа кIезиг ханна бакъо елира суна Кавказе яха. Дезткъе шуьйтталгIа шо дуьйна сан аьттонаш а хилла и меттанаш хууш болу нах я кхуза, Берклин Университете, я цхьанхьа Европе белхаш бан бало.

Ткъа ас айса цкъа а сацийна бац сайн болх. Аса лугIаташ а, граматикаш а язйина, тексташ а гулйина, аьзнийн системаш а теллина, оцу меттанийн схьадалар а, истори а язйина. Цхьа эзар исс бIе дезткъе пхуьйтталгIа шо дуьйна меттаIилман арен методийн курс хьехна ас; и курс, ара а ваьлла, йозанца язбина боцу мотт Iамо луучарна хьажийна ю.

Ас гIалгIайн мотт лелийра дукхачу декъана, и курс хьоьхуш. Берклин Унивеситетехь лингвистикехь таллам беш волу итт аспирант веара оцу курсе; ГIалгIайн матта тIехь и мотт хууш волчу стагаца белхаш а бира; шайна дикка хIума а Iамийра; цхьаболчара талламаш а, диссертацеш ара а хийцира, шаьш Iамийнарг юкъа а дохуьйтуш. Цхьаберш хIинца а болх беш бу оцу маттаца. Царах цхьаъ тIаьххьаре сан текстийн а, лугIатийн проектан техникан директор хIоьттира. И тайпа проект Нохчийн маттахь а дIаяьхира ас. Цундела хIинца Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанаш Iамийна нах бу кхузахь.

Маршо Радио: Берклехь санна, талламаш беш, кIезга университеташ ю дуьненчохь. Канадехь а, Европехь а дIасхьакхиссина бу вайнехан меттанашна тIаьхьакхиа гIерташ болу Iилманчаш, Николсс дийцарехь.

Николс: Канадехь Монтреал университетехь антрополог-лингвист Туит Кеннет ву Кистой Iамош. Цара Нохчийн мотт буьйцу, амма шайн гIиллакх-амалца цхьажимма къаьсташ бу уьш царах. Европехь оцу шина матта тIехь кIезга бина белхаш. Суна цхьа а вевзаш вац, и меттанаш Iамош, леррина проекташ йолуш я царна тIехь талламаш беш болу аспиранташ болуш. Аьлча а, цхьаъ-м ву, сан коллега Бикел Балтазар Лейпциган Университетехь Нохчийн мотт шен арен методийн курсехь хIокху бIаьста лелийна. Нийса хир ду, Нохчийн мотт Лейпциган Университетехь цхьаболчу меттаIилман студенташа Iамийна аьлча. Иштта ду-кх сурт.

Суна цхьа а вевзаш вац и меттанаш Iамош, леррина проекташ йолуш я царна тIехь талламаш беш болу аспиранташ болуш.

Алсамо наха и меттанаш хIунда ца теллина суна хууш дац. Нохчийн мотт буьйцуш, дукха нах бу, муьлха а Къилбаседа Кавказан мотт буьйцачарга хьаьжча. ГIалгIайн мотт а бу, суна схьахетарехь, шоллагIчу я кхоллагIчу меттехь. Докха маьIна долуш меттанаш а бу уьш. Кхин башха дукха хIума ца яздина царах лаьцна, цхьа бакъ ду Къилбаседа Кавказан кхечу меттанех лаьцна кхин а кIезга яздина хир ду. Хаац, лингвисташа уьш талла хIунда ца толлу. Цхьа хIума догIу суна коьрта чу. Массарна хууш ду Кавказан меттанаш талла дезаш хилар. Ас хIара ши мотт толлуш хилча, кхечара уьш Iадбуьтуш хила там а бу.

Маршо Радио: Профессор Николс цец яьлла ю Москох а, Петарбухехь Нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш кхин башха толлуш ца хиларна. Политикица и доьзна ду-дац, ала а ца хиира цунна.

Николс: ДегIастанара меттанаш ду вуно дика толлуш Москох; ткъа церан структура нохчийн а, гIалгIайн а меттанашца йогIуш ю. Генара гергарло а ду царна юкъахь. Со кхеташ йоцчу бахьанашца, Москох меттаIилманехь болх бечу сан коллегаша цкъа а тидам тIебахийтьина а бац, цкъа а белхаш бина а бац Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанашна тIехь. И ишта хIунда ду, со хууш яц.

Со кхеташ йоцчу бахьанашца, Москох меттаIилманехь болх бечу сан коллегаша цкъа а тидам тIебахийтьина а бац, цкъа а белхаш бина а бац Нохчийн а, ГIалгIайн а меттанашна тIехь. И ишта хIунда ду, со хууш яц.

Нохчех а, гIалгIайх а схьаваьлла, цхьа-ши Iилманча ву, боху, Москох, цхьацца дешарш доьшуш, меттаIилма шайна юкъахь а долуш. Цара бийр бац те шайн ненан меттанашна тIехь белхаш? ГIазкхийн лингвисташ оццул кIезга хIунда теллина уьш, со хууш яц.

Маршо Радио: Ши-кхо бутт хьалха Майкопехь дIаяханчу дуьненаюкъарчу Iилман конференцехь Нохчийн мотт дуьненчура дIабаларна кхерам болуш бу, аьлла, къастийнера гулбеллачара. Мотт Iалашбеш ца хилча, Iамош ца хилча, толлуш ца хилча, хуьлуш ду и саннарг.

(ХIара интервью дуьххьар эфире яьллера 2003-чу шарахь.)

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG