ТIекхочийла долу линкаш

Политковская Анна Дагалоьцуш


Орсийчоь--Москох-Политковская Анна Дагалоьцуш- 07 Г1АД 2009

Орсийчоь--Москох-Политковская Анна Дагалоьцуш- 07 Г1АД 2009

Уггара иза цецъйоккхуш дерг ду Страссбургехь дукха тийна хилар. Масийтта шо тIемаш боьлхучу Нохчийчохь хоьхкуш долчу кеманийн а, еттачу яккхийн тоьпийн а, лелхачу бомбанийн а гIовгIанехь даьккхина йолчу Ларисина, тамашийна ю Францерчу гIалахь йолу, цу кепара тийналла.
40 шаре яьлла йолу Асхарова Лариса гIала ара яьлча, хьоьвззий кхуза йогIу, адамийн бакъонашкахула йолу Европера суд дIатаръйеллачу гIишлонна хьалха. Цигахь хIуъа а хиина а, шен хIусамдех Юсупах хилларг хуур дацар-те бохуш, сатуьйсуш ю иза.

Лариса а Юсуп а девзинера ишколехь. И шиъ дехачу Веда-чIаже чувуллучехь Iуьллучу Сиржа-эвлахь, накъосташа церах алара Ромео а, Джульетта а ду и шиъ, олий. Уьш дуьххьарлера бераш дара, нохчий Сибрехара цIабирзинчултIаьхьа, шайн даймахкахь дина долу. Шайн дайн санна, церан ца дезнера лан ШолгIа Дуьненера тIом хилар бахьана долуш хилла хало а, Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а, депортацехь хан токхуш хьегна болу бала а. Цундела, церан дегнашчохь дахар хаза дара, книжкаш тIехь язъйина поэма санна. Ларисас ишкол чекх ма яьккхина, иза маре йигира Юсупа. Нана а йоцуш кхиина йолчу цуьнан, стаг вацара дагаяла. Да, хууш ма-хиллара, цу тайпачу гIуллакхашна юкъа ца гIерта, тIкъа гергарнаш реза бара, цунна шен бен карорна. Кхин хIун оьшу-те ирсе дахарехь ваха, аьлла хеталора - цхьане ирсе даха, тIаккха цхьана дийнахь бакъ дуьнене дIадаха, книжкашна тIехь ма-язддара...
Амма ша-дерриг а хийцаделира 18-чу Майхь 2001-чу шарахь. Сатоссуш чулилхина болчу оьрсийн салташа, кхин дуьйцуш хIума а доцуш, дIавигира Ларисин цIийнда Асхаров Юсуп.

Лариса: Iуьйранна пхиъ долуш, Iуьйранна, тхо дийшина а долуш, чIогIа неI тухуш а хезна, самадевлира тхо. НеI каг а йина, уьш чулилхира. Со цара пене дIахIоттийна, тIе герз а хьажийна дIахIоттийра. Уьш вукху, дехьа чулилхира. Иза (Юсуп) цара, кхин хоьттуш хIума а доцуш, «наручникаш» (гIоьмаш) а тоьхна, коьртах цхьа гали а доьллина, лаьтта охьавиллинера. Фамили хIума а хаьттина, иза цара араваьккхира.

Маршо радио: Ларисас дийцарехь, цу дийнахь Сиржа-эвлара дIавигнарг вара исс стаг. Церах ялх, етта а йиттина, некъа йисте охьатесна карийнера оццу сарахь. Царах цхьаъ тIаьхьо велира. Юсуп а, цуьнца цхьана кхин цхьа жимастаг а, кхин а 14 шо долу кхиазхо а цIа ца веара. Царах хилларг хууш дац хIинца а.

Масийтта шарахь лийлира Лариса, шен хIусамден лар лоьхуш. Юкъалелачу, гIуллакх хууш бу бохучу наха дийцара Ларисе, латIкъамаш бан мегар дац, бохуш. Хьайн майрачунна кхин а вуо дийра ду ахьа, оьрсий оьгIазбахийтахь, бохуш лейора цара иза. Амма, цхьана дийнахь, цара дуьйцучуьнга ладегIа кIорда а дина, шен хIусамда лаха Iедале елира Лариса. И сацам ша беш, шена хьехар динарг яра шайн эвла еана хилла йолу «Новая газетан» корреспондент Политковская Анна, бохуш дуьйцу цо.

Лариса: Айса хIун дийр ду ца хууш, иштта холчахь лелаш йолуш, Политковская Анница цхьанакхетар хилира тхан. Шайн бала, хьо санначо а, ахьа а дIабалахабаларе терра бен, гIуллакх хир дац хьуна аьлла, иштта... Иза (яра) хаза нехан санна адаман даге хьожуш а, адаман дог оьцуш а, адам девзаш а, цуьнга ала дезарг хууш а. Пекъар, йе а йий иза. ЧIогIа хала а хийти.

Маршо радио: Шен хIусамден кхоллам муха хилла хаа, Ларисин тIаьххьара сатийсам бу Страссбургера адамийн бакъонашкахула йолу кхел. Нохчийчохь цхьцца историш ю лелаш, цу кепара байна болу нах схьакарийна хиларх лаьцна. Наггахь цу тайпа истори бакъ а хуьлу.
Абдурахманова Тамара гIеметатта хIоьттина йолу зуда ю. Шен жимах волу къант лоьхуш лела масийтта шо ду иза. Иза карорг хиларе сатуьйсуш ю Тамара, хIунда аьлча, шеца хиллачо дегайовхо ло цунна. Цуьнан воккхах волу кIант Далаев Изнаур дIалаьцнера Соьлжа-гIалахь Октябр-кIоштIахь, гIалийн юккъехь ала мегар долуш. Кхин дан амал а доцуш хьийзачу хенахь, цхьа ларамаза, журналистаца Политковская Анница къамел хилира шен бохуш дуьйцу Тамарас. Цу зудчуьнга ла а доьгIна, журналист Чернокозово яхара, цигахь вуй а хьаьжна, тIаккха кхин дIа лохур ву вай иза аьлла. Оццу дийнахь, тезет дIа а даьккхина, шайн кIант лаха арабевлира уьш.

Абдурахманова Тамара: ХIара кIант велла бохуш, дакъа дIа ца ло, ши автомат ца йелчи а бехира тхоьга. Аша хIун дуьйцу, къанъеллачу зудчо шуна автомат мичара лур ю аьлла, цо, шена хааре терра... лохур ву вайшимма аьлла, оха тхайн тезет дIа а даьккхина, тхайн къант лехира. Цунна иза карийра-кх цу чохь. И сан къант карийра-кх. Хьалха Дела, тIаккха и Политковская бахьанехь и къант висина ву-кх сан.


Ша, Изнаура доцца дуьйцу ша кхаъа баттахь лайнарг. Политковская Анна ца хиллехь, шех хIун хир дара ца хаь цунна.

Изнаур: «Старый нефтяной» институт йоллчехь схьалаьцнера со цара. Схьа а лаьцна, дIа а вигина хьийзош, тIе жIаьла хоьхкушший, тIе сигаьркаш Iуьттушший, маIаршна бухулу скрепкаш Iуьттушший, противогаз лушший, ток йоьттуьйтушший иштта дIа хьийзийра-кх со кхаъа баттахь ах баттахь цу чохь. Цо иза газеташ тIе а дохуш, массанхьа а нахала а даьккхина, гIо дира (суна). Иза ца хиллехь, ца хаа суна, ара валалур вацара аьллахета суна со, иза ца хиллехь.

Цхьа делан къинхетам юкъа а боьлла, набахтичура аравала аьтто баьлла 65 шо долчу Садыков Iалавдин а. 2000-чу шарахь кхо бутт баьккхина цо, лаьцна чу а воьллина.

Садыков Iалавди: Нах байъина, ца байъина бохуш цара охьа а виллина, (сан) корта схьабаккха гIерташ бара (уьш), «но потом» лерг дIа а даьккхина хьийзийра. Цхьа бежинна хьокху доккха урс дар-кх цуьнгахь. Иштта кегийрачу нехан пIелгаш дахара. Мансура (пIелг) баьккхира цигахь, Альберта а баьккхира пIелг, Корнукаев Iийсан а баьккхира. Цхьа цомгуш волу цхьа гIазакхий а, кхин верг а схьа а валийна, цаьрга цара баьхнарг хоьга дIадийца а товш ца хета суна.

Садыковна билггала ца хаьа ша дIа хIунда лаьцнера а, 83 дийнахь ша къиза хьийза хIунда вина а, ша санна чубоьхкина болу, шен кхин накъостий бойъучу хенахь, эххар а, ша дIа хIунда хецна а. Набахтехь къиза хьийзийна волчу хьехархочуьнца хилларг шуьйра гIараделира Политковская Аннас цуьнах лаьцна яздар бахьана долуш. Цхьа шо хьалха ша журналиста а бийкъира шен хиллачу турпалхойн кхоллам. Иза а йийна Нохчийчурча тIамехь бохуш дийцара, тхоьца къамел динчара, массара а аьлча санна.

(ХIара материал эфире яьлла 7-чу ГIадужу баттахь (Октябр) 2007-чу шарахь)
XS
SM
MD
LG