ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман ДуьхьалхIоттамехь Нохчийчоь а, Оьрсийчоь а КIажабухе Кхаьчна


Германи -- Журналист Политковская Анна Лейпцигехь ю, книгийн ярмаркехь, 17Стигалкъекъа-бутт2005

Германи -- Журналист Политковская Анна Лейпцигехь ю, книгийн ярмаркехь, 17Стигалкъекъа-бутт2005

Чехийн коьртачу гIалахь ПрахIехь хIокху тIаьхьарчу пхеа дийнахь болх бира Къилбседа Атлантикан Альянсан парламентан ассамблейн бIаьстенан сессино. Дийцаре дан дехкинчу дуьненаюкъара маьIна долчу хаттаршна юкъахь дара "Нохчийчура тIом дIа хIунда ца боьрзу?" бохург.




Данерчу Нохчийчоьнан ГIо Лацаран Юкъараллин Комитета Копенгагене кхайкхинера сих-сиха Нохчийчохь хуьлуш а, цигара хьал дика девзаш а йолу "Новая газетин" хьажархо Политковская Анна. Нохчийчохь тIом бечу цхьана а агIонан тIетевжаш боцу комитетан декъашхой, коьртачу декъана, маьршачу нахах лаьцна массо хIума хаа лууш бара. Амма, ма-дарра долу хьал хаа церан аьтто бац, малхбузера журналисташ Нохчийчу кIеззиг боьлхун дера. Аннас дийцарехь, Нохчийчохь тIеман хиламашна, къаьсттина малхбузера журналисташ тIехьожуш ца хиларо, шайн луъург лело маьршо йоккху эскархойн.

ТIехь Iуналла доцчу оьрсийн эскархоша эвланашкахь хаддаза ечу къизачу зачисташкахь маьрша адамаш тIепаза дов, бен-башха а доцуш герзаш лелха, ишттачу хьолехь бехачу нехан "адамийн бакъонаш талхорех" лаьцна дийцар беламе хIума ду аьлла дийцина, Политковская Аннас оцу цхьанакхетарехь. Иштта къамел хезча чIогIа цецбевллера гулбелла комитетан декъашхой. Интеллигент а, европан кепехь а волуш, немцойн мотт хуучу Путин Владимира муха чекхйовлуьйту иштта харцонаш, бохуш. Цул совнаха, дIадаханчу цхьайтталгIачу Гезгмашан баттахь (Сентябрехь) Iамеркана терроран тIелатарш динчул тIаьхьа, Нохчийчохь террорахошца бала хьоьгуш ю Оьрсийчоь а аьлла Путина динчу дIахьедаро, малхбузерчу нехан ойла хийцина. Путин царна хIайбате хета, хIунда аьлча, цIий Iено тIом цо бахь а, террорана дуьхьал беш бу боху ойла ю хIинца малхбузерчу нехан, боху Аннас.
Телефонехула журналистаца хиллачу къамелехь оха хаьттира, тахана Нохчийчохь "Къепе дIахIоттор" муха дIадоьдуш ду аьлла?
Къепе далор, къепехь доцчу муьрехь ду. Дуьззинчу къепе дацарехь

Политковская: Къепе далор, къепехь доцчу муьрехь ду. Дуьззинчу къепе дацарехь. ХIунда аьлча, блокпосташ шаьш шайна ха деш ю, Ханкала (Нохчийчура коьрта тIеман база) а ю ша шена гIаролла деш, фугасаш лелхаш ю, адамаш леш ду, зачисткаш дIакхоьхьуш ю, адамаш тIепаза довш ду. Цхьанххьа а цхьа лар карош, тIепаза бовш болу нах, Нохчийчохь уггар онда бала бу нехан.

Маршо радио: Нохчийчура хьал, кхин цхьа а хийцам боцуш, ши эзар шолгIа шо долалуш ма-хиллара ду. ТIахьарчу хенахь иштта, цхьа ша-тайпанчу, хорше дирзина иза. Ткъа республикан куьйгалхочунна Кадыровна хетарехь, Нохчийчохь сихонца бан беза хийцам, махкара Iедал цхьана буйне дерзорца боьзна бу.

Политковская: Республикан куьйгалхо ву бохуш, Кадыров ву моттаргIанаш лелош, кхоалха динчу гIаролан юккъе а хиина. Керла Конституци язъйина цо. Нохчийчоьнна корта харжа, харжамашна некъ маьрша баккхархьамма, референдум дIаяьхьа еза аьлла хеташ ву иза. Цхьа Нохчийчоьнан паччахь харжа. Цунна хетарехь, хIинца коьртаниг, цхьана буйне дерзийна Iедал ду.

Маршо радио: Нохчийчурчу Iедалехула болчу Путинан сацамца, Кадыровн карахь политикан бакъонаш ю – ма-дарра аьлча, кхеташонашка ваха а, нохчийн къоман цIарах декларацеш ян а. Ткъа, ша ерриг ахчанца йоьзна бакъонаш – Ильясовн карахь ю. Ткъа Нохчийчийн къам реза дуй, Кадыровга шен цIарах дIахьедарш дайта?

Политковская: Наггахь бен ца нислучу, дIахIоттийначу куьйгалхочуьнан кепах ву иза, цхьана а кепара наха тIе ца оьцучарех. Масхадовна тешнабехк а бина, цо федералийн агIо лацар диц ца далар дац иза. Бакъду, даиманна иштта дуьйцу цунах лаьцна. Делахь а, цуьнгахь Iедалан мукъ болу ши шо ах шо сов зама яьлла. Оцу заманчохь нохчийн къоман турпал хила массо а аьттонаш бара цуьнан. Иза сан тешам бу. Нохчийн къомехьа гIо даккхархо хила йиш яра цуьнан. Путина тIекхача аьтто бара цуьнан, хIинца а бу цуьнан и аьтто. Цигахь доллучух лаьцна дийца аьтто бара цуьнан, байна нах лаха аьтто бара цуьнан, зачисткашна дуьхьало ян аьтто бара цуьнан…Цо и ша дерриг ца дина.

Маршо радио: Дукхазза а Нохчийчохь хиллачу Политковскаяс тоьшалла до, вуно къиза зачистка йоьдучу эвлара хала арабевлла, Соьлжа-гIаларчу IедалцIийнан хьалха баьхкинчу зударша, мел чIогIа шайца цхьанакхета дехарш дарах, иза царна дуьхьал ца волу бохуш.
Цоцин-эвлахь зачистка йоьдуш юй? ХIаъ, царна ишттаниг догIу – цо ша аьлла иза соьга. Царна таIзар дан деза!

Политковская: Кадыровс ша а цкъа ца до иза, шен хьехамчашна а дихкина цо иза дан. Цоцин-эвлахь зачистка йоьдуш юй? ХIаъ, царна ишттаниг догIу – цо ша аьлла иза соьга. Царна таIзар дан деза! Ткъа Цоци-эвлахь иза ткъе пхиалгIа зачистка хилар а, цигара адамаш са а кхачийна бIарздаларх- цуьнан са ца хьийза цкъа а.

Массо нохчашна тIехь бу, шен къомара цхьаболчу талорхойн бехк - бохучу оьрсийн эскарера дукха инарлел гена ца ваьлла Кадыров. Нагахь, цхьан эвлана йистехь цхьа хилам баьллехь, дийнна эвла ю и бехк такха езаш. Цаьрга и бехк такхийта сихонца эвлана го а бой, шайн ма хетта дIахьо эскархоша зачистка, цхьаннех а ийза а ца луш. Шайн кхерамазаллин гIайгIа а, дахаран хьашташ а, шаьш кхочуш дан деза маьршачу неха. Цундела, Йоккхачу АтагIара бахархой эскархошна дала ахча вовшахтоха буьйлало, масала, Чири-эвлахь зачистка йоьдуш елахь. ТIеман логика иштта ю боху Аннас.

ШолгIа дакъа:

Нохчийчохь таханлерчу дийнахь лаьттачу хьолах лаьцна дуьйцуш, Аннас тидам тIебахийтира "зачистсшкахь" бала хьоьгучу могIарерчу нахана.
"Зачистка" – эвлана го а бина, эскархой массо цIийнах а хьовсуш, коьртачу декъана, борша нах таллар ду - тIемало ву-вац хьовсуш. Хазъелларг дIахьо, ца яхьаелларг - оту. Амма, эскархошна ахча делча, цхьана ханна паргIат йолу керт. Кхин дIа йолу, рогIера зачистка тIекхаччалц.

Политковская: Кхаъ эцар, юкъаметтиган уггар яьржина кеп ю таханлерчу Нохчийчохь. Эскархоша, боккъалла а, массо хIуманах ахча оьцу. Шаьш зачистка дахьуш эхь ца хеташ олу цара-м, "машен шайн 1адъйита лаьий шуна - пхи бIе туьма охьадилла!" Адамаш тIамо Iамийна. Цундела кечам бо хьалххе. Маьждигехь ахча вовшахтуху, тIекIалдуьллу, гергарнаш болче боьлху, хIуъу дина а, зачистка йолчу заманчохь карахь ахча хилийта. ХIунда аьлча, зударий сийсаза ца бо ахча делча; мехах кхиина вогIу жима-стаг кIелхьарваккхало. Массо бохург санна, хIума дало ахчанах.

Маршо радио: Амма, эскархошна кара дала ахча ца хилахь, доьзалера борша нах дIабуьгу. Цул тIехьа царах хилларг ца хууш, эзарнаш доьзалш бу Нохчийчохь.

Политковская: Федералан тIеманхоша зачистка еш шайн чуьра дIабигинчул тIехьа байна уьш.
Цул тIехьа – вакуум йолало. ХIунда аьлча, бен дац, прокуроре, я доьзалхошка атта олу тIеманхоша: ХIан-хIа, оха ца бигна. Цхьа а хьесап дац, дуккха а теш хиларан. Стаг дIавигинчу тIеман машенан номер хууш елахь а, цхьа хьесап дац.

Маршо радио: Аннас дийцарехь, таханлерчу дийнахь Европехь долчех тера дов лелораш ду Нохчийчохь. Массо а кIошташкахь кхоьллина суьдаш ю. Цунах лаьцна массо а маьIIехь ала диц ца ло лорд Джаддана. Амма, оцу суьдаш кхел еш верг, масала, цхьанне котам лачкъийнарг, я цхьа кег-мерза хIума динарг ву. Амма, уггар коьрта тема суьдаш гIаттош яц, боккхачу барамехь суьде гIуллакхаш тIе ца оьцу цара. ТIаккха наха шайн таллам болабо.
Оцу талламо, кхин дIа болчу бала хьегаре валаво стаг. ХIунда аьлча, юкъалеларачеран эскар кхолладелла Нохчийчохь и бахьана долуш

Политковская: Оцу талламо, кхин дIа болчу бала хьегаре валаво стаг. ХIунда аьлча, дийнна юкъалеларачеран эскар кхолладелла Нохчийчохь и бахьана долуш. Уьш кхузахь Iаш болу нохчий бу. Кхин эхь ца хеташ, оцу баланех шайна пайда оьцу цара. И декъаза доьзалаш Iехабо цара. Тхо тIеман декъехь хилла, тхуна гина шун гергарниг, ахча оьшу, тIеманхоша ахча доьху, боху цара. Дуккха а доьзалаш ло царна и ахча.

Маршо радио: Август бутт болалуш оьрси эскарехь гIуллакх деш болу нохчийн кегирхой тIехь болу, тIеман машен иккхира фугаса тIехь Шуьтахь. Итт веллера, бархIанна чевнаш йинера. Массо а бохург санна, оьрси хаамийн гIирсашкахула даьржинера, ялхалхагIу августана лерина нохчийн тIемалоша эккхийтар дина аьлла. Цул тIехьа масех де даьлча, Шуьта баьхкинчу Нохчийчоьнан тIеман коменданта а, цхьанатоьхначу эскаран декъийн буьйранчас а беллачерийн гергарчарна куьгбехкечеран сурташ а, паспорташ гайтира. Хьалха Мартан кIоштарчу хьуьнхахь лелхийтар дина нохчийн тIемалой шайн кара а бина, уьш шаьш хIаллак а бина аьлла. Оццу хенахь, Масхадовн цIарах дIахьедар динчу Закаевс тIе ца дитира, нохчийн тIемалоша эккхийтар дина хилар. И гIуллакх талла тIехьаяьлчу Политковскаяс шен таллам бира оцу хиламна.

Политковская: Билггал оцу гIуллакхана аса таллам бира, цундела паргIат и дийца йиш ю сан. Шеко йоцуш и эккхийтар провокаци яра. Федералан ницкъаллийн структурин провокаци яра иза. Иза цхьа лерина йина операци яра, тIом кхин а бахбаран Iалашонца. Машаран дийцарш дан деза аьлла Москохахь къамелаш дуьйладелча, я Закаевн адамаш Москохара цхьанца цхьанхьа цхьанакхетар дан арабевлча, оцу меттехь, иштта хиламаш хуьлу Нохчийчохь цхьанхьа, я вукхузхьа. ТIом чекхбала йиш янне яц бохуш, эскархой бу Путин тешо гIерташ.

ТIом ца сацор бахьана, Iедал карахь сацоран дика евзаш йолу кеп ю.

Политковская: Бюджетан экономикаца йоьзна проблемаш ю. ТIом мел бу уьш паргIат цунна тIетIатта мегар ю. Тахана иштта хуьлуш ду иза. Цул совнаха, хила герга болчу харжамашкахь, муха дийца деза, кхаа шарахь хIун деш бу Нохчийчохь федералаш? Нохчийчура тIом башха эвсаре ца хиларна, хIинца бехкениг ву вайн. Жоьпаллехь Гуьржичоь ю. Цунах лаьцна Кремлерчу хьостийн хаамаш иштта бу – тхо Нохчийчохь къийсам латтош ду, Амма, гуьржи агIоно нохчийн тIемалой тIелоцу, цул тIехьа са а доIий, уьш юха а тIом дIакхехьа
тхан латта тIе юхабогIу. Ма-дарра аьлча, бехкениг ву. Iедалера ца вохаран цIена классикан истори ю-кх иза.

Нохчийчохь боьдучу тIамехь, ши а дуьхь-дуьхьал лаьтта агIо кIажбухе кхаьчна, аьлла тешна ю Политковская. Ткъа жIаьвнний нуьйжанний юккъе нисделларг – маьрша адам ду.
XS
SM
MD
LG