ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровна Латкъам Бина ГIалгIайн Суьдхоша


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн лидер Евкуров Юнус-бек, 31Деч2009
ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн лидер Евкуров Юнус-бек, 31Деч2009

Шена оьшуш болу сацамаш бе бохуш, шайн балхана юкъагIерта Евкуров Юнус-Бек аьлла Оьрсийчоьнан президенте Медведев Дмитрийга латкъам бина ГIалгIайчурча суьдхоша. «Коммерсант» газето яздарехь, цуьнах лаьцна дуьйцуш ду цу республикерчу Суьдхойн кхеташоно тIеэцна болчу сацам тIехь. Цуьнан авторша дийцарехь, шаьш аьлларг деш боцу суьдхой махках баха гIерташ ду меттигера Iедалш



ГIалгIайчоьнан Суьдхойн кхеташонан гIантдас Даурбеков Мохьмада а, цуьнан кхаа когаметто а, тIе куьйгаш таIийна болу и сацам дIахьажийна Оьрсийчоьнан президенте Медведев Дмитрийга. Цуьнан копиш дIакхаьчна Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан гIанnдега Лебедев Вячеславе а, инарла-прокуроре Чайка Юрийга а, иштта Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал волчу Хлопонин Александре а.

«Оха дуккха а садиттира, тхайна президент чугIурташ воллушехь, хенан йохалла шен декхарш кхочушдеш кхечу Iедалан структурашца болх беш оьшуш долу зеделларг догIур ду-кха цуьнга бохуш, Конституцино ма-баххара, Iедал декъна хиларан кеп лар а йеш»,- аьлла ду суьдхоша Медведевга яздинчу кехат тIехь.

ГIалгIайчурча суьдхоша яздарехь, оццул чIогIа ца хиллехь а, цу кепппара проблемаш Iиттайелира церан хьалха ГIалгIайчоьнан хиллачу президенташца, инарлашца, Аушев Русланаца а, Зязиков Муратаца а. ГIалгIайчура суьдхоша дийцарехь и шиъ а вара «шайга куьйгалла де аьлла дIайелла йолчу территори тIехь, тIеман дакъа иза долуш санна, урхалла дан гIерташ». Амма Евкуров Юнус-Бек дуккха гена ваьлла аьлла хета цаьрна.

«Цкъа дуьххьара, цхьацца шаьш бина болчу сацамашна критика ян а волавелла, иза цхьа а бахьана а доцуш, бехке ян волаевелла ерриг а суьдан система, цигахь коррупци а ю, суьдхой терроран тIелетарш динчу нахана тIехIуьттуш а бу бохуш»- аьлла ду гIалгIайн суьдхоша Медведв Дмитрийга яздина долчу кехат тIехь.

«Евкуровс дIахьуш йолу суьдхой сийсаз баран кампани цхьа Iалашо йолуш ю: ша бохург ца деш болу суьдхой дIабахар, ша аьлча республикан Лаккхарчу суьдан гIаьнтада Задворнов Михаил дIаваккхар» - аьлла жамI ду суьдхойн кхеташоно динарг. Ала деза, Задворнов Махаил цу дарже хIоттийна хилар 2007-чу шарахь Сентябрь (Гезгамашан) баттахь, ша президент волчу хенахь, Путин Владимира.

ГIалгIайчурча суьдхошна хетарехь, Задворнов меттигера вахархо ца хиларе терра (хьалха иза куьйгалла деш хилла Тюменан кIоштIан суьдана) цхьаьнца тайпанийн а, кланийн а, гергарлойн а юкъаметтигаш йолуш вац республикехь. Цулсовнаха, цуьнан куьйгакIеллахь болчу нахана хетарехь, иза гIерташ ву суд цхьаннех а йоцуш ца хиларан кеп ларъян. Цул совнаха иза лоруш стаг а ву суьдхошна юкъахь, бохуш яздо кехатан авторша.

ГIалгIайчурча Суьдхойн кхеташоно сацам бина, ГIалгIайчура суьдхой дика болх беш а бац, уьш коррупци лелош хила а мега аьлла, Евкуровс зорбан гIирсашкахула дина долу дIахьедар сьудан Iедал сийсаздар а, иза дозуш доцуш хилар дохо гIортар а ду аьлла.

(ХIара материал эфирехь хилла 03 24 2010 )
XS
SM
MD
LG