ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Лерринчу Сервисийн Хьесапехь, Иракъера Хьал Гергарчу Хенахь Толур Долуш Дац


Цхьанатоьхна Штаташ -- Iедалан Жоьпаллин Офисан Iуналхо инарла Уолкер Дэвида тоьшалла до оцу Офисан Иракъан рапортан проект хьокъехь, Сенатан Арахьарчу ГIуллакхийн Комитетана хьалха, Вашингтон, 04Гез2007
Цхьанатоьхна Штаташ -- Iедалан Жоьпаллин Офисан Iуналхо инарла Уолкер Дэвида тоьшалла до оцу Офисан Иракъан рапортан проект хьокъехь, Сенатан Арахьарчу ГIуллакхийн Комитетана хьалха, Вашингтон, 04Гез2007

Iамеркан лерринчу сервисшна хетарехь, Иракъана лидершка куьйгалла ца дало пачхьалкхана. Ткъа иракъан кхерамазаллин ницкъашка, амеркан гIоьнций бен болх ца бало. Лерринчу сервисо арахецначу рапортан жамIо бахарехь, гергарчу эха шарахь кхин а чолхе дер долуш ду Иракъера хьал.

Iамеркан Коьртачу Талламан Урхалло а, ТIеман талламан агенталло а, кхечу Iамеркан лерринчу сервисашца цхьаний бинчу белхан хьесап ду, шарахь шозза арахьоьцу рапорт.

Иракъехь долчу Iамеркан эскаршна буьйр дечу инарло Петреус Дэвида а, оцу пачхьалкхехь Iамеркан векал волчу Кроккер Райана а карабогIучу Гезгмашан (Сентябр) баттахь Иракъерчу стратегин хьокъехь шайн хьажар довзийтале масех кIира хьалха арахецна хIара рогIера рапорт.

ТIаьххьара динчу Къоман Талламан хьесапо чIагIдарехь, ницкъ бар лакхарчу тIегIанна тIехь ду Иракъехь.

Цо бахарехь, кхерамазалла ларъярна тIехьажийна гIаьххьачул гIуллакхаш динера тIаьхьарчу ялх баттахь. ТIейогIучу хенахь а, цхьацца гIулчаш яхалур яра, Iамеркан эскархой тIехьа лаьттачу иракъан эскарша а, гIаттамхошна ондда дуьхьало еш, тIах-аьлла хилахьара. Амма, боху рапорто, иракъан ницкъийн хIинца а хьунарш дац эвсара дуьхьало латтон, шайна гIортор еш Iамеркан эскарш ца хилча. Цундела, Иракъера Iамеркан эскархойн терахь жимдича, хIинццалц баьхна кхиамаш а дIабевр бу.

Политикехь лаьцначух аьлчи, иракъан лидершка, дан ма-деззара, урхалла ца дало пачхьалкхана. ШиIаташ бу, пачхьалкхан политикехь шайниг тIедаккха гIерташ боху рапорто. Оццу хенахь, сунниташна ца лаьа, шайна жимъйина политикан статус тIелаца.

ШиIатийн а, суннийн Iаьрбойн а ши юкъаралла а ю, иштта, шайн юкъара башхаллаш билгалъйохуш. Коьртачу декъана иза къаьсташ ду, пачхьалкхан коьрта гIалахь БагIдадехь. Суннийн Iаьрбойл а дукха бу уьш хIинца цигахь. Ткъа Iедал, рапорто динчу хьесапца, шарахь, эха шарахь кхин а ледара хир ду. ХIунда аьлча, фракцешка декъа а делла, кхин а боккхачу политикан къийсамна тIедоьрзур долчух тера ду.

ТIебогIучу сентябр баттахь, Конгрессехь Иракъера хIоьттина ситуаци юьйцуш, демократаша а, республиканхоша а ойур долчу, андий дийцаршкахь лело гIирс белла хIокху рапорто. Конгрессо коьрта дакъа лоцу, Иракъерчу операцешна финансаш ялар къобалдарехь.

Iамеркан низамашкховдорхоша аьхкенан садоIу хан шайн харжамхошца цхьанакхетарш деш дIаяьхьира. Церан харжамийн гонашкара, дукхах болчу бахархошна, Iамеркан эскарш цIадоьрзуш гойла лаьа. Конгрессехь хир йолу дебаташ язъйийр ю, оцу лаамо а.

Иракъе а вахана веанчу, чIогIа Iаткъаме лоручу сенаторо-республиканхочо Уорнер Джона шинарин дийнахь кхайхкам бира Iамеркан президенте Буш Джордже, Iамеркан эскарш цIадало волало аьлла. Царах цхьа пхи эзар салти мукъа а, Керла шо тIекхачале шайн доьзалшна тIе кхачийта аьлла.

Уорнер: «Президент, цхьана шарахь Иракъера хьал, хаалучу кепара толург хиларан цхьа а догйовхо яц вайн» бохучу рапорто аьлларг тидаме эцча вайн йиш яц, вайн эскарш кхин дIа а, даиманна болчу кхерамна кIел дита. ХIумма а ца деш, куьйгаш меттах ца хьедеш, цхьа а сацам тIе а ца оьцуш Iойла яц.

Iамеркан эскархой арабахаро Иракъан премьер-министрана аль-Малики Нурина цхьа билгало лур яра, Iамерка Иракъехь даиманна лаьттар йоцийла элира Уорнера.

Дукха демократаша кхин а андий дIахьедарш дина, эскарийн доккхах долу дакъа я, ша долу эскарш масех баттахь оцу пачхьалкхера арадаха бохуш.

Цкъачунна, Буша юхатоьхна оцу кепара дIахьедарш, эскарш арадахарца боьзна сацамаш, тIеман буьйранчашна тIехь бу аьлла.

Iара материал эфирехь хилла 2007чу шеран Марсхьокху (Август) беттан 24чу дийнахь)
Ладог
Iа http://www.rferl.org/howtolisten/CA/20070824/ondemand.html

XS
SM
MD
LG