ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох Йийна Журналист Политковская Анна


Оьрсийчоь – Нохчийчоь, 08ГIа2006
Оьрсийчоь – Нохчийчоь, 08ГIа2006

Шоьтан дийнахь 7чу ГIадужу (Октябр) баттахь Москох йийна евзаш йолу оьрсийн журналист Политковская Анна. Шен чу йоьдуш, лифт чу йолучу минотехь, иза ен араваьллачу стага герз тоьхна цунна. Милицин белхахошна карийна, цунна уллехь охьакхоьссина тапча а, патармийн хIоьънаш а


Политковская Аннас болх беш хиллачу "Новая газетин" редакторан когаметто Ярошевский Виталийс дийцарехь, Кадыров Рамзанан режимца доьзначу, даккхийчу гIуллакхашна таллам беш яра журналист.

Ярошевский: Тахана цуьнан материале хьоьжуш дара тхо. Оршот дийнахь зорбане яла езаш яра иза. Тхан карахь яц иза. Кадыровн гонах а, цуьнца доьзна кхин а дуккха а хIуманаш дара цу тIехь хила дезаш.

Маршо радио: Нохчийчура набахтешкахь нахана тIехь барах лаьцна ша бечу талламах лаьцна, кIира хьалха Политковсаяс Маршо радион оьрсийн редакце иштта дийцира:

Политковская: Сан белхан стоьлан тIехь шиъ сурт ду. Со таллам беш ю. Кадыровн набахтешкахь нахана тIехь ницкъ барх лаьцна таллам беш ю со. Кадыровцаш лечкъийна бара и нах. Цхьана агIора кхеташ дац, хIунда лачкъийнера. Уьш байина, пиар ярхьамма. Cуна ала лаьа - оцу лечкъийначеран сурташ сан стоьлан тIехь ду - царах цхьаъ оьрcий ву, важа нохчи ву. Iалерой эвлана уллехь, Кадыровцашца тIом бина тIемалой санна гайтина бара уьш. Массарна а евзаш йолу истори ю иза. Вайн телевизионехула а, радиохула а, газеташкахула а дукха йийцина иза. Церан декъешна тIе а хIоьттина, Кадыров Рамзана къамелаш дира пачхьалкхан телевизионехула. Ма-дарра дийцичи, и адамаш цкъа хьалха лечкъа а дина, цул тIаьхьа дайина дара.

Политковская еро, оьрсийн журналистикина ондда тIеIаткъам бина

Журналистийн Бертан секретар Яковенко Игор: Наггахь бен ца хуьлу, цхьа а шеко йоцу хилам бу хIара - журналистан балхаца доьзна ду иза ер. Цхьаннен иза дIаяккха лууш хиларан билгалонаш ю, иза шен цIенна хьалха йийна хилар а, зулам динчу меттигехь охаькхоьссина герз карор а. Стаг вуьйчу говзанче ейтина хилар гуш ду. Оьрсийн журналистикехь номер цхьаъ яра Политковская. Репорташ ира хилара цуьнан, цхьаннега а оза-безам боцуш, бакъдерг дуьйцуш а, говза а хилара. Цуьнан метта хIотто абсолюттана цхьа стаг вац. Тхан журналистикехь яссаелла метиг ю иза. И санначу метте йома ца хIоттало. Суна хетарехь, тахана оьрсийн журналисташ, боцуш боцчу журналистийн талламана гонаха вовшах ца кхетахь, оьрсийн говза журналистика, цхьанна ханна дIаер ю. ТIаьхьарчу пхийттех шарахь 246 - хозза байина журналисташ. Цкъа а Iедалшка чомахь таллам бина, къаста ца даделла, царах цхьа а гIуллакх. ТIаьхьарчу хенахь Гуьржийн къомах болу нах лоьхкурш кIелхаьрбахарехь къахьоьгуш йолчу, Инарла прокуратурех цхьа догйовхо яц. Догйовхо, журналистийн талламехь бен яц. Иза хирг хиларх теша со.

Маршо радио: Шена тIехь лаьтташ кхерам буйла хуъушехь, бакъдерг дийцара Политковскаяс даиманна а. Ши эзар диалгIачу шарахь сентябр баттахь Бесланера школа закъалтана лаьцначу хенахь, кеманца цига яха новкъа яьллачу журналистана чайна чу дIовш теснера. Лоьраша сихонца гIо дар бахьанехь, Iожаллех хьалхаелира иза ши шо хьалха.

Дуьненаюкъарчу Журналистийн Федерацино кхайкхкам бина оьрсийн Iедалшка, сихонца Политковская йийнарш кара а бей, царна таIзар дайта аьлла. Политковская, керлачу оьрсийн журналистикехь уггар а майра яра элира, Федерацин инарла секретара Уайт Эдриена.

Уайт: Тхо вуно дика кхеташ ду, Политковская санна йолу журналистка ер, Оьрсийчохь, цхьана а низамо болх ца барах. Вуно дика гуш ду – кхин а дуккха а журналисташна иза кхераме дуйла а. Цхьа а шеко яц, иза ен стаг лаьцна хилла хилар. ЧIогIа маьIне ду, Путин Владимиран Iедало сихонца гIулчаш яха езий, иза йийнарш кара а бина, царна таIзар дайта.

Политковская Аннас болх беш хиллачу "Новая газетин" редакторан когаметто Ярошевский Виталийс дийцарехь, Кадыров Рамзанан режимца доьзначу, даккхийчу гIуллакхашна таллам беш яра журналист.

Ярошевский: Тахана цуьнан материале хьоьжуш дара тхо. Оршот дийнахь зорбане яла езаш яра иза. Тхан карахь яц иза. Кадыровн гонах а, цуьнца доьзна кхин а дуккха а хIуманаш дара цу тIехь хила дезаш.

Маршо радио: Нохчийчура набахтешкахь нахана тIехь барах лаьцна ша бечу талламах лаьцна, кIира хьалха Политковсаяс Маршо радион оьрсийн редакце иштта дийцира:

Политковская: Сан белхан стоьлан тIехь шиъ сурт ду. Со таллам беш ю. Кадыровн набахтешкахь нахана тIехь ницкъ барх лаьцна таллам беш ю со. Кадыровцаш лечкъийна бара и нах. Цхьана агIора кхеташ дац, хIунда лачкъийнера. Уьш байина, пиар ярхьамма. суна ала лаьа - оцу лечкъийначеран сурташ сан стоьлан тIехь ду - царах цхьаъ оьсрий ву, важа нохчи ву. Iалерой эвлана уллехь, Кадыровцашца тIом бина тIемалой санна гайтина бара уьш. Массарна а евзаш йолу истори ю иза. Вайн телевизионехула а, радиохула а, газеташкахула а дукха йийцина иза. Церан декъешна тIе а хIоьттина, Кадыров Рамзана къамелаш дира пачхьалкхан телевизионехула. Ма-дарра дийцичи, и адамаш цкъа хьалха лечкъа а дина, цул тIаьхьа дайина дара.

Политковская еро, оьрсийн журналистикина муха тIеIаткъам бина?

Журналистийн Бертан секретар Яковенко Игор: Наггахь бен ца хуьлу, цхьа а шеко йоцу хилам бу хIара - журналистан балхаца доьзна ду иза ер. Цхьаннен иза дIаяккха лууш хиларан билгалонаш ю, иза шен цIенна хьалха йийна хилар а, зулам динчу меттигехь охаькхоьссина герз карор а. Стаг вуьйчу говзанче ейтина хилар гуш ду. Оьрсийн журналистикехь номер цхьаъ яра Политковская. Репорташ ира хилара цуьнан, цхьаннега а оза-безам боцуш, бакъдерг дуьйцуш а, говза а хилара. Цуьнан метта хIотто абсолюттана цхьа стаг вац. Тхан журналистикехь яссаелла метиг ю иза. И санначу метте йома ца хIоттало. Суна хетарехь, тахана оьрсийн журналисташ, боцуш боцчу журналистийн талламана гонаха вовшах ца кхетахь, оьрсийн говза журналистика, цхьанна ханна дIаер ю. ТIаьхьарчу пхийттех шарахь 246 - хозза байина журналисташ. Цкъа а Iедалшка чомахь таллам бина, къаста ца даделла, царах цхьа а гIуллакх. ТIаьхьарчу хенахь Гуьржийн къомах болу нах лоьхкурш кIелхаьрбахарехь къахьоьгуш йолчу, Инарла прокуратурех цхьа догйовхо яц. Догйовхо, журналистийн талламехь бен яц. Иза хирг хиларх теша со.

Шена тIехь лаьтташ кхерам буйла хуъушехь, бакъдерг дийцара Политковскаяс даиманна а. Ши эзар диалгIачу шарахь сентябр баттахь Бесланера школа закъалтана лаьцначу хенахь, кеманца цига яха новкъа яьллачу журналистана чайна чу дIовш теснера. Лоьраша сихонца гIо дар бахьанехь, Iожаллех хьалхаелира иза ши шо хьалха.

Дуьненаюкъарчу Журналистийн Федерацино кхайкхкам бина оьрсийн Iедалшка, сихонца Политковская йийнарш кара а бей, царна таIзар дайта аьлла. Политковская, керлачу оьрсийн журналистикехь уггар а майра яра элира, Федерацин инарла секретара Уайт Эдриена.

Уайт: Тхо вуно дика кхеташ ду, Политковская санна йолу журналистка ер, Оьрсийчохь, цхьана а низамо болх ца барах. Вуно дика гуш ду – кхин а дуккха а журналисташна иза кхераме дуйла а. Цхьа а шеко яц, иза ен стаг лаьцна хилла хилар. ЧIогIа маьIне ду, Путин Владимиран Iедало сихонца гIулчаш яха езий, иза йийнарш кара а бина, царна таIзар дайта.

Политковская Анна йийна аьлла баьржинчу хаамо дог дохийна дукха нохчийн. Цуьнан артиклаш зорбане йовларе сатуьйсуш Iара ша хIора кIирнах.

Нохчийчоьнах лаьцна дуьнене бакъдерг дуьйцуш ерг и цхьа Политковская бен ян а яцара, кхин ишттаниг хир ю аьлча ца теша ша бохуш дийцира Маршо радиога, Европехь ехачу Лайлаа.

Нохчийчоьнах лаьцна цхьа моггIа материалаш ярна, ши эзар лагIчу шеран январ баттахь "ОЬсрийчоьнан дашо къолам" боху совгIат делла. Кхин дуккха а совгIаташца билгалъяьккхинера иза, Оьрсийчура а, дуьненаюкъарчу а организацеш.

Бакъоанашларъярехь къахьегарца евзаш а яра Политковская – байинчу салтйин наношна гIо дора цо, Оьрсийн тIеман министраллехь а, Нохчийчохь вовшахтоьхначу оьрсийн тIеман штабехь а йолчу коррупцех лаьцна а дийцара.

Политковская Анна йийна аьлла баьржинчу хаамо дог дохийна дукха нохчийн. Цуьнан артиклаш зорбане йовларе сатуьйсуш Iара ша хIора кIирнах.

Нохчийчоьнах лаьцна дуьнене бакъдерг дуьйцуш ерг и цхьа Политковская бен ян а яцара, кхин ишттаниг хир ю аьлча ца теша ша бохуш дийцира Маршо радиога, Европехь ехачу Лайлаа.

Нохчийчоьнах лаьцна цхьа моггIа материалаш ярна, ши эзар лагIчу шеран январ баттахь "ОЬсрийчоьнан дашо къолам" боху совгIат делла. Кхин дуккха а совгIаташца билгалъяьккхинера иза, Оьрсийчура а, дуьненаюкъарчу а организацеш.

Бакъоанашларъярехь къахьегарца евзаш а яра Политковская – байинчу салтйин наношна гIо дора цо, Оьсрийн тIеман минитсраллехь а, Нохчийчийчохь вовшахтоьхначу оьсрийн тIеман штабехь а йолчу коррупцех альцна а дийцара.



(ХIара материал эфирехь хилла 2007чу шеран ГIадужу (Октябр) беттан 7чу дийнахь)
ЛадогIа http://www.rferl.org/howtolisten/CA/20061007/ondemand.html
XS
SM
MD
LG