ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелан КIоштера ТIаьххьара Висинчех Ши ТIемало Вийна Низамхоша


Сиржа-эвлана йистехь лерина операции а йина, вийна волу ЮсупхаджиевгIеран ши ваша, Шела кIоштахь хиллачу тIемалойх тIаьххьара вара бохуш дуьйцу ницкъаллийн структурашкахь. Амма цхьана кIоштахь тIемалойн доь дайина аьлла йолу и информаци гIараяккха сих ца ло уьш.


Сиржа-эвлана йистехь тусавеллера, тIемалойн могIанашкахь шайн жигараллица гIараваьлла волу, Шела гIалара ши вахархо Юсупхаджиев Абурайд а, Асхьаб а. И шиъ гучуваккха боккха болх бинера кIоштан милицийн декъо а, къайлахчу сервисо а. Дукха хан йоцуш, цигарчу милцойн хьаькам хилла волу Даудов Мохьмад, «Лорд» цIе яьккхича дика вевзаш волу, вице-премьер хIоттийначул тIаьхьа, оцу меттера тIемалойн дIабахар, цуьнан коьрта Iалашо ю.

Дийцарехь и операции, ма хетта, атта дIа ца яхьаеллера. Вукху шиммо буьрса дуьхьало йина хилла. И шиъ схьалацарх гIуллакх хир доцийла кхетча, вен сацам бина операци дIахьучара. Шегара герз кхачаделча, граната буйна а йоьллина, иза милцошна юкъа кхосса гIоьртина шина вешех цхьаъ. Коьртах тапча тоьхча, шен карара яьллачу граната тIе а воьжна, иккхина.

Вийна волу ЮсупхаджиевгIеран Абурайд а, Асхьаб а, Гакаев Муслима буьйралла дечу тIемалойн тобанна юкъахь а хилла, федералан лехамашкахь а хилла, бохуш чIагIдо низамхоша. Иттанаш бу боху цу шиммо байина болу милцой а, эскархой а.
Шоьтан дийнахь йолийна йолу и операции, кIирандийнахь делкъхенахь дIайирзира. Оцу меттигана гонахь йолчу хьаннашкахь кхин бисина тIемалой буй хьожуш, бехха талламаш бира низамхоша, шовкъе бахханчуьра. Амма, уьш хилла лар а ца карийна цигахь.

Нохчийчохь тIеман хиламаш дIабаьлла, тийналла а дIахоьттина аьлла, юккъаралла тешо гIерта Нохчийчура Iедал. Кадыров Рамзана емалдира, махкахь долчу оьрсийн эскархойн тобанна буьйралло тIемалойн терахьах дина долу дIахьедар. Иза цунна довзийтира министрийн кабинетехь, ницкъаллийн структурашкахула волчу вице-премьера Даудов Мохьмада. Эскархойн хьосташа чIагIдарехь, Нохчийчохь хIинца а висина ву 198 тIемало.
Нохчийчоьнан куьйгалхочой, оьрсийн эскархошший, оцу терахьех дуьйцург дукха хенахь дуьйна галморзах дуьйлуш ду.

ХIинца а Кадыров реза ца хилла цара бохучунна. Нагахь санна, оццул тIемало хьаннашкахь цара ву бохуш делахь царга хатта деза «уьш хIун деш бу уьш схьа ца луьйцуш?» Цаьргара жоп деха деза республикан куьйгалхой а, Iедал а лела дезаш дац и операцеш дIахьуш. ТIаьххьарчу операцехь дакъа лоцурш ша верг нохчий хилар долчух тера ду, Кадыровс бохург. Массийта шо ду цо ша, махкахь бисинчарех 50-60 бен тIемало вац бохуш долу. Ткъа, хIара шо доладелчхьана дуьйна, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамашца, махкахь вийна а, дIалаьцна а 65 тIемало ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG