ТIекхочийла долу линкаш

Удугов: Нохчийн Пачхьалкх Тахана Йолуш Ю


Нохчийчоь, Удугов Мовлади, 1997

Нохчийчоь, Удугов Мовлади, 1997

ДIадаханчу кIирнахь, оха хаам ма-барра, керла кхо указ арадаьккхина Нохчийн тIемалойн хьалханчас Садулаев Iабдул-Хьалима, шен Iедалехь реорганизаци еш. Оцу указех а, кхин а цхьамогIа кхечу проблемех а лаьцна оха къамел дира Пачхьалкхан ТIеман Комитетехь Къоман Информацин Сервисан Директор хIоттийна волчу Удугов Мовладица. Интервью кечъина Аюбов Аслана


Цкъа хьалха ши-кхо дош оцу указех лаьцна. ДIабаханчу августехь кхоьллина йолу арахьарчу политикин а, гуманитарин блок дIасхьахоьцуш ю хIинца. Шен балхара мукъаваьккхина оцу блокан коьртехь лаьттина волу вице-премьер Закаев Ахьмад. Цуьнгахь дуьсуш дерг Културан министран дарж ду. Шайн даржашкара паргIатваьккхина кхин а виъ министр, амма царах цхьанна, Удугов Мовладина, керла болх кховдийна. ХIинца дуьйна, хьалхо ма-алларра, Къоман Информацин Сервисан Директор хир волуш ву и.

ХIинцалерчу хьелашкахь, гуобаьккхина лаьтташ Оьрсийн эскарш а долуш, хIайт-аьлла хьийзаш леррина сервисаш а йолуш, аьтто буй те керлачу кабинетан Нохчийчохь болх бан, аьлла, хаттар делира асa Удуговга, тхойшин къамел дIадолалуш.

Удугов Мовлади: МостагI, шен болх беш, къахьоьгуш, вайна дуьхьал болх беш ву мостагI, дуй. Оцу мостагIашана дуьхьал болх беш вайнаш а бу. Цундела, вайна ма-хаъара, и тIом 7 шаре бирзина. ТIом дIабоьдуш бу. МостагIчо болх мел бо, вай цунна дуьхьал болх беш ду. ТIаккха, вайн министр, нагахь санна чохь хилча тахана, суна гIолехь хета. ХIунда аьлча, вай цхьа хIума хатта дезаш ду вай, цхьа хIума хьажа дезаш ду вай, дуй.

Масала, тахана цIахь тIом бу боьдуш, дуй. МуджахIидийн чов хуьлу. ТIаккха, и чов дIаерзош, цунна молханаш латтош, цунна дарбанаш деш, эшахь, цунна операци еш, мила ву тахана, масала, цIахь, дуй? Шортта кIентий ма бу, буй, и латтош.

ТIаккха, оцу кIенташна юккъера харжа веза министр, дуй. ТIаккха, вайн цIахь, масала, тахана я листовка арахоьцуш, я маьI-маьIIехула наггахь я радио, я телевидени гучуйолуш, я газета арахоьцуш, муджахIидашна накъостий белахь, уьш хила безаш бу тахана министр информации и печати. ЦIахь хила везаш ву, дуй. Тахана, шен и тIом шен белшаш тIе а нисбина, шен дукъ дIа а лаьцна, дуй хьуна, тIом дIакхоьхьуш болу муджахIидаш -- уьш хила безаш бу вице-премьераш, дуй.

Уьш хила безаш бу тахана, дуй, мехкан Iедал, мехкан дай. ХIунда аьлча, тахана уьш махкахь бу. И мохк ларбеш бу уьш. ТIаккха, и мохк ларбечеран карахь хила дезаш ду Iедал, дуй. И ду коьрта маьIна оцу гIуллакхан. Ткъа мел аьттонаш хир ду аьлча, соьга хаьттича, тахана арахь, масала, болх бан безаш верг министр иностранных дел ву. Тахана и тоьар волуш ву, дуй.

Маршо Радио: Интернетехь тIаьххьарчу хенахь полемика яьржинера Нохчийчоьнах а, Нохчийн халкъахь а хьакхалуш йолу проблемаш йийцаре еш. Цунна юккъехь дакъа ахьа а лецира. Оцу дискуссин коьрта чулацам хIун бара, аьлла, хаьттира ас кхин а Удугов Мовладега.

Удугов: Дискусси аьлча а, иза вайна хетарг ду вай олуш дерг, дуй. Вай мел чIогIа дискусси йича а, тIаьххьара сацам вайн Iедалан карахь ду. Ткъа Iедал, вайна ма-хаъара, вайн цIахь ду. Вай дIабохуш дерг а, дIаолуш дерг а, дIахоуьйтуш дерг а, гIарадоккхуш дерг а вайна хетарг ду. Деллахь, иштта дича, муха хир дара те, аьлла, дуй.

Тахана вай бохург хIун ду: Деллахь, и вайн Iедалан кеп, вайн пачхьалкхан кеп тахана и хан-зама хийца ма делла вайн. Тахана мелла а вайн Iедалан кеп, вайн пачхьалкхан кеп оцу хенаца, оцу хийцаелчу условешца нийса догIий те?

ТIаккха, вай беш болу тIом, нагахь санна, тахана хIун тIом бу? Хьанна дуьхьал, хIунда беш бу вай и тIом, дуй? И вай и къастийна долу и хаттарш хIутту. ХIунда аьлча, масала, в 1999 году вай, ма-хаъара, президент Масхадовс, указ а тоьхна, конституционни шариатски реформа йийр ю вай аьлла, комисси вовшах а тоьхна, и комисси болх бан йолаелира.

ТIаккха, тIамо и болх сацийнера. Амма хIокху тIама тIехь гучудаьлларг хIун дара? Гучудаьлларг дера дара: тахана оцу мостагIана дуьхьал а бевлла, тIом беш болу нах -- тахана бусулба нах бу. И мохк а, и пачхьалкх а лардеш берш бусулба нах бу. Цундела оцу пачхьалкхан кеп бусулба хила езаш ю. СхьахIуттуш сурт иштта ду, дуй.

ХIокху тIама тIехь гучудаьлларг хIун дара? Гучудаьлларг дера дара: тахана оцу мостагIана дуьхьал а бевлла, тIом беш болу нах -- бусулба нах бу. И пачхьалкх ларъеш берш бусулба нах бу. Цундела цуьнан кеп бусулба хила езаш ю.
Вай тахана, шарI дуй, шарI, и цунах эхь а хетта, Деллахь и дацар вай-м дуьйцуш дерг [алар] -- иза нийса ца хета суна, масала. Амма юха а, тIаккха а боху, и дискусси а, и аьлларг а, и дийцинарг а вайн мненеш ю. И суна нормально а хета. ХIунда аьлча а, вай, масала, [Садулаев] Iабдул-Хьалимс маситтаза аьлла а ду, тIаккха, шайна хетарг схьаала а, тIаккха, шайна гуш долу хьал а, шайна гуш йолу проблема а схьахаийта а. Амма цхьа хIума бакъду хIокхузахь: Iедалехь, нагахь санна, стаг велахь, оцу Iедалан нах и публични дискусси дийца а, къаста а -- иза нийса дац. И боху, масала, вайн тахана президенто Iабдул-Хьалимс.

Маршо Радио: Итт шо хьалха санна, толам а баьккхина, Нохчийн тIемалоша Iедалан архаш кара эцахь, хIун тайпа пачхьалкх кхолла еза цара, муьлхачу политикан бух тIехь хила езаш ю и, аьлла, хаттар делира ас Удуговга.

Удугов: Аса сайна хетарг эр ду, дуй. Иза аса юха а, тIаккха а боху, сайна хетарг бохург хир ду шуна и. ЦIахь кара герз а эцна, оцу мостагIна дуьхьал тIом бешчара -- и церан дош хила дезаш ду, ишта хир ду, аьлла, дуй. Тахана, вайна ма-хаъара, бусулба нах шайн Дела дуьхьа къахьоьгуш бу, дуй. Церан къахьегар, Деллахь, хIокху Нохчийчохь, оцу Кавказехь, дуй, шарI хир дацара те, аьлла, дуй, къахьегар ду, дуй. Кхин цхьанна а хIуманна дуьхьал, кхин цхьанна а хIуманна къахьегар а дац церан, дуй. Цундела, схьахетарехь, вайн мехкан Iедал а, вайн муджахIидаш а -- церан дог-ойла цхьаъ ю: вайн шарIан пачхьалкх хила езар, дуй. Ткъа кхин а цхьаъ ду.

ШоллагIа, и пачхьалкх тахана йолуш ю, дуй. Йолуш ю, оцу муджахIидийн ког дIахIоьттина болу меттехь и шарI долуш ду, дуй. И ду вай тахана дуьйцуш дерг, кхин хIумма а дац, дуй. Иза вай, хIан-хIа, вай хIинццалц мел динарг дIадаккха деза, тIаккха хIинца с нуля дан дезаш ду вай, аьлла, ишта а дац и, дуй. Вай хIинццалц динарг доккха хIума а ду, дуй, с девяносто первого года, дуй. Иза боккха болх бу. Тахана оцу вайн къомана и хьал гуш ду.

Маршо Радио: Таханлерчу дуьненчохь цхьа а пачхьалкх гой хьуна, Нохчийн пачхьалкхана модел хила мегар йолуш, аьлла, кхин а хаьттира ас Удугов Мовладега.

Удугов: Массо бусулба нехан модель цхьаъ ю: вайн Пайхамара (IалейхIи салату ва-салам) -- цо лелийна болу неккъий, цо хIоттийна йолу пачхьалккхий. ТIаккха, иза Нохчашна модель а ю иза. ТIаккха оцу дуьненчохь мел болу бусулба нахана модель ю. Схьахетарехь, оцу модельца нисдан а гIерташ, оцу новкъахь вай къахьегча, Делан кхинхетам а хир бу, Дала вайна гIо а дийр ду, дуй.

Маршо Радио: Цхьа эзар исс бIе дезткъе йолхуьтталгIачу шарахь, Нохчийн тIеман дуьхьало Iедале кхаьчча, оцу Iедало дIакхехьначу политикин хIун мах хадор бара ахьа, аьлла, хаьттира аса кхин а Удуговга.

Удугов: Деллахь, и чIогIа дуьйцу и, дуй. Масала, 96-99 год эр ду-кх, оцу юьккъехь, оцу кхаа шарахь, дуй. ТIаккха къаьсттина гIазкхаша чIогIа дуьйцу и -- о-о, беспредел хиллий, вай, иза хиллий ва важа хиллий. ТIаккха тахана таханлерчу хьоле хьаьжча, Деллахь, ма дика зама яра и, ма паргIат зама а яра и, дуй. Вай ма-дарра и дийцича, дуй.

Амма цхьа хIума ду: хIоккхузахь, Деллахь, проблемаш а ма яра, дуй. ТIаккха дуккха а харцонаш а ма яра, дуй. Нахана гуш ма яра и, дуй. Амма цхьа хIума хаа дезаш ма ду вай, дуй: гуобаьккхина мостагI а волуш, шен къайлахь болх а беш, тахана вайна гуш ма ду и, цу хенахь Iедалехь болу нах, къаьсттина оцу КадыровгIара, кхечара, ЯмадаевгIара и так далее, дуй, и беспредел лелийнарш уьш ма бу.

ТIаккха и хIунда лелийна цара и беспредел? ТIаккха нах хIунда лачкъийна? ТIаккха нехан коча хIунда ихна? Тахана гуча ма даьлла и, даьллий? ХIунда ихна? ГIазкхаша царна приказ а делла, шайн ФСБ-н белхалой, шайн болх дIакхоьхьуш хилла цара, дуй. ХIунда кхоьхьуш хилла? Иза официально Iедал когаметта ца хIоттийта, чIагI ца далийта, тIаккха нехан гIуллакх дIа чекх ца далийта, Нохчийн пачхьалкхан гIуллакх чекх ца далийта, болх беш бара.

Амма оцу балхана дуьхьал Iедало всё равно болх беш хилара, дуй. Мелла а проблемаш а яра гуобаьккхина, дуй. Амма оцу проблемашна дуьхьал къийсам а латтош, далуш дерг дан гIерташ а, къахьоьгуш, тIаккха мелла а и модель билгалъяккха гIерташ (вайна ма-хаъара, в 99 году, ас ма-аллара, Масхадов Аслана, указ а даьккхина, шариатски конституционни реформа йийр ю, аьлла) ишта цхьа белхий вовшахтоха гIерташ, къахьоьгуш, схьабогIуш ма бара вайн Iедал-нах.

Тахана -- суна лично тамашийна хета иза -- гуобаьккхина мостагI хилча, оцу мостагIо тIетаьIна дуьхьал болх беш хилча, тIаккха и болх чекх ца баьлча, тIамца-эскарца чувеана хилча, тIаккха юха а, тIаккха а тахана вайн цIахь долу хьал нахана гуш хилча, тIаккха нахана сов, вайн политикаш бу бохуш болу оцу вайн векалшна гуш хилча, тIаккха юха а, тIаккха а хIунда дуьйцу те, дуй "Деллахь, в 99, 96 году, Деллахь, ма чIогIа вуон дара". Деллахь, проблемаш ян ма яра. Но вуон ма дацара, дуй. Вуон муха дара, дуй, паргIат нах, дуй, тахана долу хьал хьажа, тIаккха цу хенахь хилла долу хьал хьажа. Джохар волчу заманчохь хилла долу хьал а хьажа, дуй. Тахана и пропаганда ю еш, дуй.

Маршо Радио: ДIабаханчу декабр-баттахь Маршо радионо хеттарш дайтинера Нохчийчохь а, ДегIастанахь а, Кхарачойн-Чергазойн Республикехь. Оцу хеттаршкахь дакъа лецира 3 эзар стага. Инзар валлал, тамашийна жамIаш дар цуьнан. Оьрсийн Федерацин хIун мах хадор бара аша, аьлла, шайга хаьттича, 82 процент чергазоша дика мах хадийра цуьнан. Суьйлашна юккъехь и терахь кхин а лекха ду: Оьрсийн пачхьалкхехьа дика ойла йолуш 94 процент вара оха хеттарш динчу Суьйлашна юкъахь. Амма уггар тамашийна дара Нохчийчохь тхуна гучудаьлларг: иттана юккъехь ялх Нохчо реза ву Оьрсийн Федерацина. ТIамо Нохчашна оццул бохам беанашехь. Иштта нехан дог-ойланаш а йолуш, атта хир дуй те, оцу Оьрсийн пачхьалкхах дIа а хедаш, шарIан бух тIехь Нохчийн я Кавказхойн пачхьалкх кхолла? Удугов Мовладис иштта жоп делира оцу сан хаттарна:

Удугов: Деллахь, и еш йолу опросаш, вайна хаа ма хаьий, опросаш муха еш ю. ТIаккха но иза дуьйцур дац вай, дуй, и опросаш муха йина, аьлла, дуй. Допустим, боккъала ишта хилийта и, дуй. Но кхузахь цхьа хIума ма ду, тидаме эца дезаш, дуй. Масала, оцу Нохчийчохь аша и гIазкхийн эскар дIадаккхийша, дуй. ТIаккха хаттар дайша оцу нахе, дуй. ТIаккха хIун проценташ гур ю шуна, дуй? Масала, оцу ДегIастанчохь, дуй, и ФСБ дIаяккхийша, дуй. ТIаккха и ФСБ дIа а яккхий, гIазкхий дIа а баккхий, тIаккха хаттийша нахе, дуй. ТIаккха гур ду шуна, дуй, хIун процент хир ю, дуй.

Маршо Радио: Оьрсийн пачхьалкхаца юкъаметтигаш муха къасто еза? Цунах лаьцна хьайна хеташ дерг алахь, аьлла, дийхира аса Удуговга.

Удугов: Вайн президенто Iабдул-Хьалимс аьлла ду шен интервьюхь, вайн юкъаметтиг шарIо ма-бохху къастор ду, дуй. ТIаккха шарIо боху вайга тахана, дуй, шайна дина долу зулам ма дита. ТIаккха вай хIинццалц, тIом чекх баьлчахьана, эскар арадаьлчахьана, тоам беш Iийна вай, дуй. Тахана оцунах гIуллакх хир дац, дуй. Юха а, тIом чекх баьлчахьана, эскар арадаьлчахьана, вайн тоам бахь, шо далале, ши шо далале, кхо шо далале, и эскар юха схьачудогIур долуш ду, дуй. Цундела и куьгбехке болу нах -- царна таIзар дан дезаш ду, дуй. Уьш бита мегар бац, дуй.
ХIинцалц вайн Iедалша а, вайн лидерша а дина цхьа гIалат ду -- вайна дина долу зулам вай царна дитина. ХIинцачул тIаьхьа, Даламукълахь, вай и дуьтур дац...

Иза Iабдул-Хьалимс аьлла а ду шен интервьюхь, хIинцалц вайн Iедал, вайн лидерша йина цхьа гIалат ю -- иза вайна дина долу зулам вай царна дитина. ХIинцачул тIаьхьа, Даламукълахь, вай и дуьтур дац, аьлла а ду оцу Iабдул-Хьалимс. ТIаккха шарIо бакъо лахь, машаре къамелаш а дийр ду вай, шарIо бакъо лахь, тIом а бийр бу вай, шарIо бакъо лахь, дуй, цхьана стоьла тIе охьа а хевшина, вовше, дуй, къамелаш дийр ду вай. Вайн, инша-АллахI, Дала мукълахь, цIахь шарIан Iедал ду. ТIаккха шарIан дай бу, дуй. Царна гIоли хуур ду дан дезарг, дуй.

Маршо Радио: Удугов Мовлади цIера ваьлла, гIехь хан йолун дела, массарна вевзаш вац и Нохчийчохь, амма шех лаьцна дийца кхин башха лууш вацара и. Интервью чекх йолуш, цхьа хIума хаьттира ас цуьнга: наггахь хеза, наха дуьйцуш, дIа Кхатарехь Iаш хилла волу Яндарбиев Зеламха, машен чу бомба а йиллина, эккхийтина; Лондонехь Iаш волу Закаев Ахьмад дIавоьхуш ву, террорист ву бохуш. Хьан оцу балех хьалха вала аьтто муха болу. Удуговс делла жоп ишта дара:

Удугов: Хаа дезаш ду цхьа хIума, дуй: в 2000 году, со Турцехь волуш, оцу гIазкхаша запрос йинера Туркошка, дуй, со выдать вен, аьлла, дуй. Амма буквально за два дня до этого со Турцера араваьлла вара. ТIаккха где-то через два дня, цара запрос а йина, тIаккха вукхара, со Турцехь вац, аьлла, дуй, дIа а хаийтинера. Цул тIаьхьа со кхаьч-кхаьчна волу меттехь цара запросаш еш ю. Бакъдерг дийцича, сан социйла а ца хуьлу. ТIаккха ма-дарра дийца йиш яц хIоккхузахь дерг, дуй. Амма запросаш-м еш ю, дуй, Делан денна, дуй. ТIаккха и хаа луучарна и просто шайн газеташка, шайн интернете хьаьжча а, гур ду иза.

ТIаккха со волу-волу меттехь царна, гIазкхашна, примерно билгал долуш а ду. ТIаккха со дIакхаьч-кхаьчна меттехь, дуй, официально постоянно запросаш еш ю, лаца, схьалаца, тIаккха схьало, бохуш, дуй. Делан къинхетамца цкъачунна иштта церан гIуллакх ца хуьлуш, иштта, схьадогIуш ду вай. Цул сов, тIаккха гIазкхаша мел еш йолу запросаш хIокху ара болу пачхьалкххаша а, Iедалша а гIазкхий тергал беш а бац. ТIаккха смотря какая страна, конечно, дуй. Цундела просто Делан къинхетам бу цкъачунна, дуй. Кхин дIа хIун хир ду, ца хаьа. Даламукълахь, вайн къахьоьгуш ду, болх беш ду. Болх бийр болуш а ду, Даламукълахь.

Маршо Радио: Удугов Мовладис маситтаза билгалдаьккхира шен къамелехь ша дуьйцуш дерг шена хеташ дерг хилар. Амма цо айъина теманаш массо Нохчочух хьовха, массо кавказхойх хьакхалуш хиларна, оха кхин дIа а дуьйцур ду царах лаьцна тIейогIучу программашкахь. Шайна хетарг ала оха кхойкхур бу политикаш а, Iилманчаш а, Iеламнах а. Амма къаьсттина тхуна хаа луур дара, Нохчийчохь тIеман халонаш Iуьйшуш болчу могIарерчу нахана хIун хета царах лаьцна.

(ХIара интервью дуьххьар эфире яьллера 2006 шеран чиллан (феврал) баттахь)

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG