ТIекхочийла долу линкаш

Дуккха Низамхой Бу Iедалан Ахча Эрна Дойуш


Нохчийчоь -- мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан баркалла олуш ву Iаьрби Абу Халед вийначу оьрсийн тIеманхошна, 18Заз2010

Нохчийчоь -- мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан баркалла олуш ву Iаьрби Абу Халед вийначу оьрсийн тIеманхошна, 18Заз2010

Нохчийчура дахар маьршачу хорша хIотта дуоладелчхьана дуьйна, арахь наггахь бен гур бац оьрсийн эскархой я тIебаьхкина болу милцой. Дукха хьолахь, церан болх, шаьш лаьтта меттиг ларъярца боьзна бу. Оцу кепара, тIебаьхкина болу и ницкъаш, махкахь эрна хан йоккхуш хета Нохчийчоьнан Iедалшна. Мел еш йолу тIеман операци нохчаша еш хилча, муххале а. Махкарчу ницкъаллийн структурийн куьйгалхой гул а бина дIаяхьначу кхеташонехь массийта дIахьедар дира Кадыров Рамзана, Iедалан ахчанаш эрна дойуш ду аьлла.


Кхеташо, лерина яра, тIемалойн терахьанна. Хууш ма-хиллара, нохчийн а, оьрсийн а низамхойн, уьш галморзах дуьйлуш ду. Хьалхарчара - ши бIе ца кхоччуш ву боху. Ткъа кхерамазаллин сервисо 500-600 ву боху хIинца а. И терахьаш мичара довлу элира республикан вице-премьер волчу Даудов Мохьмада. Иза ша а ву массийта шарахь, Шелан кIоштан милицин коьртехь лаьттина, цундела махкахь йолу ситуации, дика йоьвзуш ву ала мегар ду. Кхеташо оьрсийн маттахь дIаяхьира, цигахь, ша-верг аьлча санна, цхьа кхо-виъ дIаваьккхича, оьрсийн волун дера.

Даудов Мохьмад: Церан спискаш (цIейозанна) тIехь волу 400-500 стаг, хIоттийна ю, дозанал а арахь бехачарех а цхьана. АхмадовгIеран вежарий, Махк-тIера волу, цхьа куьг долу Iимранний, саннарш бу цара цу юккъе бахийтина. Аса, дукха хан йоццуш, 24 Оханан (Апрель) баттахь махкахь мел долчу милицийн декъан куьйгалхошка хаьттина, маса стаг ву хIораннен кIоштахь тIемалошна юкъахь, аьлла. Милицийн хьакаманна, ФСБ-н чул а дика хаьа, ша мила лоьху. Соьга цара еллачу спискаш (цIейозанна) тIехь 198 стаг ву. Стомара дийнахь шиъ вийна, 196 стаг вуьсу тIаккха. Ткъа мичара ваьлла 400-500 стаг? Цкъа а цIа богIур боцу евротIемалой а бу царна юккъахь. Сунна хаьа, "литерни" олуш долу гIуллакхаш долад, хьалхао хиллачу тIемалошна дуьхьала. Хьалхарчу тIамехь дакъа лаьцна хиллехь а, хьо жоьпе озаво. И санна болу нах а бу цу цара юьйцучу спискашна (цIейозанна) юкъахь.

Маршо радио:
Цхьанакхетарехь Кадыров Рамзана, юьхь-дуьххьала хаттар делира низамхойн хьаькамашка, зуламхой дIа хIунда ца бахало, оццул ницкъ хилча, аьлла.
Оццул дукха ницкъ а, гIирс а бу Нохчийчохь, ткъа зуламхой дIа бахалуш бац вайга.

Кадыров Рамзан: Оццул дукха ницкъ а, гIирс а бу Нохчийчохь, ткъа зуламхой дIа бахалуш бац вайга. Вай куьйгаш а лаьцна, хIокху махкахула чекхдоьвлча а, схьалацалур ма ву вайга мел волу зуламхо. Уьш лелаш а, уьдуш а, чубогIуш а бу. Стенга боьлху уьш? ТIурнене хьала ма ца боьлху уьш. Кхузахь, латта тIехь ма бу уьш, ярташна гена доццуш.

Маршо радио: Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцучунна жоп луш стаг вацара. Махкахь, деш хIума а доцуш Iаш болу низамхой а хьахийра цо шен кхамелехь. Уьш эрна ахча дууш бу аьлла, тидам бира цуо.

Кадыров Рамзан: Иттанаш эзарнаш болу и нах, вай долчехь уьш хилар бен, кхин хIума деш бац. Царна уггаре а дика гIирс а ло, Оьрсийчохь, бахархоша луш йолчу йолан доккха дакъа доьду уьш кхабарна. Ткъа царгара схьаболуш цхьа а пайда бац.

Маршо радио: Дийца-дуьйцуш, къамел тIе дахара, тIеман хьелашкахь эскархоша байинчу а, цара дIалаьцначул тIаьхьа байначу нахана а. И гIуллакхаш хIунда толлуш дац аьлла, республикан прокуроре Савчин Михаиле хаьттира мехкан куьйгалхочо. Вукхо шена тIера бехк дIабаьккхира.
Уггар лакхахь политикан лаам ца хилар ду бахьана. Билггал сигнал яц. Сигнал хилахь толлур ду, ца хилахь - толлур дац.

Савчин Михаил: Кехат тIера а доцуш, ма хуьллу, бакъдерг дийца хьожур ву со. И хаттар дукхах болчара ойуш а ду, иза ладаме а ду. Ахь бохучунна жоп луш ала мегар ду, уггар лакхахь политикан лаам ца хилар ду бахьана. Билггал сигнал яц. ТIеман Талламан Комитет ю и гIуллакхаш толлуш ерг. Цунна тIедиллина иза. Сигнал хилахь толлур ду, ца хилахь - толлур дац. Оперативан хаамаш бу, зуламаш эскархоша дина аьлла. Амма, юристийн агIора и тоьшалш доцуш ду. Ткъа, уьш каракхача, тIеман министраллийн архив кегон еза. Ткъа цара олу и хаамаш къайлаха а, къевлина а бу. Ца ло. Ас Инарла Прокуратуре а яздо цунах лаьцна. Цара соьга олу, иза пачхьалкхан къайле ю олий. Ишшта, цхьа къовлабелла гуо кхоллало-кх цуьнах, Рамзан Ахматович. Политикан лаам беза цигахь.

Маршо радио: Оьрсийн эскархоша Нохчийчохь дина долу зуламаш талла политикан лаам безаш хилар, Савчин Михаила ца аьлчи а, хууш дара. Иза массо хенахь дуьйцуш дара, тахана, мелла а, къера хилла Iачу нохчийн бакъонашларъярхоша. Оьрсийн пачхьалкхан куьйгалхойн дикачу чоьтехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIедужу и лаам хилийтар. Бакъду, цо и хIума юьхьарлацахь, иза ца до аьлла-м дац, хинццалц хиллачу масалшка хьаьжча.
XS
SM
MD
LG