ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан Президенталлин Мах Хадош Бу Аналисташ


Оьрсийчоь -- Сухов Иван, "Время Новостей" газетин хьажархо, Москохара студи, 26Чил2008
Оьрсийчоь -- Сухов Иван, "Время Новостей" газетин хьажархо, Москохара студи, 26Чил2008

Май беттан деношкахь оьрсийн президентан даржера дIавоьдучу Путин Владимира 8 шарахь бинчу белхан жамI деш бу дуккха а арахьара а, Оьрсийчура а аналисташ. Путин пачхьалкхан коьртехь волуш, федералан Iедалан дукхах болу ницкъ, Iедалан архаш алссам центран карахь дисийтарна тIехьажийна хилла хилар билгалдоккху цара, коьртачу декъана. Путина кхоьллинчу Iедалан системин а, цо тIевогIучунна юьтучу тIаьхьалонех а лаьцна "Время новостей" газетин хьажархочуьнца Сухов Иванца къамел а дина, хIара материал кечъйина Умарова Аминас


Ша берг, бохург санна, Iедалийн ницкъ "административан ирхалла" кхолларна тIехьажийна бара Оьрсийчоьнан президентан даржехь Путин волуш, боху коьрта жамI ду аналисташа, цуьнан бархI шеран белхан мах хадош динарг. Царах ву Оьрсийчохь зорбане долучу "Время новостей" газетин хьажархо Сухов Иван.
Путинан администрацино регионашца уьйраш тасарна тIе шортта тидам бахийтина хиллехь а, кхоьллинчу системин шортта кхачамбацарш ду


Сухов: ЖамIаш, халахеташ делахь а, дог ойуш дац. ХIунда аьлча, Путинин администрацино регионашца уьйраш тасарна тIе шортта тидам бахийтина хиллехь а, кхоьллинчу системин шортта кхачамбацарш ду. Царах хьалхарниг - вовшашца йолчу юкъаметтигашца уьйраш нисъяр ду. Дика гуш ду, регионашкахь болчу лидерийн а, президентан а юкъаметтигаш церан вовшашца долчу доттагIаллица йоьзна юйла. Ма-дарра аьлча - тешам боцу система ю иза.

Маршо радио: Шена тIе тидам озош дара Путинан, Советан заманахь хиллачуна а, леллачуна а йолу ностальги. Тайп-тайпанчу, бес-бесара къаьмнийн а, динийн а, културин а башхаллаш йолу нах цхьана нана-йоккха пачхьалкхехь латтон лаарал совнаха, кхин хIара ду аьлла, хIума дина ца хилар аьлла билгалдаьккхира хьажархочо. Таханлерчу дийнахь кхечу мехкийн Iедалша, шайн юкъараллашкахь башхаллийн дозанаш дохочу хенахь, Путин лаьттинчу Iедало и коьрта Iалашонаш кхочуш ца йира.

Сухов: Советан Бертахь санна, тайп-тайпана нах цхьанабехаш кхоллалуш йолу проблемаш тидаме оьцуш яцара. Оццу хенахь, Европехь а, Къилбседа Iамеркехь а хаза нехан санна къахьоьгу оцу тIехь. Динан а, чкъуран а, културин а башхаллаш йолчу нехан цхьанаIойла нисъеш, дозанаш дохош, царах цхьа тайпа кхуллуш баккхий кхиамаш баьхна цара. Оьрсийчохь цхьаммо а нахана юкъахь хIуьттаренна и халонаш ца кхоьллинехь а, ма-дарра долчу суьрто гойту, бахархой башхаллашца бекъабеллийла. Ур-атталла, тайп-тайпана кIошташкахь бехачу оьрсашна юкъахь а ю уьш-м. Цхьааллийн ойла ца кхоллаелла церан. Нагахь санна, кхин дIа а и проблема шорлуш дIайодахь, пачхьалкх санна, ша Оьрсийчоь а, кхана Iуьйрре лаьттар ю бохург, проблема хир юй те моьттуш ву со. ХIунда аьлча, пачхьалкх - пачхьалкх хуьлу, цу чохь бехачу нахана шаьш цхьа юкъаралла ю аьлла а, цхьана Iерах шайна пайда хуьлу аьлла а хетахь. Кхечу агIора, и пачхьалкх цхьанне а оьшуш яц.

Културехь йолу барьераш йоха ца яхь, проблема кхин а гена ер ю

Маршо радио: "Время новостей" хьажархочо Сухов Ивана билгалдаьккхира, Къилбседа Кавказера хьал тоделла ала йиш ца хилар. Цкъачунна, Къилбседа Кавказехь мел йолчу республикашкара векалш Оьрсийчохь мел бу а, хIора баттахь, церан шайн доьзалшна гIоьнна дахьийта жима-тIама ахчанаш мел ду а, паргIат долчухаа гур ду иза. Амма, оцу нехан Оьрсийчура белхан меттигаш йохахь, экстремистийн а, кхин шортта а боламаш меттах бевр бу боху Суховс. Цул сов, културехь долу дозанаш дохо деза. Ткъа иза, уггар хьалха, Iедална тIехь ду элира цо.
Москохо экономикина а, меттахIотторан программина а мел дукха ахчанаш дайарх, културехь йолу барьераш йоха ца яхь, проблема кхин а гена ер йолуш ю

Сухов: Аса хьахийначу кхечу меттигашкахьчул а, Къилбседа Кавказехь и сурт кхин а чолхе ду дера. Къаьсттина, оцу кIоштан малхбале агIора гуттар а хала хьал ду. Оьрсийчоьнах дIахадийна ю ала мегар ду уьш. Дагестан а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а ю аса юьйцург. Цига воьдуш, ха дечу дозанехула чекхвала веза. Пачхьалкхан дозанна бен ца до оцу кепара ха. Ткъа цигахь бехачу наха олу шаьш Ставрополе, Астрахане даха новкъа довлуш, шаьш Оьрсийчу доьлху. Шаьш, Оьрсийчоьнах къаьстинчу меттигехь дехаш хилар билгалдоккху цара. Ма-дарра аьлча, церан бехк бац. Оьрсийн юкъараллин бехк бу иза дукха хьолахь. Кавказера баьхкинчу нахе оьгIазе хьоьжу уьш. Цхьа а къайле яц, кавказера баьхкинчу нахе бухарчу оьрсийн болу цабезам алсамболуш хилар. Оцу кепара, и республикаш къастош йолу барьер кхин а йоккха хуьлу. Регионашкахь Москохо экономикина а, меттахIотторан программина а мел дукха ахчанаш дайарх, нагахь санна, културехь йолу барьераш йоха ца яхь, проблема кхин а гена ер йолуш ю.

Маршо радио: Шена тIе тидам озош ду элира Суховс, могIарерчу оьрсаша а, шайн Iедална тIаьххье, мехкан политикин цхьаалла коьрте юьллуш хилар.

Сухов
: Оццу хенахь, социалан хеттарш деш гучудолу, дукхах болчу оьрсашна Къилбседа Кавказ Оьрсийчоьнна юкъахь йиса лууш хилар. И бохург хIун ду - латтанаш шайн пачхьалкхехь деза царна, амма, уьш чIога оьгIазе хьоьжу, цигахь бехачу нахе.

Маршо радио: Политикашна а, Iедалан белхахошна а хаа деза, Оьрсийчоь тоххара, Советан пачхьалкх хуьлчара яьллийла. Жим-жима, оьрсийн пачхьалкх йолчура дIайолуш юйла а. Iедало а, къаьмнийн юкъараллаша а, юкъараллин организациш а цхьаний, оцу проблемина тIе боккха тидам ца бахийтахь, керла Оьрсийчоь кхоллалойла дац элира Время новостей газетин хьажархочо.
XS
SM
MD
LG