ТIекхочийла долу линкаш

Швейцарехь Лаьцна Езачу Туьканашкахь ХIумнаш Лечкъош Хилла Тоба


Европерачу муьлххачу а пачхьалкхехь кест-кеста нисло, оьрсийн къомах болчу зуламхоша къоланаш деш я кхин долу, низамца догIуш доцу, гIуллакхаш лелош. Амма уггаре а дукхах цу зуламех бала Альпашкахь Iуьллучу жимачу Швейцарина кхочу. Схьахетарехь и пачхьалкх Европехь уггаре а таро йолчух ларалуш хиларца доьзна хила мега.


Деккъа цхьана тIаьхьарчу шарахь маситтаза иккхина Швейцарехь Оьрсийчурчу куталхоша динчу зуламашца йоьзна йолу IалагIож. Ткъа цу могIарера тIаьххьарниг – Женеверчу луксус –сурсаташ духкучу туьканашкахь къоланаш дарна гучу а яьлла, оьрсийн туристийн дийнна цхьа тоба схьалаьцна Швейцарин полицин белхалоша. Ши зудий, ши боьрша стаггий ву схьалаьцначарна юккъехь. «Трибьюн де Женева» цIе йолчу меттигерчу газето дийцарехь, Iедалхоша Женева-гIалин уггаре а езачу кIоштахь йолчу цхьана хьешан цIа чохь куьйга-буржалш доьхкира къоначу оьрсашна. Ткъа уьш чохь Iаш хиллачу хьешан цIийнан номер чохь полицина карийра шортта, уггаре а дезачарех сурсаташ - Диоррий, Фендий, Прадий - луксус-туьканашкахь лачкъийна ларалуш хилла долу. Масала, ткъа эзар швейцархойн франк мах болу зударийн каралоцу тIоьрмиг я ткъе итт эзар франк мах болу тIаьрсиган куртка.

Къолахойн ларашна тIе полици ялар, цу тобанех цхьаъ йолчу ткъе кхоъ шо кхаьчначу оьрсийчуо иштта цхьана Рю де Рон – урамерачу езачу бутикан чохь къола деччохь схьалаца ка ялар бахьана долуш нисделира. Иза шовзткъа эзар герга франк мах болу куртка лачкъон гIерташ гучуяьллера туькан белхалошна. Цара сихонца схьакхайкхинчу полицино шега хеттарш дан ма доллийна, зудаберо мукъарло динера, ша-а мичахь сецна ю а, шеца декъехь кхин мила ву а дуьйцуш. Ткъа цигахь, зуламхойн тобанна юкъахь болчарех кхин кхо къолахуо карийнера.

Меттигерачу Iедалхоша билдаьккхира и тоба Швейцаре дуьххьар еъна ца хилар а, иштта, уьш баханчу март баттахь Женеве баьхкинчу муьрехь, меттигерачу туьканашкара иттанаш уггаре а дезачарех духарш а, тIоьрмигаш а, мачаш а лечкъийна хилар а. Карарчу хенахь Iедалхой и тоба шех «оьрсийн мафи» олучу зуламан юкъараллийн декъа ю я яц къасторна тIехь болх беш ю. Ткъа эзарнаш франкаш мах болу лечкъийна луксус-тIелхигаш лелон Iеминчу Оьрсийчурчу хьешийн гергарчу хенахь цхьа дIаьвше можа бос болу, меттигерчу набахтера тутмакхийн духар лелон дезар ду.

И хIинцалерниг дуьххьара хилам бац Швейцарехь оьрсийн махкарчу зуламхошца боьзна берг. Кхузахь кест-кеста ойъуш ю цу махкарчу мафица я зуламечу туристашца, я кхузахь доьшуш я болх беш ларалуш болчу керлачу оьрсийн совдегарийн коча Iамийначу берашца доьзна долу тамбоцу гIуллакхаш. Уьш къоланашна тIера дIа стаг вер-ваккхарна тIе кхаччалца ду. Иштта, масала, баханчу февраль-баттахь Берн-гIаларчу цхьана дашо хIуманаш юхкучу туьканна тIелатар а дина, цу чура онда хIонзаъ а лачкъийна, вада гIертачохь схьалецира пхи оьрсий.

Шо хьалха оццу гIалахь, иштта ювелиран туька яхьа гIоьртинчохь Iедалхойн каравахара кхин къоъ Оьрсийчура зуламхо. Ткъа яханчу гуьйранна йоллучу Европерчу хааминй гIирсаша шуьйра дийцаре деш дара, Швейцарерчу Лозанниний, Женевиний юккъерчу трассин тIехь оьрсийн кегирхоша йина хилла авари. ХIетахь оьрсийн миллионерий доьзалхой болчу кегийчу наха, корта бахон маларш а мийлина, буьйсанна шайн Ламборджинешций, Порш-Каеннашций урамашкахь чехкалла къовсуш, машенаш хихкинера. Ткъа, меллаша, шен новкъа дIавоьдуш волчу цхьана немцочун машен тIе а тоьхна и стаг лазийнера царах цхьаммо. «Керла оьрсий ахчано хьерабаьхна!», «Оьрсийн мажоран бераш Швейцарехь зуламаш деш ду», «Совцабе эххар а, оьрсий!» - ишта яра цу деношкахь Швейцарехь араюьйлучу артиклийн цIераш.

Европерчу туьканийн белхахойн хьунар а ца тоьу куталчийн говзаллица ларабала

Ала догIу, къоланашца а, кхин долчу зуламашца адоьзна долу цатаме гIуллакхаш Швейцарехь лелийна ца Iа Оьрсийчура схьабевллачу зуламхоша. Германехь а, Францехь а, Италехь а Iедалхошна дика евзаш ю и проблема. Иштта, масала, Германехь кху деношкахь коьртачу пачхьалкхан телеканало АРДс гайта йолийна, оьрсийн мафех йолу сериал. Цу чохь гойтуш ду, кху махкахь орамаш тесначу цу зуламечу юкъаралло лелочу низамца доцучу гIуллакхехь лаьцна. Бакъду, беккъа цхьа оьрсий хилла ца Iа, Германехь зуламаш дечарна юккъехь а, оьрсийн мафих лаьцна кхузахь гойтучу сериалан турпалхошна юкъахь а.

Цхьана хенахь Советан пачхьалкх юккъехь хиллачу, массо а аьлча санна, республикашкара а бу кхузахь зуламе хьеший. Къаьстина дукха бу, туьканашкахь къоланаш я куталш деш берш. Церан шайн шерашкахь шарйина, Iамийна дийна цхьа къоланийн система ю, де дийне мел долу кхиаъ еш, лелош. Уггаре а шуьйра яьржинарг - муьлхачу а къола дан Iалашо йолчуо туькана а воьдий, цигахь шена ез-еззарг схьа а хоржий, тIеюха хIума гIехь ю-яц хьожучу кабиний чу а воьдий, цу чохь шена тIера тиша хIумнаш охьа а тоссий, олуш ма-хиллара, ша-а эпсар санна кеч а велла, ара а волий, дIавоьду. Яккхийчу туьканашкахь белхахой ца тоьу, хIора а эцархочунна тIехь тидам латтон. Ткъа туьканара лачкъийна хIума а эцна араволуш бекаш болу горгали ца бекийта, зеделларг долчу муьлххачу а къуьнехь, цхьа лерина сканерш хуьлу. Цундела, муьлхха а стаг кога юхучу пазаташна тIера дIа волавелла кетарна тIе кхаччалц, мехаза кечвала аьтто хуьлу метигерчу туьканашкахь.

Кхин цхьаъ ю къаьсттина, Оьрсийчура орамаш долчу, курчу зударша вовшашна хьеха а хьоьхуш лелош йолу, хIума лачкъоран говзалла. Кхузарчу туьканашкахь муьлха а хIума эцна, ши кIира дIалале ша эцнарг, бахьанаш а ца дуьйцуш, юхаяла я хийца йиш ю. Ткъа, хIилланечу оьрсаша, цара шайн цхьаццайолчу интернет-форумашкахь мукIарло деш ма-хиллара, шайн цхьацца вина де я марел даздар, я кхин долу дезде тIекхочучу хенахь тоьллачух духар оьций, цкъа-шозза тIе а духий, юха ши кIира дIадале иза юха ло.

И тайпа хIилланаш хIума лачкъон карах долучунна дуккха а карадо. Ткъа Европерчу туьканийн белхахойн я фантази а, я хьунар а ца тоьу, цу куталчийн говзаллица ларон.
XS
SM
MD
LG