ТIекхочийла долу линкаш

Ден Декхарш Кхочуш Ца Дарна ГIуда Тоьхна Нохчочунна


Нохчийчоь -- УРАМЕРА бераш, 2000

Нохчийчоь -- УРАМЕРА бераш, 2000

ХIокху тайпа кхелан сацам Нохчийчохь цкъа а бина бацара. Щелковский кIоштера вахархочунна Гаибов Анзорана меттигерчу кхело 8 бутт болх бан хан тоьхна, цо шен кIантана дола деш ца хилла аьлла. Кхеахоша тидаме эцна, цо шен кIантана дола деш ца хиларал сов, цунна къиза етташ а, иза мацаллехь латтош а хиллийла. Кхиазхо волу и кIант мацалла ца вала, бензин духкучу станцехь ахча доьхуш хилла цигахь сецначу машенаш чохь болчарга.Оцу кIантана рогIера йиттинчул тIаьхьа, цуьнан дена цу тайпа кхел кхайкхина.


«Нохчаша берашна дола а ца деш, уьш датесна хир ду», цхьа ткъеха шо хьалха аьлча, цхьанне а моьттур дацара иза бакъ хир ду. Амма, заманан билгало санна, тахана могIарера хилам бацахь а и санна дерг хуьлуш ду нохчийн юккъараллехь. Карара тIом а, хьалхалерниг боьдучу хенахь а, бIеннашкахь нохчийн бераш хилара, дан воцуш санна. Нохчийн маттахь «Да вала а велла, нана маре а яхана» бохучо боккъалла а, кхин дакъаза вала меттиг а йоцуш, дакъаза валар гойту.

Руслан це йолу кIант ша а ву оцу шина а тIамехь бала хьегна, тIехь да воллушехь. Арахь буьйсанаш йохуш, клейна хьожа а йохуш, нехан чу а вуьйлуш, хIуманаш а лечкъош. Оцу сихчу заманахь цаьрца бала болуш стаг а ца хилла. ЦIера девда лелаш а хуьлу и санна долу бераш. Шайна юкъахь и санна дерш а, кхидерш а хилара бохуш, церан дахарх лаьцна дийцира Руслана.
Шайн дас-нанас бохург а ца деш, цIахь болчара дуьйцург - нанас олу иза я дас олу иза - и хабар ца хета. ЦIера уьдуш лела уьш. Церан къа дац. ЦIахь етта а етташ лелош долу бераш дуй, церан къа ду

Руслан: Деллахь, хьуна бакъдерг дезахь, цхьадерш, да-нана долуш бераш а-м хуьлу. Цхьаболчеран да-нана ду. Цхьаболчеран дац. Арахула лела цхьа чIогIа хаза а ма дац нахана хьалха. Воккха хила а везаш, нахана юкъа вала а везаш, зуда яло а дезаш стаг ма вуй иза. Кхано, зуда ялаяхь, шенна хала хир ду-кха цунна. Нахана юкъавала яхь хир яц цуьнан. "Делан дуьхьа хьажа и сагIа а доьхуш лелларг ву-кха иза. Тхан хIума лачкъийнарг иза ву-кха и аьлла. Наха цунна хIума эр ма дац, цунна ца хезаш алахь а, букъ тIехьа эр ду. Хаза а ма дац и.

Аса а ма лелийна и хIума. Иза лелош берш а ма бу. Цхьана агIора, къа а ма ду церан. Вукха агIора къа а ма дац церан. ХIунда дац хаьий хьуна? Цхьана агIора, шайн дас-нанас бохург а ца деш, цIахь болчара - нанас олу иза я дас олу иза - и хабар ца хета. ЦIера уьдуш лела уьш. Церан къа дац. ЦIахь етта а етташ лелош долу бераш дуй, церан къа ду.

Маршо радио: Цхьана хенахь, жима волчу хенахь арахь лелла волу Руслан вара къамел динарг. Цуьнан дахар мелла а дIанисделла. Шена хаьа, ша лайна бала а, шега адамаш, мелла а цатешамца хьоьжура, амма, ламаз-марха а долуш, ша нийсачу новкъа ваьлча нехан ларам а, сий а девзира шена аьлла тидам бира Руслана.

Нохчийчохь тахана, ишшта халчу доьзалера бераш дIанисдан цхьанна а тайпа, Iедало латтош долу цхьа а цIа ца дисна. ГIиллакхехь ца лору, ишта дай-нанойн, уьш бацахь, уллерчу гергарчеран Iуналла а доцуш, бераш кхиор. Щелковски кIоштара вахархочунна белхаш бан 8 бутт тоьхна, цо доккхучу ахчанах I0 процент цуьнан кIентан хьелашна хьажор ду. И кIант ша муха кхуьур ву шен доьзал хилча, ца хаьа. Амма, шен дас цунна масалла гайтина.
XS
SM
MD
LG