ТIекхочийла долу линкаш

Ставрополехь Эккхийтар Дарна Бехкебеш Бу Цигара Милцой


 Ставрополехь Эккхийтар Дарна Бехкебеш Бу Цигара Милцой 26 СТИГ 2010

Ставрополехь Эккхийтар Дарна Бехкебеш Бу Цигара Милцой 26 СТИГ 2010

ДIадаханчу кIиранахь, ворхI стаг а вуьйш, дуккха а нах лаза а беш, Ставрополь-гIалахь дина хилла эккхийтар хIинца а теллина даьлла дац. Амма, цхьа керла агIо гучуйаьлла цигахь. ПIерскан дийнахь Къилбаседан Кавказан федералан гонан коьртехь лаьтташ волчу Хлопонин Александара дIахьедар дина оцу зуламан бехке цигара милцой а лара беза, аьлла.


Ставрополь-гIалахь и эккхийтар дина массех де даьлча а цигахь баккъалла а хилларг ма-дара хууш дац. Шеко а йоцуш, хууш дерг ду хIара хIума. ДIадаханчу кхаарийн дийнахь и эккхийтар хиллера «Аквариум» цIе а йолуш, гIалин юккъехь лаьтташ йолчу кафена хьалхаа. ОьккхухIума мутт лелош долчу кехатан гIуткхана чуйоьллина хилла. Цундела, цхьаммо а тидам а ца бина цунна. Ткъа, оцу кафен юххьехь ду чохь концерташ хуьлуш долу цIа а.

Вийна ворх стаг ву, ткъе иттех сов – лазийна а ву. Цаьрна юкъахь бу Нохчичуьра бахархой а.

Нохчийчурачу «Вайнах» ансамблан хелханчаш дIабуьйлабала пхийттехь минот йисина а йолуш, и эккхийтар дина.

И йоккха гIовгIа яьккхина дов хIинца талла долийна ду Ставрополехь. Хьалхуо масех хаам хиллера, цунна бехке а бина дIалийцина нах бу, бохуш. Уьш ГIалгIайн махкара лоруш бара. Амма, тIаьхьуо и хаамаш харц бира талламхоша. ГIалгIайчурчу Iедалхоша а хIинца къобал деш дац шаьшдолчохь дIалийцина нах бу, бохург...

Къилбаседан Кавказан федералан гонехь Оьрсичоьнан президентан векал волчу Хлопонин Александара дIадаханчу пIераскана-дийнахь дIахьедар динера, и гIуллакх сихха талла а деза, зуламхой цига тIебитина болу милцой жоьпе озо а беза, аьлла. Цара шайга ларйе, аьлла, дIайелла хилла йолу меттиг ма-оьшшура ларйина хиллехьара зуламхой дIалийцина хир бара, аьлла, хеташ ву Хлопонин.

Амма, цо а, кхечу Iедалхоша а цхьацца хаъамаш беш белахь а, ша и гIуллакх теллина даьлла ац. Цхьаболу зуламхой дIалийцина бу, бохуш баьржина хаъамаш а бакъ хуьлуш бац. Уьш харц бина хIинца ГIалгIайчурчу Iедалхоша а, шаьш талламхоша а.

XS
SM
MD
LG