ТIекхочийла долу линкаш

ГIо-накъосталла Эцна ДогIу ХIурдакема Дохийна Израилхоша


Израилан арахьарачу г1уллакхийн министр Аялон Дэнни 02ТОВ2009

Израилан арахьарачу г1уллакхийн министр Аялон Дэнни 02ТОВ2009

Палестинхошна оьшуш йолу хIуманаш эцна доьдуш долу хIурдан кема дохийна израилхоша. Иттех дуьненаюкъара адамийн бакъонашIалашярхо а вийна цигахь.


Шайн эскархошна оцу кемантIехь герзаца дуьхьало йинера, цигахь кхелхина бу и нах, бохуш чIагIдо Израилан векалша. Бозуш боцучу тергамхоша, хилларг талла деза бохуш, кхайкхамаш бо. Газа-секторе хIуманаш эцна доьлхуш долчу кеманашна Израилан эскархой тIехевшинчулла тIаьхьа цигахь велла лоруш ву маьлла кIезга а итт стаг.

Уьш бу и гуманитаран хIуманаш эцна боьлхуш хилла болу бакъонашIалашьярхой. Шина а агIоно шай-шайн аIгора дуьйцу цигахь хилларг.И кеманаш Палестине хьажийна болчара, Израила эскархоша герз детта долийнера, шаьш оцу цхьана хIурдакеман тIе беркеман тIера охьа ма-биссанехь, боху. Ткъа, Израилан эскарехь зорбан-секретарь йолчу Лейбович Авиталя хилларг кхечу агIора дуьйцу:«Иза дийца а хала делахь а, оцу кеманашна тIехь хиллачара тхан эскархошна чIогIа дуьхьало йинера, вуно чIогIа ницкъ бинера цара. Хьалххе дан лерина хIума дара иза».

Израило кхин дIа а официала хаъамаш бина, шайн салташна дуьхьала даьккхина герз а, арсаш а, дигарш а дара оцу нахехь, тIаккхийн бен шайн эскархоша хIумма а ца динера цигахь, аьлла. Иккхинчу девнехь иттех стаг вийна хилар, израилхоша бакъ деш ду. Цара иштта бакъ до,шайн а массех стаг лазийна хилар а. Беллачерна юкъахь дукхах берш Туркойчура бахархой бу. Иза хиъина йоккха гIовгIа яьллера Анкарахь.

Дуьненаюкъаралло Йемал Дина Израило Динарг

Туркойн мехкан векалша дIахъедарш дина, цу тайпа лелар магийта йиш йолуш хIума дац, аьлла. Туркойчохь арахьарачу гIуллакхийн министран когаметта волчу Йенел Салима Маршо радиоца къамел деш хIара дешнаш далийра:«Иза дуьненаюкъарчу хин тIехь хилла хIума ду. Дуьненаюкъара бакъо вуно чIогIа йохош хIума ду иза. Оха Израилан векалца кхузахь къамел дина. Оха цуьнга дIааьлла иза дуьненаюкъара бакъо чIогIа йохор ду, аьлла. Оцу кеманаш дIахьуш гуманитаран мохь бен ца хилла. Иза гуманитаран гIуллакх ду».

Шайн агIора Израилан векалшп а цу тайппа дIахьедарш дина. Церан арахьарачу гIуллакхийн министран когаметта волчу Аялон Дэннис хIара дешнашца тидира хилларг:«Хьамас олуш йолчу терроран организацина тIехIиттина болчара деш дерг хьалххе кеч а дина, вуно зуламана лелош питане хIума ду. И гIуллакх иштта лелош болу нах «Аль-Кхайдица» а, «Хьамасаца» а боьзна бу. Бакъо а йоцуш, герз дохкарца а, кхераме террораца а доьзна адамаш ду уьш».

Дуьненаюкъара тергамхой а, дуккха а бевза политикаш а, Израило динарг емал деш бу. Цара тидаме доккхуш ду и адамаш а леш хилларг Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак Израила премьер-министр Нетаньяху Беньямин тIеэца кечлуш волчу хенахь нисделла хилар.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG