ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ «Кхераман Атмосферин» Мохк Бу Бах ПАСЕ-но


Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблея 01МАНГ2010
Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблея 01МАНГ2010

Къилбаседа Кавказехь карарчу хенахь хIоьттина хьал дуьйцуш керла резолюци кечйина Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн векалша.

И резолюци хIоттош цара ладоьгIна Марти Дика гIардаьккхинчу рапорте.

Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца лаьтта хьал муха ду шена хаъа дагахь дIабаханчу Март-баттахь оцу регионехь хилира Европан Кхеташонехь кху тIаьхьарчу массех шарахь и гIуллакх шен Iуналлехь латтош волу Швейцарера векал Марти Дик. Шена цигахь гинарг а, хезнарг а вовшах а тоьхна, доккха рапорт кечдина оцу стага а, цуьнан накъосташа а.


Оцу рапортана тIе а тевжина, цигара хьал вуно чIогIа емал деш, шайн резолюцин проект кечйина Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн векалша. Ша и рапорт хьовха, цуьнан коьрта чулацам бовзуьйтуш йолу резолюци а вуно йоккха ю. Амма, цуьнан чулацам Къилбаседа Кавказ мелла а евзаш болчу нахана, хьалха а хууш бара ала мегар ду. Оцу нахана вуно дика хууш ду, масала, Нохчичохь цигарчу Iедалхоша карарчу хенахь хIоттийна долу хьал. Марти Дика «кхераман атмосфера», аьлла къастийна иза. Шаьш бохург довзуьйтуш дуккха а масалаш а далийна Европерачу адамийн бакъонашIалашъярхоша. Цара чIагIдеш ду Нохчичохь оппозицехь болу нах а, адамийн бакъонашларьярхой а, хьалха санна, тахана а шуьйра бовш хилар. Ткъа кхелахоша тидам а ца беш буьтуш бу цигахь бакъонашларьян йезаш болу ницкъаш, шайна тIедиллина хIума кхочуш а ца деш Iаш болу. И хьал кхин д1а лан мегар долуш дац, бохуш чIагIдо Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейно. Цара къаьсттина тидаме дуьллуш ду Нохчийчохь цхьана стеган культ шуьйра яьржина хилар. Ша и стаг, кхин дукха вийца а ца оьшуш, вевзаш ву. Иза ву боху Европерачу депутаташа, Кремло Нохчичохь куьйгалхо хIоттийна волу Кадыров Рамзан.

Оцу стага Нохчийчохь а, йерриг Оьрсийчохь а лелош дерг а довзуьйтуш, иза ма леладайта цуьнга, террораца къийсам оцу новкъахь хила йиш яц, террор йохалур яц адмийн бакъонаш йохош хилча, бохуш, Кремле дехарш а до Европерачу векалша. Говзанчаша билгалдоккхуш ду цу тайпа дехарш Кремлан цкъа а хезна ца хилар. Шаьш хазийта кхин некъ лаха безара Европерачу векалша, бохуш, чIагIдо Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн резолюци туьдуш болчу тергамхоша.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG