ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь Коррупци Шуьйра Яьржина Ю Бах Iедалша


Оьрсийчоь- Коррупцина дуьхьала хьажийна йолу митинг. Москох, 02МАНГ2009
Оьрсийчоь- Коррупцина дуьхьала хьажийна йолу митинг. Москох, 02МАНГ2009

Къилбаседа Кавказехь коррупцица йолу проблема даиман санна ира лаьтта боху Iедалан векалша. Коррупци проблема хилар билгалдоккху цара, амма цуьнана бахьанаш лохуш дац. Ишшта хуьлуш ду, хIинца а, хIокху деношкахь регионехь йолу коррупци йийца йолийна прокуратуран белхахоша.

Къилбаседа Кавказехь йолу коррупци юха а йийцина прокурораш. Къилбаседа Кавказан регионехь йолчу коррупцех лаьцна дийца долийна юха а. Оьрсийчоьнан ннарла-прокуратуран Къилбаседа Кавказан федерала гонехь йолчу урхаллан куьйгалхочо Мельников Артема, шен зорбан-конференцехь дIахьедар дина, хIара шо доладелчхьна регионехь, коррупци лелош хиларна артикална кIелла догIуш долу 700 сов гIуллакх долийна шашьш аьлла. Массо а республикашкахь и проблема дукха ира льатташ ю боху цо.

Цхьацца мехкашкахь, цу тайпа зуламаш алсамдаьлла хилар а хаийтина прокуроро. Оцу тIегIантIехь Мелников Артема билгалайолуш ю боху, Ставрополь а, Кхарачойн-Чергазойн а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, ГIалгIайн республика а, Дагестан а. Iедалан латта, бакъо а йоцуш, нехан дола даккхар а, кхаьанаш эцар а, ишшта цу тайпа низамаш дохош ду боху оцу мехкашкахь. Нохчийчоь, коррупци юьйцучу хенахь, цигахь а иза ю боху прокурора Мельников Артема. Амма, оцу зорбан-конференцехь иза цкъа бен ца хьахийна цо.

Коррупци Шира Ормаш Долуш Ю Оьрсийчохь

Оьрсийчохь баккхийчарех бала лоруш долу и низам дохор, Къилбаседа Кавказехь даьржина хиларан бахьана го тергамхошна, Iедалан урхаллашкахь а, ницкъаллийн структурашкахь а, коьртехь льатташ берш меттигера бахархой хиларна. Цара вовшех даьлла долу хIуманаш лечкъа до ду. Ткъа, мел йолу ларш, Москоха йоьлхуш хилар, прокурорашна я ца хаахь, я ца хаа мотийтахь а, хьахош а яц.

Советан заманахь даьржина цхьа беламе хIума дара. Москох доьдучу кеманна тIе, яьккхий маIаш йолу ка хьалабоккхуш хилла цхьана гуьржийчо. ХIе, стаг, ахь хIун леладо, уьстагI кхуза тIебаккха мегаш ма дац, аьлла шега вукхо аьлча, хIумма а воха а ца вухуш, жоп деллера цо, хIара уьстагI бац, Москох доьшуш волу сан кIант ву уьстагI. Ткъа хIара, совгIат ду хьехархошна хьуш аьлла.

Хаамийн гIирсашкахь дукха дийцина хIума ду, Москох, оьрсийн маттахь «откат» олуш долу ахча массо республико ло бохург. Амма, иза бакъ ду-дац къасто цунна таллам ца бина. ДIа муха хьо, прокурораша а, кхинболу низамхой а, ма хуьлла кIеда аьлча, куьйгашна цIена ца хилча

ГIалгIайчоьнан Прокурор Турыгин А, Коррупци А

ГIалагIайн мехкан прокурор Турыгин Юрий массийта шо ду оцу даржехь волу. Совета заманахь Теркайистан кIоштехь болх бина ву иза. Иза дикачу чоьтехь ву Оьрсийчоьнан инарла- прокуратурехь. Цо бехккхайкхоран коьртехь а волуш, хийла каравахана волчу тIемалочунна а, кхечу нахана а, яьккхийн хенаш йиттина. Махкахь йолчу коррупцех лаьцна олуш, цо хаам бина, хIокху шарахь 5 факт ю шайна гучуяьлла, кхаъ эцна аьлла. Стохка Iедалан белхахоша шозза ахчанца кхаъ эцна гучудаьллера шайна боху ГIалгIайчоьнан прокуроро Турыгин Юрийс.

Оьрсийчоьнан лаккхарчу Iедалша тIе а эцна, пачхьалкхехь дIахьуш ю, коррупцина дуьхьала хьажийна йолу программа. Иза хIора а регионехь дика жамIаш а дохьаш дIайоьдуш ю боху цара. Амма, и проблема хенахь дIаериг ца хиларна даре деш дуккха а хIуманаш ду, изза арахь «сагIа» доьгIуш болу ГАИ-н белхахой а, кхиболу Iедалан векалш а. Тахана, дукха маьIне ду, оьрсаша олуш долу цхьа хIума: «Даьтта ца хьакхах, дIаца йоьду» бохург.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG