ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан Акцийн Декъашхошна Юха а Йиттина Оьрсичохь


 Москохарчу милцоша д1алийцина дуьхьалонан акцийн декъашхой. Москох, 31СТИГ2010

Москохарчу милцоша д1алийцина дуьхьалонан акцийн декъашхой. Москох, 31СТИГ2010

Оьрсичоьнан премьер-министро Путин Владимира иза дан мегар дац аьллехь а, бахархошка шайна дуьхьала акциш ца яйта гIерта цигара Iедалхой. Церан лаамца оцу нахана йетташ а, уьш дIалуьйцуш а бу милцой. Кху деношкахь а Iедалшна дуьхьала протесташ йина аьлла, цара дIалаьцна ву ши бIе сов стаг. Царах цхьаъ дарбан цIийне кхаьчна.

«Оьрсичоь, Путин а воцуш! Оьрсичоь, Путин а воцуш!..ХIара тхан гIала ю! ХIара тхан гIала ю!» Иштта маьхьарий а детташ, Москох «Маяковская» метрон уллехь дIадаханчу Оршот-дийнахь шайн рогIера дуьхьалонан акци дIахьуш бара оцу гIалара бахархой.

Цаьрца хилла ву журналист а, юкъараллин жигархо а волу Артемьев Александр. Милцоша оцу дийнахь йиттина, карарчу хенахь дарбан цIийнехь ву и стаг. Цигара схьа, телефонан зIенаца Маршо радиоца къамел деш, цо элира:«Са куьг кхаа меттехь кагдина ду. Мел-кIезга а итт де дарбан цIийнехь даккха деза сан. Кхин а кхаа баттахь белхьам лелоа дезар ду».

И къамел дина Артемьев Александр милицино Москох дIалаьцна волчу бIе сов стагах цхьаъ ву. Шовзткъе иттех стаг иштта дIалаьцна ву Петарбухехь а. Дуккха а нах дIалийцина Кемерово-гIалахь а.

И нах тIаьхьо дIахецна аьлла, хаам бинера Iедалхоша. Амма Оьрсичохь машенаш йолчу нехан федерацин коьртехь лаьтташ волу Канаев Сергей ша а Москох дуьхьалонан акце ара ваьлла хилла ву. Цо Iедалша бохург харц до.

Шеца цхьана хилла волу цхьа кIант хIинца а мукъа валийтина вац, аьлла хаам бира цо Маршо радиога. Ша-берш а баккъалла а дIахоьцур бу аьлла, деганйовхо кхоллайеллера массех де хьалха Оьрсичохь премьер-министр волчу Путин Владимира дIахьедар дича, и нах дIалийца оьшуш бац, цаьрна баркалла ала догIу, аьлла. Вевзаш волу музыкант а, Кремль емал йеш стаг а волчу, Шевчук Юрийца къамел деш аьллера и дешнаш Путина. Амма, дукхах болу адмийнбакъонашIалашъярхой цуьнах тешаш бац.

Москох Хельсинкин тобан коьртехь лаьтташ йолчу Алексеева Людмилас иштта тидира премьер-министро аьлларг:«Даиман а санна, - «тхайчаран а, шучаран» элира цо. Тхуна хезира, урамашка арадовлу мегар ду, бохург. Ткъа, Iедалшна хезира, уьш дIасалахка мегар ду, бохург».

Iедалша, иштта хезна тIеэцнарг чIогIа емал дина Оьрсичохь адмийн бакъонаш Iалашьйеш волчу Лукин Владимира. Москох Iедалхоша оцу деношкахь динарг иза инзара акха хIума ду, иза хIинца талла а дезар ду, аьлла дIахьедар дина цо. Ткъа, Оьрсичохь и акцеш йеш болу нах юха а урамашка ара бовла дагахь бу карарчу беттан тIаьххьарчу дийнахь.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG