ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Машаран флотилин» Декъашхой ДIахеца Болийна Израило


Turkey - Turkish journalists expelled from Israel gesture at Istanbul airport, 03Jun2010
Turkey - Turkish journalists expelled from Israel gesture at Istanbul airport, 03Jun2010

ХIордан кеманашна тIехь палестинхошна гуманитара мохь эцна боьлхучура, шаьш массех де хьалха совцийна хилла нах хIинца дIахеца болийна Израило. Цхьа бIе ткъа стаг Кхаарийн дийнахь Урдан-махка дIавахийтина. Израило дIалаьцна вара ялх бIе сов стаг. Уьш массо а хIинца мукъа воккхуш ву.

Палестинина гуманитара мохь эцна доьлхуш долчу хIордан кеманашна тIехь хиллачарах дукхах берш Туркойн-махкара а, Iаьрбийн пачхьалкхашкара а бахархой хилла. Уьш хIинца мукъа баха болийна Израило. Кхаарийн-дийнахь, цигара Алленби олуш долчу тIайна тIехулу а ваьккхина, Урдан-махка дIакхачийна цхьа бIе ткъа стаг. Цигара шайн-шайн махка дIабогIуьйтур бу уьш. Иштта Израилера Бен-Гурионан цIе лелош йолчу аэропортера а цхьа бIе гергга стаг ву дIавохуьйтуш.

Израилан премьер-министран Нетаньяху Беньяминан векалша официала дIахьедар дина, шаьш мукъа ваккха кечвина 610 стаг ву, аьлла. Уьш 25 пачхьалкхан бахархой а бу бах израилхоша. И нах шина дийнахь дIахоьцур болуш бу.

Кхин шовзткъе итт стаг Израило цкъачунна дIа ца хоьцуш вуьтуш ву.Уьш шайн эскархошна оцу хIордан кеманашна тIехь дуьхьало йинарш бу, цара динарг талла дезаш ду, боху израилхоша.

ДIадаханчу Оршот-дийнахь Израилхоша и эскаран операци дIахьуш исс стаг вийнера, дуккха а нах лазийнера. Лазийна мел бара гIардоккхуш дац.

Кхаарин-дийнахь депортаци йинчаьрца вара Кувейтера вахархо Файлакви Iабдул-Рахьман. Урдана-махка ша дехьа ваьллачулла тIахьа «Ройтерс» агенталлана интервью луш цо элира:

«И тIелатар вуно къиза дина хIума дара. Цара лелош дара бакъонехь долу а, бакъоно, схьагарехь, магош доцу а герз. Резинех йина дIендаргаш а, тIеман патарманаш а, бIаьргех хиш оьхуьйту газ а, гIовгIа йоккху гранаташ а яра цара лелош. ХIордан кеманна шаьш тIе бевллача, цара лело йолийра чхьонкарш. Уьш а йетташ кеман тIехь хилла нах совца а бина, и хIордан кема шайн кара лецира цара».

Израило шайн эскархоша дан дезарг бен ца динера боху. Шайна духьало йинчу нахехь аьчкан гIуркхаш а, арсаш а, герз а дара боху Израилан векалша.

Оцу кеманашна динарг, дуьненаюкъара дов а хилла, дуьйцуш ду хIинца. Уггара чIогIа иза дуьйцуш бу Туркойн-махкара векалш. Кеманашна тIехь хиллачерах дукхах берш оцу махкара бахархой хилла. Израило динарг хIинца талла деза, боху Туркойн-мехкан Iедалхоша.

Цхьаьнатоьхна Штаташ и дов сихха дIадерзо лууш ю. Вашингтонехь йист хуьлуш, цуьнах лаьцна шайна хетарг иштта гайтира Iамеркин пачхьалкахан секретаро Клинтон ХIилларис:

«Туркойн-мохк а, Израиль а Цхьаьнатоьхначу Штатийн дика доттагIий бу. Тхо цаьрца белахаш беш ду хIинца, и бохам бохьуш даьлла дов дIадерзо гIерташ»

Клинтон ХIилларис чIагIдарехь, Iамерко а къобал деш ду и дов вуно дика а, сиха а талла деза, аьлла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамзаллин Кхеташоно дина долу дIахьедар.

XS
SM
MD
LG