ТIекхочийла долу линкаш

Нах Iехош ахчанаш даьхна аьлла, кхеле озийна Нохчийчура бахархой


 Нах Iехош ахчанаш даьхна аьлла, кхеле озийна Нохчийчура бахархой

Нах Iехош ахчанаш даьхна аьлла, кхеле озийна Нохчийчура бахархой

Нохчийчохь, даиман санна, жигара хьийзаш бу тайп-тайпана хIилланчаш. ХIокху деношкахь Нохчийчохь кхелашкахь дийцаре деш ду, шина хIилланчийн гIуллакхаш. Ткъа, низамхойн кара боьлхурш, олуш ма хиллара, кегий чкъерий ду.


Бозбончаллица нах Iеха а беш, цаьргара, шайга дулар доцучу гIо-накъосталлах, ахчанш догIуш дукха хена дуьйна дара Нохчийчохь. Амма, цу тайпа зуламаш дечу нахаца, луьра къйисам латтош бара Совета заманахь. Леррина милицийн дакъа дара оцу гIуллакхан кхоьллина. Ткъа, хьалха санна, куьпехь волчу цхьана милоцочух ерриг а кIошта кхоьру зама дIаяьлла. Кхераме дерг ца лелочо, чагIар ца молу, бохург, юьхьара а лаьцна, маьI-маьIнера хьалабилиина нах Iехош берш. Ца ийзало уьш, Нохчийчохь цу тайпа нах Iехор, муха эра дара иза кIедуо, Iедалша могуьйтуш ца хиларх.

Республикан прокуратуро, хIора дийнахь хаамийн гIирсашка дIасахьажош йолу пресс-релизашна тIехь, таллама бина долу дукхах долу гIуллакхаш, цу тайпа зуламашна дуьхьала ду. Iедалера даккхийн ахчанаш лечкъош болу нах бац буьйцуш берш. Цара-м шайна гIайгIа бора, хьанцца а барт а бой. ХIилланчийн кхин категории ю хIинца махкахь жигара яьлла, могIарерачу нахера, цхьаъ дийра ду шаьш олий, ахча а оьций, тIап олий бовш болчу нахах лаьтташ йолу.

Ишшта, къайла яла аьтто ца баьлла, Нохчийчура 40 шо долчу яхархочуьнан. 33 стаг Iеха а веш, заьIап хиларна харц тоьшаллаш дохура ду ша аьлла, даккхий ахчанаш даьхна цо. И схема меттахIоттина талламхоша. Мел заьIап хилча а, и тоьшалла кечдан хала долун дела, нах атта некъаш леха гIерта, шай бакъо тIеяьккха. Оцу хIуманах ахча даккхалур дуй хиинчу хIилланчо, юьхьара лаьцна уьш.

Ишшта, талламо бахарехь, ша Нохчийчохь йолчу Пенсийн фондан белхахо ю бохуш, цхьаболчаьргара 10 эзар сом, кхечаьргара 100 эзар сом дехна цо. Оцу харцонца, цхьа миллион ах миллион сом а гулдина, шен цIахь паргIат ехаш хилла и зуда, Iеха белла болчу наха, прокуратуре арз даллац.

Масех бутт хаьлха, иза милицино талламан изолятор чу йоьллира, цу тайпа курхалла дина йолу иза, къайла яла а мега аьлла. Оцу зудчуьнан гIуллаккхан таллам бина а баьлла, хIинца кхеле дIаделла иза. Цуьнан бехк бу боху талламхоша, низамийн ши артикал йохорна. Оцу бахьанца, мел лаххара а , 4-5 шо тоха мега цунна, набахтехь даккха.

ТIехьа-Мартант1ерачу 47 шо долчу Лабазанов Русланан гIуллакхан процесс кхелехь чекха а яьлла, цунна кхо шо ах шо хан тоьхна. Цо динчу курхалле хьажча, иза дика ваьлла. Цо йохйина йолчу артикална юкъадогIуш ду, шен белхан аьттонашца нах Iеха а бина, цьаргара ахчанаш даьхна хилар. Талламо къастийна оцу зуламан 15 эпизод.

Кхечу дешнашца аьлча, 15 стаг ву цо Iехийнаг. Лабазанов Руслан ша болх беш, ТIехьа-Мартан юртан адимнистрацехь, латта декъаран декъехь хилла. Зулам дар Iалашонца цо, нахера 10-15 эзар сом а оьцуш, латта доькъур ду ша бохуш хIума лелийна. Латта цигахь-цигахь билгаладаьккхина шуна бохуш, цо цхьа а бух боцу кехаташ делла ша Iехийначу нахана. Ша дерриг а цо нахера даьккхинчу ахчанан барам I80 эзар сом бу. Кхело цунна тIедожийна хан токхуш а, текхина ваьлча а, и ахча нахана юхадалар.

ХIилланча йолчу оцу зудчо а, оцу стага а, шаьш шайна дага а деана, и хIума дина ца хилар, йоккха къайле яц юккъараллехь. Нах дукха дика кхета, цу тайпа кехаташца долу зуламаш, цхьана стаге далур доцийла, тIехь лаьтташ болу хаькамаш декъехь а боцуш. Цера йиш йоцучух тера ду, набахте баха. Къоман гIуллакх ма ду дан дезаш.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG