ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило Газа-аса Мукъа Йита Йеза, Аьлла, Хеташ Ву Бан Ки Мун


Израило Газа-сектор ма-хуьллу сихха мукъа йита еза, аьлла хеташ ву Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарла-секретарь Бан Ки Мун. И шена хетарг дIагойтуш, дIахьедар дина цо. Израило Газа-сектор блокада а йина латтор нийса дац, боху Бан Ки Муна. И цуьнан дешнаш шуьйра даржийна хаамийн гIирсаша, Израило мукъа баьхна болу нах Туркойн-махка дIакхаьчначу хенахь.

Палестинахошна гуманитаран мохь эцна доьлхуш долчу хIурдан кеманашна тIе а кхетна, Израилан эскархоша байъина нах дагалуьйцуш шуьйра акцеш дIахьуш ю Туркойн пачхьалкхехь а, дуккха а кхечу Iаьрбийн махкашкахь а.

Иштта израилхоша динарг хIинца шуьйра талла мега, аьлла хеташ бу бозуш боцу тергамхой а. Царан тIе а хIоьттина, Израило ша диначух жоп дала а дезар ду, цо ша дIакъевлина латтош йолу Газа-сектор мукъайита а езар ю, аьлла хеташ ву Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарла-секретарь Бан Ки Мун а:

«Оцу бохамо юха а тIечIагIдеш ду коьрта проблема мел мехалла ю. Сектор-газа дукха хенахь дуйна блокада йина латтор, иза цхьа а дика хIума луш дац. Вуно-во хIума ду иза. Цхьа а бехк боцу адамаш ду цигахь лаьттачу хьоло хьийзош дерш. Израилан Iедалхоша и блокада сихха дIаяккха йеза»

Израил хьалха а реза хилла яц Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин векалша иштта дина долчу дIахьедарашна. ХIинца а реза хир йолуш а яц иза, боху тергамхоша. Шай и гIуллакх талла оьшу ницкъ бу, аьлла, дIахьедар дина оцу мехкан векал волчу Регев Марка:

«Суна уггара хьалха дIаала луург ду, коьртаниг оцу Газа-секторехь болчу бахархошна гIо-накъосталла дар хилар. Оцу нехан дахар коьрте даккха деза вай. Оцу Iалашонца дагадовларш дIадолон а деза. Гергарчу Малхбалехь машаран процесс сихха юха а шен новкъа яккха йеза».

И дIахьедарш дечу хенахь Израило мукъа бовлийтина нах Туркойн-махка дIакхаьчна. Тель-Авивера Анкара кхо хIаваан кема дахна. Царах цхьанна тIехь хилла Израилан эскархоша байъина нах а. Уьш исс стаг ву, дукхах берш Туркой-мехкан бахархой а болуш. Уьш дIаберзо кечбеш дуккха а дIахьедарш динера Истанбулехь. Дош ца олуш ца севцна израильхой. Оцу мехкан премьер-министр волчу Нетаньяху Беньямина иштта къобул дира шаьш Газа-сектор дIалаьцна латтор:

«Дуьненанюкъаралло тIеоьцур дацара ГIажаричоьнан хIордан кеманийн порт Дуьненаюкъарчу хIордан тIехь хилар. Пхийттех шо хьалха аса дIахьедар динера муха кхуьуш ю ГIажарийчоь, аьлла. Иза хIинца бакъ хилла. Тахана аса юха а дIахьедар до ГIажарийчоь тIеман флот хIотто гIерташ ю Израилна уллехь, аьлла. И гIуллакх кхана мича доьрзур ду хууш хила безара, тахана тхо емал деш болу нах».

И дIахьедар динчу Нетаньяху Беньямина юха а дIакхайкхийна шайн эскархойн кхи дан хIума дацара цигахь, аьлла. Газа-сектор шаьш мукъа йоккхур яц, аьлла цо.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG