ТIекхочийла долу линкаш

Таджикистанан Iедалша Емал Дина Онищенкос А, Жириновскис А Дина Дхьахьедарш


Таджикистан -- Душанбен урамехь якъийначу туьркех йина гараш юхкуш ву таджикийн кIант. Норак, 11Лах2009

Таджикистан -- Душанбен урамехь якъийначу туьркех йина гараш юхкуш ву таджикийн кIант. Норак, 11Лах2009

Шайн махкарчу бIаршна а, цхьацца стоьмех йинчу гарашна а импорт яр дехкар дIадаккхахьара аьлла юха а дехар дина Таджикистанан Iедалша. Оьрсийчоьнан коьртачу санитаран лоьро Онищенко Геннадис динера и дехкар, Таджикистанехь полиомиелит олуш йолу цамгар иккхина, аьлла. Амма Душанбенна цу дехкаран бахьана политикан бух болуш ду аьлла хета.


Таджикистанан арахьарачу гIуллакхийн министралло дехар дина Оьрсийчоьне, шайн махкарчу бIаршна а, гарашна а импорт яр доьхкуш бина болу сацам юхабаккхахьара, аьлла. Цу хьокъехь йолу нота дIаелла цара Душанбехь волчу Оьрсийчоьнан векале Попов Юрийга.

Цу кехатан тIехь таджикийн Iедалша шаьш реза ца хиларх лаьцна дуьйцу, бух боцуш а, вон чулацам а болуш Либерал-демократийн партин куьйгалхочо Жириновский Владимира а, «Роспотребнадзор» олучу урхаллин куьйгалхочо Онищенко Геннадис а дуьйцург бахьана долуш. Таджикистанехь вакцина тоха йолийнера бахархошна, полиомиелит эккхар бахьана долуш.

И гIуллакх дIахьуш дара шина муьрехь. Амма шолгIа мур тIахьататта дийзира, цIеххьана цу махкахь хиш тIе довлар бахьана долуш. Иза шен комментари а ца йеш ца дитира Оьрсийчоьнан коьртачу санитаран лоьро Онищенкос. Стигалкъекъан-беттан 27-чу дийнахь цо дIахьедар дира, "цара цхьаъ дарна, Дала жимма дов дина царна" и хиш тIедовлар а эккхийтина аьлла.

ХIун ю хьалха вайн хилла йолу Советан республикаш? Уьш Iемина бу, дас санна дола деш воккхах волу ваша а волуш, баха

Цул сов, «Таджикистан хIумма а дан луш яц. И нах хIуъа дича а схьаоьхуш бу», элира Онищенкос, таджикийн Оьрсийчу йолчу миграцех лаьцна дуьйцуш.


«ХIун ю хьалха вайн хилла йолу Советан республикаш? Уьш Iемина бу, дас санна дола деш воккхах волу ваша а волуш, баха»- бохуш, латкъамаш беш вара Оьрсийчоьнан коьртан санитаран лор Онищенко.

Ткъа Жириновскис ши-кхо кIира хьалха, цхьана радионна интервью луш дIахьедар дира Таджикистан а, ГIиргIазойчоь а пачхьалкхаш а хилла дIа ца хIиттаелла, цундела и шиъ Оьрсийчоьнах дIатоха еза аьлла.

Оьрсийчоьнан коьртан санитаран лор волчу Онищенко Геннадийс омра дира шайн территори тIе даийта мегар дац Таджикистанера бIараш а, кхин долу юртбахаман сурсаташ а аьлла. Цу омрица а догIуш, Оьрсийчура дозанхойн декхар дара, шайн махка богIучу таджикийн тIоьрмигаш а, кхин йолу хулчаш а талла. Онищенкон омра кхочушдеш, талламех чекх дохуш ду Таджикистанера Оьрсийчу оьхуш долу кеманаш.

Онищенкос куьйгалла дечу, «Роспотребнадзор» олучу, урхалло бинчу хаамца, Таджикистанера и сурсаташ кхоьхьуш болх беш яра 10 компани а, цхьацца, ша болх беш волу бизнесхо а. Онищенкона хетарехь таджикаш гулдинчу бIарашца а, цхьацца цара йина йолчу гарашца а полиомиелитан вирус хила мегаш ю.

Амма Душанбена забар ца хета Онищенкос дина долу дехкар. Таджикистанан арахьарачу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, цу дехкаро хазанехасанна доккха зе дохьа шайн махкарчу бахархошна, къаьсттина Согди кIоштIарчу бахархошна, аьлла. Таджикийн министралло цу кепара дехар шозлагIа деш ду, амма Оьрсийчоьнан Iедалш сиха дац цунна жоп дала.

Дуьненан Могашаллин Организацино бинчу хаамца, карарчу хенахь полиомиелит цамгар хьакхаелла хила мега аьлла, Таджикистанехь дарбанан цIийнашка охьавиллина ву 432 стаг. Царах 129 стагана билггал и цамгар кхетта хилар гучудаьлла. Цхьа стаг велла.

Дагадаийта деза Онищенко Геннадий а, цо куьйгалла ден урхалла а цхьа ша кепара дакъа лоцуш хилар, Оьрсийчоьнан арахьарачу политикехь. Къаьсттина дукха къийсамаш баржийра санитаран бахьанашца ду аьлла, Гуьржийчура чагIар а, «Боржом» олуш долу, дуьненна а гIарадалльа долу минералан хи а Оьрсийчу дар дехкаро. Дуккха а шерашкахь лаьттира Молдавера чагIарш а, юртбахаман сурсаташна а дуьхьала Онищенкос дина долу дехкар а.

Советан пачхьалкх йоьхчхьана, ша тайпа нислуш ю Оьрсийчоьнан а, Таджикистанан а юкъаметтигаш. Иттаннаш эзарнаш таджикаш бу, шайн доьзалш кхаба напха лохуш, Оьрсийчохь болх беш. Коьртачу декъана цу наха беш берг бу цхьаммо а бийра боцу боьха а, беза а, хала а болх.

ХIетте а, хаза нехан санна IатIкъам ловш бу и нах Оьрсийчурча Iедалшкара а, уьш балха эцначу нахегара а, ткъа балхара бевллача, меттигерчу бахархошкара а.

Москох адамийн бакъонашкахула йолчу бюроно бинчу хаамца 2009-чу шарахь национал-радикалийн карах вийна 7 таджик. 18-тта стаг чолакх витина.


2009-чу шарахь Къилбаседа Таджикистанехь кхиийна йолу 78 485 тонн гараш йоьхкина цигарчу бахархоша. Церан мах бара 24 миллион ах миллион доллар. Ткъа кху шара йоьхкинчу гарийн а, баIарийн а терахь ду 23 120 тонн. Царах делла 8 миллион хиллала доллар. ТIкъа ша йерриг цу пачхьалкхо экспорт йина 100 000 тонн гарашна.


Оьрсийчоьнан «Роспотребнадзоран» сацам цхьа некъ бу, Оьрсийчоьно Таджикистанна IатIкъам бан лелош болу

Карарчу хенахь Къилбаседа Таджикистанехь йолчу стоьмийн бешаша дIалоцуш ду 48 эзар гектар латта. Царах 27 эзар гектар уггар хьийкъина стом лур долу хьена латтанаш ду. Цу латтанаш тIехь кхиош ду 200 тайпа туьркаш. Уьш хаза нехан санна цIена а, мерза а, дарбане а ю бохуш чIагIдо меттигерчу бахархоша. Уьш тешаш бац, царах кхетта цамгаран вирус ю бохучух.


Таджикистанан Iедалан векалш бинчу хаамца, дукха хан йоццуш Iамеркерчу бизнесхоша эца а эцна, Iамерке дIахьажийна 11 тонн Таджикистанехь кхиийна йолчу туьркийн гараш. Цундела, Оьрсийчоьнан Iедалша бинчу сацаман бухехь политика ю, аьлла хета цаьрна.

Изза хеташ ву меттигера эксперт Абдумафонов Мараим а. Цо дийцарехь, "Оьрсийчоьнан «Роспотребнадзоран» сацам цхьа некъ бу, Оьрсийчоьно Таджикистанна Iаткъам бан лелош болу".

Юйцург ю йина чекхяккха езаш йолу, Таджикистанерчу Рогунера ток йоккхуш йолу станци. Эксперта дийцарехь, дукха хан йоццуш Узбекистанан президент Каримов Ислам Москох визитаца ваханчул тIаьхьа, Оьрсийчоьно хийцинчух тера ду шен цу хьокъехь йолу ойла.

ХIинца Оьрсийчоь, Узбекистан санна, лууш йолчух тера дац и хаза нехан санна чIогIа таджикашна оьшуш йолу станци йина чекхяккха, аьлла хета Абдумафонов Мараимана.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG