ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъаралла Таллам Бан Лууш Ю Израило Динчунна


 Дуьненаюкъаралла Таллам Бан Лууш Ю Израило Динчунна

Дуьненаюкъаралла Таллам Бан Лууш Ю Израило Динчунна

Оршот-дийнахь Туркойчоьно кхайкхам бира Израиле, Газа асане гIо-накъосталла эцна воьдаш волу 9 стаг а вуьш, жуьгтийн эскархоша «Машаран флотилина» дина долу тIелатар дуьненаюкъарчу тобане таллийта реза хила аьлла.



Туркойн арахьарачу гIуллакхийн министро Давутоглу Ахьмада дIахьедар дира, нагахь Израило и тайпа таллам бар тIе дуьтуш ца хилча, иза «церан лачIкъо хIума ду» цигахь бохург, аьлла. Иза ишта хилча, Туркойчоьнан а, Израилан а юкъаметтигаш дIанислур ю бохучух лаьцна дуьйцийла а дац, аьлла хета министарна.

Бакъонашларярхойн тобанийн жигархой байъира Израилан эскархоша, 3I-чу Майхь Дуьненаюкъарчу хIодан чохь, уьш Газа асанна жуьгташа йина латтош йолу блокада дIаяккха боьлхуш болуш, «машаран флотили» аьлла цIе тиллинчу 6 хIордакеманна тIехь. Байъинарш дукхах берш туркой бу.

Хилларг талла дуьненаюкъара тоба кхолла йеза, цхьаьнге а озабезам бийра боцу гIантада коьртехь а волуш, аьлла, дIахьедар динера Цхьаьнакетначу къаьмнийн организацин инарла-секретаро Бан Ки Муна. Амма КIиран-дийнахь Израило дIахьедар дира шаьш къобул ца до муьлхха а дуьненаюкъара комисси кхоллар аьлла.

Израилан Iамеркехь волчу векло Орен Майкала дIахьедар дира, демократи йолчу пачхьалкхана санна, Израилан бакъо ю, шен гIуллакхашкахула шен таллам бан аьлла. Амма дукхах йолчу пачхьалкхашна хетарехь, тешам а болуш, таллам дIабахьа муьлххачу а талламан комиссина юкъа богIуш хила беза дуьненаюкъараллин векалш. Иштта, Британин арахьарачу гIуллакхийн министро ХIейг Уильяма, Парижехь вист хуьлаш, элира, дуьненаюкъаралло дакъа а лоцуш, бан беза таллам, аьлла.

«Тхуна вуно мехала хета, массо а тешар болу, массерна а гуш болу таллам дIабахьар, дIадаханчу Оршот-дийнахь Газерачу флотилина хиллачух лаьцна. Тхуна хетарехь, оцу юкъахь дуьненаюкъараллин векалш хила беза, мел-къезга а нах ле беш а, таллам беш а».

Оццу зорбанан конференцехь вист хуьлаш, Францин арахьарачу гIуллакхийн министро Кушнер Бернара а элира, шаьш тIера ца довла, «шуьйра дакъа лаца деза» бохучунна, аьлла.


«Иза тхан Израилерачу доттагIашна лууш хила дезаш ду, шуьйра, вуьштта аьлча, дуьненаюкъара таллам дIабахьар. Цара хIинца ала дезаш ду шайна хетарг, амма суна хетарехь, кхоччуш цуьнах лаьцна план кховдийна Iамеркахоша а, французаша а, тIкъа ма-дарра аьлча, Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохаралло а. Иштта тхан Британера доттагIий а бу цу новкъа боьлхаш».

Кушнера иштта хьахийра Газана йина йолу хIордан блокада мал ян йезар Израило, аьлла. ТIаккха, цунна хетарехь, Евробертан цу юкъагIорта аьтто хир бара, цу асане хьуш долу хIума талла, иза гIо-накъосталла а бен ца хилийта.

Францин арахьарачу гIуллакхийн министрана хетарехь, цулсовнаха Евроберте тидамехь латталур дара Рафахехь йолу Мисир-пачхьалкхан дозанца йолу дехьа-сехьа волуш йолу меттигаш.

Хьалхо, Евроберто кхайкхам бира Израиле, латта тIехула а, хIордачухула а Газа асанна йеш йолу блокада дIаяккха, иза мегар долуш хIума дац, аьлла. Амма Израил шечунна тIехь лаьтташ ю, Хьамас тобане Газа асане герз ца кхехьийта латтош ю шаьш иза, бохуш.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG