ТIекхочийла долу линкаш

Къилба-ХIирийчура ТIом ДIаберзош Ша ТIелаьцнарг Кхочуш Ца Дина Оьрсийчоьно


 Гуьржийчоь – Цхинвалехь йохийначу хIусмашна уллех дIайоьдуш ю оьрсийн салттий тIехь болу тIеман машен, I8СЕН(ГЕЗГ)2008

Гуьржийчоь – Цхинвалехь йохийначу хIусмашна уллех дIайоьдуш ю оьрсийн салттий тIехь болу тIеман машен, I8СЕН(ГЕЗГ)2008

«КIилба-ХIирийчоь: къобуляран мохь» цIе йолчу шен рапортана тIехь «International crisis group» «Дуьненаюкъара кризисийн тоба» олучу вовшахтохаралло анализ йина Къилба-ХIирийчохь хIоьттинчу хьолана. Цуьнан авторша теллинарг дара, муха IатIкъам бо Москох цу регионна, боху хаттар.


Рапортан Коьрта ЖамI

Цара дина долу коьрта жамI ду, Къилба-ХIирийчоь йозуш йоцуш пачхьалкх ю аьлла къобул яро, алсам даьккхина цуьнан Москох йозуш хилар, аьлла. Цуьнах лаьцна Маршо радионна ша йеллачу интевьюхь дийцира «Дуьненаюкъара кризизийн тобанан» векло Шитс Лоренса:

«2008 шаре кхаччалц Къилба ХIирийчоьно юкъаметтигаш лелайора кхечу Гуьржийчурча регионашца. Тахана доза дIакъоьвлина ду. Цхьана а стеган бакъо яц цу дозанехула дIасалела, Ахалгорин кIоштIарчу бахархой боцучера. Бюджетах лаьцна аьлча, Къилба- ХIирийчоьнан Iедалша дийцарехь, 99 процент ахча луш ду цаьрна Москохара. Ах хиллала Къилба-ХIирийчохь болу лаккхарчу Iедалан белхахой, Оьрсийчура бахкийтина бу цига. Массо а, кхечаьрца йолу юкъаметтигаш, Оьрсийчухула лелош ю. Цхьана а кепара дуьненаюкъаралла яц цигахь хаалуш. Цулхьалха Европехь Кхерамазаллехула а, Цхьанабелхан а Организацин а, Евробертан а векалш бара цигахь. Евробетан дуккха а, тайп-тайпана проекташ яра цигахь. Европехь Кхерамазаллехула а, Цхьанабелхан а Организацин цIарах тергамхой а бара. ХIинца уьш боцуш бу. Къилба-ХIирийчу Европерачу миссийн векалш буьташ бац. Тхоьга билгалдаха делла долчу массо а хьелашца, цхьа а шеко а йоцуш, иза йозуш хилар вуно алсам даьлла».

2008-чу шарахь, цигара тIом дIаберзош, Оьрсийчоьно шена тIелаьцна долу декхарш кхочуш деш дац, бохуш дуьйцу Шитс Лоренса:

«Цу бертийн уггара коьрта дакъа долу, хьалха шаьш хиллачу меттигашка эскарш дIадигар кхочуш деш дац, я Къилба ХIирийчохь а, я Абхазехь а. Оьрсийчоьнан куьйгалхоша дIахьедарш до, хьелаш хийца делла, цундела, ма-дарра аьлча, хIинца кхин хьал ду цигахь, бохуш».

Къилба ХIирийчоьнна гонах хIоьттина долу хьал теллинчулла тIаьхьа, шаьш динчу хьехарех лаьцна иштта дуьйцу «Дуьненаюкъара кризизийн тобанан» векло Шитс Лоренса:

«Къорггера долу политикан а, цу мехкан статусех лаьцна долу а хаттарш хIитто хьалхе ду. Дика хир дара, агIонаш шайн экономикан юкъаметтигаш юхаметтахIиттор Iалашонца, некъаш лахарх лаьцна барт бан гIоьртича. ХIинца, вай ма-аллара, Къилба-ХIирийчоьнна а, йисинчу Гуьржийчоьнна а юкъахь доза къоьвлина ду. Тхан хьехамех лаьцна аьлча, оха динчу рапорта тIехь аьллча ду, жим-жима йеш нахана юкъахь йолу юкъаметтигаш дIанисйича дика хир дара, ткъа цунна дозанаш дIаделлар оьшу, аьлла. Дуьненаюкъарчу организацишна болх бан хьелаш кхолла деза, цаьрна муха дIасалела беза бохуш, билламаш бахка а ца гIерташ, иштта дIа кхин а. Хала хеташ далахь а, цкъачунна иза вайна гуш дац».

Нохчийн Эскархой А, ГIишлошярхой А Къилба-ХIирийчохь

2008-чу шарахь Августехь, Къилба-ХIирийчохь хиллачу тIамехь, жигара дакъа лоцуш бара «Малхбале» цIе йолчу Нохчийчурча батальонан эскархой. Муха тIеоьцуру уьш хIириша а, гуьржаша а дуьйцу цу регионера хьал шен тидамехь латтош а, иза дика девзуш а волчу Маршо радион корреспонденто Кусов Олега:

«ХIириша нохчий тIеэцара цу хенахь, уьш шаьш лардархой болуш санна, зеделларг долу а, шайн цIахь тIамах чекхбоьвлла болу а, шаьш кхеча армех лардеш болу а нах санна. ТIкъа гуьржий реза бацара царна, хIунда аьлча, Кадыровн режиме цера хьажар ду, Кремло тIехьажа ваийтина стаг иза волуш санна».

ТIкъа хIинца буй-те Къилба-ХIирийчохь нохчийн тIемалой? Кусов Олег:

«Малхбале» батальонера эскархой Къилба-ХIирийчура дIабаханчулла тIаьхьа, цига гIишлошярхой баьхкира Соьлжа-гIалара. Цигахь, премьер-министр волчу Бровцев Вадиман, тоба гучуялале дара иза. ХIинца цхьабола Нохчийчура гIишлошярхой Цхинвалихь бисина а хила мега. Амма уьш дукха кIезиг хиларна, уьш гуш а бац цу гIалийн урамашкахь, церах лаьцна цхьанне а хууш хIумма а дац. Дукхах берш дIабахана цигара. Ткъа нохчийн тIеман тобанаш Къилба-ХIирийчоьнан территори тIехь яц».

Цхьаболчу хаамашца, карарчу хенахь Къилба-ХIирийчохь а, Абхазехь а дIатарйина ю, мел-лаххара а, ши тIеман база. 7-гIа база - Абахазехь а, 4-гIа база - Къилба-ХIирийчохь а. Цигахь ву 7 эзар 400 салтти. Зорбанан г1ирсаша дийцарехь Оьрсийчоьнан эскарш дIатардина ду цигахь, уггара лекхачу меттигашкахь, дIахьажча Тбилиси ган аьтто а болуш.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG