ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведевга Къа-бала Балхош Кехат Яздина Нохчийн 92 Шо Долчу Ветерано


Нохчийчоь -- «Боьлху малх» цIе йолу филм гойтуш экрана тIера даьккхина сурт, 15Сти2007
Нохчийчоь -- «Боьлху малх» цIе йолу филм гойтуш экрана тIера даьккхина сурт, 15Сти2007

Нохчийчурча тIеман ветерано, Хадисов Нажмуддис, Оьрсийчоьнан президенте гIо дехна, шена гIо дахьара, аьлла. Ишшта оцу къаночо, махкахь йолу цхьацца проблемаш а юйцу. Массийта шо ду шаена Iедалера догIуш долу ахчанана компенсации схьа ца ло бохуш яздо цо.

ХIокху деношкахь дIахьажор долуш ду Ведан-кIоштIарчу Элистанжехь вехачу 92 шо долчу Хадисов Нажмуддис, Оьрсийчоьнан президенте Медведев Дмитрийга ша яздина долу кехат. Цу тIехь, ветеран хиллла ца Iаш, тIеман инвалид а волчу къаночо дехар до шен дахаран хьелаш то а дайтахьара, Нохчийчура шолгIачу тIамехь шен йохийначу хIусамах йогIуш долу ахчанан компенсаци а схьаялийтахьара бохуш. Мел волу ветеран токхехь вехаш ву бохуш дIахьедарш дечу республикерчу Iедалшна, башха юхькIаме доцу и дIахьедар цо дина, ишттачу хьелашкахь ша кхин дIа ца вахало аьлла. Цуьнан кIанта Хадисов ХIарона Маршо радиога дийцира, шайна тахана тIехоьттинчух хьолах лаьцна.

ГIишло ю тхан цигахь ян йолийна. Цхьа чоь а ялла, цу чу дахана тхо. Оцу цхьана чохь итт стаг ву тхо


ХIарон: Тхо итт стаг ву оцу кертахь вехаш. Ялх соти бен дац тхан латта. Ша-йерг а 56 йиъкIов метр ю-кх иза. ГIишло ю тхан цигахь ян йолийна. Цхьа чоь а ялла, цу чу дахана тхо. Оцу цхьана чохь итт стаг ву тхо. 2003 шарахь оха, компенсаци схьаэца дагахь, кехаташ чуделлера. Амма, таханлерчу дийнахь а, иза ша ма-дарра лаьтташ ду. Исаков волчу маситтаза вахана тхан да, амма, иза цо тIе а ца эцна.

Маршо радио: Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIекхача а гIоьртина, Элстанжара ветеран. Ишшта, кехаташ а яздина цуьнга цо, амма, я цуьнах а, я вукхунах а гIуллакх ца хилла. Оцу ХалимовгIеран доьзална, да ветеран ца хилча а догIуш дара, дахаран хьелаш тодар, бохуш дийцира цу эвларчу бакъонашларярхочо Хаджимурадов Сулеймана. Тамашийна сурт кхоладелла боху цо, ветеранашна гонахь. Дуьйцург цхьаъ а, деш дерг кхин а ду элира цо.


Сулейман: Республикан президенто кIоштан куьйгалхошка дIааьлла ма дара, ветеранаш шена арз дохьуш ма бахкийталаш, церан гIуллакх делаш аьлла. Шен болчу аьттонца ветеранийн гIуллакх дан а ма гIертара и президент. Ткъа, цунна уьш тIебоьлхучу хенахь, ма ярра йолу цамгар дIайийца ца буьту, цунна гонаха болчу наха. Ветеранаша шаьш а боху, президентана тIебоьлхучу хенахь "иза ма ала, важа ма ала" бохуш, цунна тIекхаьчча, хIун дийца деза а ца хууш дисира шаьш.

Маршо радио:
Медведев Дмитрийга Хадисов Нажмуддис кехат яздаран бахьана ду, шена ца еш йолу терго бохуш кхин дIа а дийцира бакъонашларъярхочо Хаджимурадов Сулеймана.

Ветеранаша шаьш а боху, президентана тIебоьлхучу хенахь "иза ма ала, важа ма ала" бохуш, цунна тIекхаьчча, хIун дийца деза а ца хууш дисира шаьш

Сулейман: Медведевс цхьа а губернатор вуьтур вац, мел цо чIогIа гIуллакхаш динехь а, нагахь санна ветеранашна чохь Iан меттигаш ца лахь, аьлла. Нохчийн президента а элира изза. Ткъа ветеранаша и хIума хезча, мел боьхна бара, шай бахьанца нах балхара бохон магара аьлла. Царна ца лаара, дахар чекхдолучу хенахь, ишшта хIума хилийта. Ткъа хIинца цара яздеш хIара аьрзнаш ду, уьш тергал беш цхьа а стаг вац. Суна хетарехь, президенте хIара кехат дIакхачахь, хаза нехан санна, хьакамашкара бехк а боккхур бара, гIо а дийра дара. Деш дацахь, "хIара мегаш ду, хIара гIо хьуна дан йиш яц", эр дара. Цо гIо муха ца до, хьуьл Москох болчарна а деш ма вай иза. Нахана хьалха цхьаъ дуьйцуш, важа къайлах дуьйцуш ма даций. Суна хетарехь, цунна гонах болчу наха, "ша дерриг а дика ду, шерра а ду" бохуш, цуьнга и хIуманаш а дуьйцуш, иза галваккхарна мелла а кхеравелла ву со. Жима а ма ву иза. И кIант галваккха гIерташ бу-кх юххехь хьийзаш болу и нах.

Маршо радио: Ведан-кIоштахь тахана висина виъ ветеран бен вац. Церан, массеран а ала мегар долуш, башха дика хьал дац боху бакъонашларъярхочо Хаджимурадов Сулеймана. Хадисов Нажмуддис тахана Медведев Дмитрийга хьажийначу кехатан тIехь бохуш ду, шена цхьа петар елча, ша велча иза шеца дIахьур ма яц бохуш. Иза хIокху пачхьалкхехь а, хIокху латта тIехь а юьсур ма ю боху цо.


Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG