ТIекхочийла долу линкаш

Йовлакх Доцуш Хилар ХIинца а Маьрша Дац Соьлжа-гIалахь


Соьлжа-гIалахь, коьртахь йовлакх ца лелочу зудабершна пейнтболан тапча йиттина муьлуш бу ца хуучара. Оцу бахьанца, нохчийн юкъараллехь шортта дийцарш долйина.

Цхьана дийнахь бен ца хилла и хIума. Амма ерриг а республикехула дIасадаьржина, ма хетта дуьйцуш ду иза. Дийна делккъхенахь, масситта меттехь жимачу машенахь, тIеман барзакъ доьхначу наха, лерринчу хIаваъан тапчийца чохь басар долу горгалш йиттина, шайна мел гиначу, коьртахь йовлакх доцчу зудаберашна. Тухучу хенахь, маьттаза мотт а буьйцуш, "хьайн коьрта йовлакх тилла, боьха хIума" бохуш, маьхьарш а детташ, оцу меттера дIаэккхаш хилла машен. Болчу хаамашца, цхьана йоIана и горгалниг са лоцучу коьртах а кхетта, дарбан хIусаме йига дезна.

И тIелатарш, дийна делккъехь дина, тIех дукха эскархой а, ког баьккхинчохь милцой а болчу гIалахь. Амма, ишшта лелаш нах бу аьлла, цхьана а тайпа реакции ца хилла царгара. Цхьа йоI, басарах юьзина горгалниг тоьхначу машенна тIе а едда, иза сацо гIоьртиина. Амма, важа цигара дIаиккхина, буьйлуш чохь берш а болуш. Уьш муьлш бу хаъа аьтто бац. Коьртах йоьхкина туьтмIаьжгаш хилла церан.

Пейнтболах ловзуш лелочу герзаца йиттина цара горгалниш. Оцу ловзарехь дакъа лаца магош дац коьртах, юьхь къайлайоккхуш леррина куй а боцуш, тIейоьхна, стоммачу кIадех дина духар а доцуш. Оцу бахьанца оцу герзан Iалашоне лаьцна долу зудабераш, боккхачу кхерамехь хилла.
Юкъараллехь и хIума дукха даржийна дуьйцуш ду. Цхьаболчара, коьртах йовлакхаш а я, нохчийн гIиллакхашца догIуш ма хиллара, духар хила деза боху. Амма, дукхах болчара, ша дерриг а, адамийн шен лаамца хилча бакъахьа дара боху. Ахь корта а, дегI а мел Iалашдарх, ойланаш цIан ца йо, духаро. Масала, ишшта комментари йира оцу хIуманна нохчийн актрисас Багалова Зулайс.

Багалова Зулай: Коьрта хIума-м тилла еза, тилла йогIучо а, тилла езачохь а. Амма, оцу тиллинчу хIуманна сий дайъа ца деза. Дела реза хуьлда, иза тиллинчунна.
Коьрта хIума тиллича дIа ма ца долу иза. Цунна тIе оьшуш дуккха а хIума ду
Амма, коьрта хIума тилларх проблемаш дIайовлуш яц. Джовхар Iедале веъча доладелира иза. Цо бохуш дацара иза. И баьхна волу стаг вуй, оцу радио чохь а, телевизионехь а, "кач къевьлина хила безий, пхьуьйшаш деха хила дезий" бохуш Iийначу, цуьнан ши йоI Москох гай а, ша ерриг а гуш лелаш яра. Ас цуьнан цIе йоккхур яцара, вевзаш стаг ву иза. ТIаккха Масхадов веъча а долийра, коьрта хIума тилла еза бохуш. ХIинца а "коьрта хIума, коьрта хIума" бохуш дуьйцуш ду. Юьхь юьззина басарш ду хьаькхна, коьртахь хIума а ю, кегий бераш а ду ишшта лелаш. Ламаз деш а хила еза коьртахь хIума, стаг чу веъча а хила еза иза. Коьрта хIума тиллича дIа ма ца долу иза. Цунна тIе оьшуш дуккха а хIума ду. Ас коьрта хIума цхьаболчарга туьллуьйтур яцара, оцу коьрта туьллучу хIуманна сий ца дайъа.

Маршо радио: Зудаберийн духарх лаьцна олуш, шайна уьш дегIа меженаш кхъайлаяьхна хила езара аьлла хета боху. Амма юха а тIаккха, ницкъаца а кхерамца а иза далура дац, аьлла хета царна. Ишштачех ву, Илес цIе йолу Соьлжа-гIалар вахархо а.

Ильяс: Соьга хаьттича, "декольте" олуш долу дош нохчийн маттахь муха олу ца хаа сунна. ГIабли тIейоьхча вай йоIарий хаза хуьлу-кх. Ткъа хIинца оьрсийн мода ю бохуш хедийна йолуш кучамаш тIеюхуш ю. Иза нийса дац аьлла хета сунна. Амма, сунна хетарехь, нуьцкъала иза цхьанге а дайталур дац. Массарна а тIаьхьа а ваьлла лелар ма ваций. Муьлхха а Iедал хилча а, оьзда духар тIедухучара - иза духу, ца духучара - ца леладо. Соьга хаьттича, чуьра, доьзалера а гIиллакх хила деза, духаран гIиллакх.
Муьлхха а Iедал хилча а, оьзда духар тIедухучара - иза духу, ца духучара - ца духу


Маршо радио: Лиана цIе йолчу зудчо къобал деш дац, массара а, цу тайпа хIума юха еза бохург. Нуьцкъала тIейоьхна хIума цхьана а кепара товр яц нохчийн зудаберашна тIехь, боху цуо.

Лиана: Зудаберана ца лууш хилча, иза цуьнгахь товр яц. Кучамаш шортта ма ю, деха пхьуьйшаш долуш, хаза кач болуш а.

ХIокху деношкахь пейнтболан, чохь басарш долу горгалниш еттар, иза тухучарна цхьа ловзар санна хеталуш хир ду. Цхьаболчу тергамхоша, иза юкъаралла зер санна хIума деш ду боху. Ишта а, цул доьхнарг а дича, наха тIе муха оьцур ду бохуш санна. Ткъа, тешам буй, оццу наха, кхана басарш а ца детташ, баккъалла а долу герз тухур дац аьлла.
XS
SM
MD
LG