ТIекхочийла долу линкаш

Машаран Флотилина Дина ТIелатар Ша Толлур ду Боху Израило


Израил -- Оранж а, цIен а, баьццара а бос болчу Рэйчел Корри хIурдан кеманна уллехь бу израилан ницкъаш, 05Ман2010

Израил -- Оранж а, цIен а, баьццара а бос болчу Рэйчел Корри хIурдан кеманна уллехь бу израилан ницкъаш, 05Ман2010

Палестинина гIо а эцна Газа асане йоьдуш хиллачу «Машаран Флотилина» Израилан лерринчу ницкъаша тIелатар даран хьокъехь шен таллам бийр бу ша аьлла дIахьедар дина Израило. Израилан премьер-министран администрацино даржийначу дIахьедаро бахарехь дуьненаюкъара шиъ хьажархо а волуш вовшахтоьхначу комиссино таллам бийр бу, Газа асанна улле хIурдан-кеманаш ца дахкийта гIерташ, Израило динчун.


Йозуш йоцчу комиссин коьртехь хир ву Израилан Лаккхарчу Кхелан суьдхо Тиркель Яков. Хьалхуо Израило юхатоьхнера дуьненаюкъара таллам дIабахьийта аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино шега кховдийна хилла ойла. Амма реза хилла арахьара ши хьажархо оцу комиссина юкъавита. И шиъ ву Нобелан цIарах долчу машаран совгIатан лауреат Тримбл Дэвид а, Канадин ТIеман Юстицин урхаллин хьаьким хилла волу Уоткин Кен а.

Палестинахойх дог лозучу жигархоша чIагIдарехь гIо-накъосталлин сурсаташ а эцна Кипрера Газа асане доьдуш дара ялх хIурдан-кема. Газа асанна йина блокада йохо гIерта хIурдан-кеманаш совцо кхин некъ бацара бохуш чIагIдо израилан Iедалша.
Израилан премьеро Нетаньяху Беньямина бахарехь уьш шек бац, шаьш нийса лелла хиларх.
Йозуш йоцу комисси кхолла Министрийн хIусамо бинчу сацамо дерриг а дуьне тешорг хиларх тешна ву со Израил низамехь а, йиллина а, жоьпаллехь а лелаш хилар

Нетаньяху Беньямин: Со тешна ву, израилан тIеманхоша динарг хьоле хьаьжжина а, дуьненаюкъарчу кепашца догIуш а, шаьш шай ларбархьамма дина хIума хилла хилар, йозуш йоцчу комиссин талламо тIечIагIдийриг хиларх. Йозуш йоцу комисси кхолла Министрийн хIусамо бинчу сацамо дерриг а дуьне тешорг хиларх тешна ву со Израил низамехь а, йиллина а, жоьпаллехь а лелаш хилар.

Маршо радио: Амма, веллачу иссанна юкъара исс шен махкахо хилла йолу Туркойчоь ца теша Израило дIахьур болчу талламах. Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Давотоглу Ахмета элира:

Давотоглу Ахмет: Со ца теша, дуьненаюкъарчу хиш тIехь маьршачу хIурдан-кеманашна тIелетачу пачхьалкхо бан ма беззара таллам бийр бу бохучух.
Цундела, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин нийссачу урхаллин кIел йолу дуьненаюкъара комисси кхоллар доьху оха. Израилхоша цхьана агIора бечу талламан цхьа а маьIна дац.

Маршо радио: Европан Барт догйовхо йолуш бу, Израило Газа асанна йина блокада лахъйийриг хиларх. Ассошиэйтед Прессо дуьйцу дипломатан хьосташна тIе а тевжаш, гIо-наъкосталлин сурсаташ бен дехьа ца дохуьйтучу Карни а, Керем-Шалом а олучу дозанашкахь йолу блокада жимма гIелъйийр йолуш ю. Делахь а и информаци официала кепара тIечIагIъйина яц.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG