ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкан Куьйгалхо Даггара Веза Я Вазво Кавказехь?


Дагестан -- Магомедов Мохьмад-Iела
Дагестан -- Магомедов Мохьмад-Iела

Iедалан мукъ карахь болу стаг вазвеш гIиллакх ца хилла Кавказан исторехь. Коммунистийн пропагандица а догIуш, Советан заманахь чIогIа даьржина дара хIолламаш хIиттор, байташ яхар, музейш яхкар а. ХIинца Нохчийоьно а, Дагестано а караэцна иза. Дагестанан куьйгалхо хиллачу Магомедов Мохьмад-Iелин дезткъа шо кхачарца доьзна, иза вазваран дуьххьара тIулг биллина.


Нохчийчоьнна луларчу Дагестанехь шинарин дийнахь даздарш дIадаьхьира, еххачу хенахь оцу республикина куьйгалла дина Магомедв Мохьмад-Iелин дезткъа шо кхачарца доьзна. Коьрта газеташа зорбане ехира, Советан заман гIиллакхехь язъйина, Магомедв вазвеш йолу артиклш. ДогIуш ма-хиллара, майра, доьналла долуш, хьекъале, жоьпалле боху дешнаш хIумма а кхоа ца дина. Дагестанан телевизионо массо керланашкахь а, лерринчу программашкахь а бийцира, республикин куьйгаллехь волуш цо баьхна толамаш. Кхин генара маьIна ца дан а там бара, цхьана дийнахь дIахьучу даздаршна, дезткъа шо кхаьчна Магомедов Мохьмад-Iела хIинцалерчу Дагестанан президентан Мохьмад-Саламан да вацахьара. Iедалера стаг вазвар долалуш ду те хIинца Къилбседа-Кавказерчу рогIерчу республикехь? Оцу хьокъехь шина даггара бу Дагестанера бахархой. Машенашлелорхойн профсоюзан лидер а, бакъонашларъярхо а волчу Набиев Исал-мохьмада бахарехь, цхьана агIора, хIумма а дац, Магомедов Мохьмад-Iела вина дезткъа шо кхочуш даздарш дIадахарх.

Набиев: Магомедов Мохьмад-Iела винчу дийнахь цхьацца даздарш дIадахьарх иза вазвар ду эр дацара аса. Iедалан балхахь а воцуш, пенси оьцуш стаг ву иза. Шена ма луъу ша вина де даздан йиш ю цуьнан.

Маршо радио: Оццу хенахь, Набиев шек ву, Магомедов Мохьмад-Iелин кIант президент вацахьара, даздарш оццу шуьйра дIахьуриг хиларх.
Дера, мотт хьекхаран цхьа билгало я ма ю кхузахь. Нагахь санна цуьнан кIант президент вацахьара кхин дара

Набиев: Еххачу хенахь тхан республикин куьйгаллехь хилла ву иза. Тахана цуьнан кIант ву республикина урхалла деш. Дера, мотт хьекхаран цхьа билгало я ма ю кхузахь. Нагахь санна цуьнан кIант президент вацахьара кхин дара.

Маршо радио: Хьажархойн хьесапехь, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа дIадаьлла долу Iедалера стаг вазвар, Путин Владимир оьрсийн президент хIоьттича юхаденделла ду. Маршо радион хьажархочо Кусов Олега бахарехь, Кремло иза къобалдеш дацахьара, и гIиллакх лелар дацара:

Кусов: Путин президент волуш и билгало Нохчийчохь гучуелира, цо цкъа Кадыров Ахьмат юха цуьнан кIант къоман "тIах-аьлла" лидерш хилийтича. Луларчу Дагестанна а чIогIа лаьа оцу новкъахула яха. Иттех шо хьалха оцу кепара аьтто бацара Дагестанан. ХIунда аьлча, демократехьа болу лаам бара Оьрсийчохь сийлахь. Елцина а, цуьнан гоно а къобал ца бора меттигера "эланаш" а, "паччахьаш" а. Либералан-демократин ойланаш товш яра. Амма Путин Владимир а цуьнан го а Кремле беъча, хьаьким вазван лаам хиллачу меттигашкахь "эланаш" а, "паччахьаш" а базбан бух кхоьллира цара. Массо хIума а коьртера долалуш ма ду. Кремлана иза лууш ца хиллехь хир ма дацара. Амма Кремло иза къобалдеш ду. Цундела, Кадыров Рамзанна тIаьххье луларчу Дагестанехь а меттигера "эла" вазваран масала ду кхоллалуш.

Маршо радио: Къилбседа Кавказехь Iедалера стаг вазвар, юьхьанцара, Нохчийчохь доладелира.
Массо динаш а, Дела а керставеш хиллачу, коммунистийн режимехь санна, КадыровгIарна яьхна байташ йоьшу школерчу дешархоша, хIуолламаш хIиттабо, сурташ ду пенах диттина арахь а, чохь а. ХIора эвлана чувуллучехь а, араволучехь а ден а, кIентан а сурташ тIетоха доьгIна пенаш я бIевнаш тайппа хIума ю. Кхана Iуьйрре, изза хила тарло боху Кусовс, Дагестанехь а:

Кусов: Нохчийчохь дола а делла, Кремло къобал а деш, Дагестанехь а изза хила йиш йолуш ду. Дика ду я вуо ду? Масала, оццу Къилбседа ХIирийчохь шайн турпалхойн сий ца до. ТIеIаткъам хьенаниг бу? Оьрсийниг болчух тера ду. Дагестанах лаьцна аьлчи, цигахь даим а дара юкъараллехь къаьсташ волу стаг вазвар а, цуьнан сий дар а. Iедалехь хиларца доьзна дацара иза. Суна хетарехь, оцу дикачу къоман ламастах пайда эца гIерташ ду хIинцалера Iедал.
Азербайджан - Бакох долчу Алиев Хlайдаран каш уллехь лаьтташ бу азербайджанхойн эпсарш, 12Гlу2007

Маршо радио: Нохчийчоьнах эцна ца Iаш, шен луларчу Азербайджанах эца масала а ду Дагестанан. Оцу мехкан президент хиллачу Алиев ХIайдаран хIиттийна хIолламаш а, сурташ а, музейш а ягаръйина вер а вац. Цунах лаьцна арахецначу книгийн терахь бIаьннал а совдаьлла тоххара. Дада-ХIайдарах лаьцна байташ школийн книгаш юкъатоьхна. Шиъ пачхьалкхан деза де ду оцу махкахь даздеш, Алиевна лерина. Иза веллачул тIаьхьа цуьнан цIарах гIалин цIераш хийца еза, ахча арахеца деза цуьнан сурт тIехь долуш. Ур-атталла, Баку-Джейхан маьхкадаьттан биргIанна а тилла еза цуьнан цIе боху ойланаш яьржира махкахь.

Кхузахь хьехош йолчу кхаа республикехь бехаш болу нах, коьртачу декъана, бусулба нах бу. Исламо, хууш ма-хиллара, магош дац хIолламаш хIиттор а, сурташ деттар а, иштта дIа кхин а.
Куьйгаллехь лаьттина нах къомана, баккъалла а безар ду я церан кIентий хIинцалера президенташ болун дера ду иза?
Уггар а дика жоп хено лур ду цунна.
XS
SM
MD
LG