ТIекхочийла долу линкаш

Федералан Телеканалехь Гойту Кино Емалъйо Нохчийчохь


«ГIаргIулеш екна евра ю» боху телесериал йолаелла оьрсийн НТВ телеканалехь. Иза емалъеш ю нохчийн юккъаралло а, Iедалан векалша а. Цхьа а низам ца дохийна цо, амма, нохчийн Iадаташ а, гIиллакхаш а бехдеш ю боху.


"ГIаргIулеш екна евра ю" бохуш цIе йолу исбаьхьаллийн филм гайта йолийна НТВ телеканалехь. Иза гергарчу заманахь эфирехь хир ю бохуш, хIора дийнахь моссуьйтуза анонс еш, яра цуьнан цхьа бутт хьалха дуьйна. Фильман чулацам, оьрсийн эскархочуьнний, нохчийн йоIанний вовшаха болчу безамах бу. Сценарийца оцу зIенна доьхьала ваьллачу деца дов а доккху нохчийн йоIа.Да а гойту цхьа акха стаг санна, шен йоI ишколе а ца йохуьйтуш волу. ТIом бан Нохчийчу веана волчу эскархочуьнгахула оцу йоIан паргIатоне болу некъ бу бохуш чIагIдан гIерта, режиссер Серов Евгений.

Филм гайта йолийна 12 июнехь, Оьрсийчоьнан де лоручу дийнахь. Дийна делкъахенахь йолаелла, тIаьхьий-хьалхий кхо сери гайтина.

Хетарехь, къаьмнашна юкъметтиг нисъян езачу меттана,оцу филмо, нохчийн юккъарална боккха тIеIаткъам бан мега. Соьлжа-гIалахь хIинцале, цхьана юкъаралхойн организацино доьхьалонан акции дIаяхьара.Гулбеллачара, билгаладоккхура, цу тайпа фильмаш, ша шех йогIуш ца хилар а, яхча а, уьш ишттачу дезчу дийнахь гойтуш ца хилар а.

Филм эфире араяларе сатийсина хира дара, йорах, олуш ма хиллара сабан сериалийн фанаташа.Амма, нохчашна, къома амалш а харца а еш, хила йиша йоцург а дуьйцуш, хилар, забар яц, бохуш вара, Заурбек цIе йолу ЧIишкара вахархо.Ишшта хIума доьххьара деш ца хилар дагадаийтира цуо.

Заурбек: И кинош, тIамах лаьцна а ю, Нохчийчохь хичлу тIамах альцна а ю уьш.мосуьйтуза а, вай нохчех хьаккхалуш долу хIума, чIогIа ца товш хIума ду.Масалла ду хьуна: шина салтийчо массийта бIе нохчи гап-гап олий герз тухий вахь а вуьллий, хIума деш. Ишшта и тIом хиллехьарий, кху махкахь эзарнашкахь эскар латто а ца дезара, цхьа бIе салти схьаваийтичхьана, тоххарехь ша дерг дIадирзина хира дара.И тайпа киношг яхара а , гайтара , вайна цхьа Iоттар еш санна ду.Вай маттахь «оскорбить» бохуш дош дац. Вай веша гIиллакхаш ду, церан шай гIиллакхаш ду. Вай гIоле ду бохург а дац иза, ян уьш вайла гIоле бу бохург а дац.Вай цхьа тера дац бохург ду иза.ТОххара нохчий ю, оьрсийн эскрахочуьнга мааре а яхана аьлла дийца даьккхина цхьа хIума дара,дукха гIарадаьккхина. Талла вуолавелча, Нохчийчохь дехачу кхечу къомах йоI хиллера оьрсичуьнга мааре яхан.

Маршо радио: Нагахь санна, ишшта кино яьккхича, и терз дIанисдархьамма, кинош яха еза,Оьрсийчуьра Нохчийчу а оьхуш, бусулба дин тIеоьцучу бахархойх, бохуш, кхин дIа а дийцира Заурбека.

Заурбек: Ма-дарра дийцича, Новороссийскера хуьл иза я Ярославлера хуьл иза, бахархорй схьа а оьхуш Нохчийчу, бусулба дин хазделлера сунна, шу махкахь Европехь уггаре а доккха маьждиг а дара, бохуш, бусулба дина Iтеэца льаара сунна бохуш, хIора баттахь аьлча санна схьоьхуш болу гIазакхий ма ца гойту цара. ХIунда ца гойту.бусулба нах цхьа инкар барий, вайца йолу цхьа юкъметтиг, нохчий хуьлда иза, ян кхитберш хуьлда иза, царна Iоттар ян гIретар санна хIума хета сунна иза. Дала мукълахь Дела гуш ву ша дерг.Царна моьттург чекхадера дац. Иза дера доцийла гуш ду, вай хазбелла, табеллачу махке хьаьжча.

Шайга хаьттича цхьаболчу наха ишшта хуьлуьйтура а дацара, цхьа анохчий хуьльуйтура а вацара. ХIинца оцу филман суюжетанх льацна аьлча. Нохчийн йоI оьсрийн салтичуьнга мааре яхархь лаьцна ю иза.хIокху Оьрсийчохь шорта къаьмнаш ма ду, дехаш, леррина нохчий билгалаца бьахча, кхин бацара церан? Кхечу къомах болчу бусулбачу нахе маре ца яхийтар, маьёIан ма ду, нохчашний бен нохчийн йоIан сий дан хуура дац бохург. Вайна сийлахь ма ю нохчийн йоI.


Маршо радио: Историк волчу Хатуев Исламан хетарехь, оцу филмо, цхьа могIа хьалабузу, нохчийн Iадаташна а, гIилалкхашна доьхьала яхначарна юккъахь. Цунна хетарехь, цхьана агIора некъ лаха беза, и фильмаш ца яхийта а, ца гайтита а.

Хатуев Ислам: Дуккха а яхна филмаш ю-кх вай нохчех лаьцна яхна. Вайна уьш дика йоьвза.Уьш нохчийн къам бехдан а. сийсаза дан гIерташ ю.Царах ю хIара филм а.Вай исторехь дуьйна схьадогIуш ду, нохчийн зудчуьна а, а йоIана а сий дар. Вай буьйцучу матах ненан мотт а олуш, оццула еза лерина ю вай нохчийн зуда. Оццула чам боцуш, сийдоцуш иза гайтара, иза шена дена доьхьала ялар, иза хиндоцу хIума ду.суна ишшта кинош ца яхийта цхьа некъ лаха беза аьлла хжеита вайц.Цхьа а актер нохчи вац. Царна хуура дац, вайн амалш ма ярра гайта. Со цунна реза вац.Къхаьмнийн юккъметтиг йохор бен хIума а дац цуо

Маршо Радио: Оьрсийчоьнан дийнахь иза гайтара, долчуьнна тIе а , кIоргайо цуо, нохчашна еш йолу чов, боху Рамзан цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу вахархочо. Оццул халчу новкъахула, нохчий оцу пачхьалкхе юккъе а балийна, хIинца, церан гIиллакхаш емал деш санна хIума хета шена, аьлла тидам бира цуо.

Рамзан: Сюжет ю-кх цигахь гIазкхийчьунга маре а йоьдуш. Со чIоIга реза вац цу хIуманна, хIунда аьлча, вай нохчийн култура а, гIиллакх-гIуллакх а долуш къам ду. 12 июнехь Оьрсийчоьнан де ду бохучу дийнахь иза гайтар а, нийса ца хета суна.

Маршо радио: И филм ишшта емал йина, Нохчийчоьнана Iедалан урхалшкахь а. Кадыров Рамзанан зорбан – секретара Керимов Iалвис дIахьедар дина, иза эфирера дIайоккхург хиларна сатийсам бу шайн аьлла. Шен агIора и филм яьккхинчу режиссера Серов Евгенийс, ша ца кхета аьлла, и сериал хIунда ца еза нохчашна. Цигахь цкъа а нохчочуьнан цIе йоккхуш яц, боху цо. Шена оцу филман мехалла, лекха бу аьлла хета, хIунда аьлча, цо адамехь мел долу диканиг гучудоккху, аьлла.

XS
SM
MD
LG