ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Депутинизацин» Процесс Йолаелла Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- Президент Медведев Дмитрий ву премьер-министрца Путин Владимирца, Москох, политикан система кхиорах лаьцна къамел деш, 22Деч2010
Оьрсийчоь -- Президент Медведев Дмитрий ву премьер-министрца Путин Владимирца, Москох, политикан система кхиорах лаьцна къамел деш, 22Деч2010

Центрехь Iедал а чIагIдеш а, регионашкахь шен муьтIахь болу нах хIиттийча а, оьрсийн премьерана Путин Владимирна еза кеп ца хIоьттина Оьрсийчохь. Дукха хан ю оьрсийн оппозицина «депутинизаци» боху дош марзделла. «Кхиам» бохучу дешан маьIна до цунна, Путин Iедалера дIавала луучара.


Оппозицин лидерша ма-аллара, «депутинизацин» процесс йолаелла.
Дуьххьара, итт эзар стага дакъа лецира малхбузе Калининградехь хIокху шеран январ беттан 30-чу дийнахь вовшахкхеттачу оппозицин мтингехь. Оьрсийчохь бехачу нехан муьтIахьалле хьаьжча, вуно лакхара терахь ду иза. Калиниградхойн шайн бахьана дара оцу митинге арабовла.
Арахьара чудохьчу сурсаташна лакхаяьккхинчу йоло доккха зе дира, чуялочу машенийн бизнесана. Уьш юха Оьрсийчу дIайигарна тIехь са йоккхуш вехаш вара, мелла лаххара а, ткъа эзар калининградхо. ЦIеххьана лакхабевлира коммуналан сервисан мехаш. Цу тIехула тIе, Москоха цига губернатор вахийтинчу Боос Георгийс керла ял юкъаяьккхира машенаш хохкучарна. Иттех шарахь дуьххьара цигахь экономика оцу кепара гIелъеллачу хенахь, Боос Европе а вахана, ахча а ца кхоош садоIуш ву аьлла хабар даьржича, меттигерчу нахана бIаьрга схьаван ца везавелира иза.

Цунах боккха кхаъ хилла, Калининграде яхара оьрсийн оппозици. Меттигерчу жигархошна улле а хIиттина, ял лахъяре а, белхан меттигаш алсамъяхаре а кхайкхарца цхьана, Путин дIаваккхаре а кхайкхамаш бира цара. Къамелаш динчарна юкъахь билгалволуш вара Немцов Борис. 90-чу шерашкахь Лахарчу Новгород кIоштан губернатор хилла ву иза. Елцин Борисан заманахь оьрсийн премьер-министран когаметтан дарж а дIакхехьна цо.
Москохо кIоштакара ахчанаш дIаийзадо, уьш шен колониш йолуш санна. И кхаьънаш оьцуш долу Iедал дIадаккхалц, вай гIорасиз ду бехира Немцовс. Иза боккъалла а тешна ву, Путин а, цуьнан го а дIабахчий бен, Оьрсийчоьнан кхане хир яц бохучух.

Цензурин а, аьшпийн а, къизаллин а бух болу, ширчу заманлера, полицин раж йолу, яхкаелла система ю Путинас кхоьллинарг
Оьрсийчоь -- Немцов Борис, Дакъакхачаран боламан лидер, Москохара студи, 25Деч2010





Немцов:
Путин дIавахар - суна модернизацица а, прогрессца а, Оьрсийчоьнан кхиамца а доьзна, цхьа маьIна долу дешнаш хета. ХIунда аьлчи, цензурин а, аьшпийн а, къизаллин а бух болу, ширчу заманлера, полицин раж йолу, яхкаелла система ю Путинас кхоьллинарг. Оьрсийчоьнна хьалха лаьтташ йолу Iалашо и бух а болуш кхочушъян йиш яц. Цундела, суна хетарехь, Путин дIавахарца кхиаме хила аьтто хир бара Оьрсийчоьнан. Цуьнца а догIуш, модернизаци ян а.

Маршо радио: Шайн, аьлчи а, оппозицин коьрта Iалашо, яккхий митингаш Москох дIаяхьар хета Немцовна. Цул тIаьхьа маьрша харжамаш дIабахьа беза аьлла хеташ ву, оппозицин лидер цхьаъ волу Немцов:

Немцов: Махкахь цIена харжамаш хила лаьа тхуна. Махкахь политикан конкуренци хила лаьа тхуна. Махкахь йолу парламент дискуссеш ен меттиг хила а лаьа тхуна. Iедал хийцалуш хила а лаьа. Суна хетарехь, протесташ яран жигаралла кхин а алсамъер йолуш ю.

Маршо радио: Оппозицех доьзна а, доьзна доцуш а, юкъ-кара, реза ца хиларан акциш дIахьо Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь. Май беттан 3I-чу дийнахь Москохарчу Триумфальная майданехь, рогIера, Путине Iедал дитар доьхуш акци вовшахтоьхнера жигархоша.
Амма, мел лаххара а, шина кепара царна дуьхьало ян хьаьжира, Путинас чIагIдина Iедал. Цхьана агIора, царна уллехь вовшахтоьхнера донорийн акци. Аьлчи а, цIий дIадаларе кхойкхуш болу цхьа гулам. ШолгIа, бакъо а йоцуш, митинг дIаяхьа бакъо яц шу бохуш, милцоша етта а етташ, дIа а луьйцуш, дIабигира, митинге гулбелларг. Уггар а хьалха, кегий нах.
3I-чехь оцу митинге вахана волуш лаьцна ву къона, «Газета.ру» журналист а, жигархо а Артемьев Александр. Шаьш кхеташ дара, оцу «донорийн акце» балийнарш, оьш-оьшучехь арабохуш болу нах буйла элира цо, Маршо радиоца къамел деш:

Артемьев: ХIаъ, донорш бара цигахь. Делахь а, донорех дог а лезна, царах дIакхета гIоьртинчу стеган гIуллакх хир дацара, хIунда аьлча, тIекхочийла яцара. Иза а автозак чу хаор вара. Акци яцара иза, цхьа гулам бара. Ма-дарра аьлчи-м, оьшучу дийнахь, оьшучу сохьтехь Триумфальная майданехь вовшахтухуш болу нах бу уьш. Iалашонаш бен дIа а яц. Ша и Iалашо дика ю дера. Аса къобалдо иштта акциш дIаяхьар. Амма, гуш ма ду, уьш тIехъевлла йолу шалхонаш юйла.
Акци яцара иза, цхьа гулам бара. Ма-дарра аьлчи-м, оьшучу дийнахь, оьшучу сохьтехь Триумфальная майданехь вовшахтухуш болу нах бу уьш

Маршо радио: Карарчу хенахь Москохарчу 29-чу дарбан цIийнахь Iуьллуш ву Артемьев. ХIара къамел а, мобилан телефонехула хилла ду тхан. Триумфальная майданехь дIа а лаьцна, «Замоскворечье» Чоьхьарчу ГIуллакхийн Декъе вигинчарна юкъахь нисвеллера иза.

Артемьев: ХIокхул а хьалха хилла маршаш а, догIуш ма хиллара, кхин а дукха нах лоьцуш дIаерзара. Амма 31-чу Майхь митинг дIасалаьллина къизалла, дагахь а доцчу кепара хилира. Иштта, зе хиллачарна юкъахь со а нисвелла.

Маршо радио: Милцоша куьг кагдина Артемьевна, милицин декъехь. Иза муха нисделира, иштта дийцира Маршо радиоца дарбан-цIийнара схьа телефонехула къамел деш, ша журналиста.

Артемьев: Лаьцначунна тIехь беш болу ницкъ-м, массарна а кхочуш бара. Суна хилларг кхин а гена даьлла хIума ду. Кхаа сохьтехь а эха сохьтехь милцойн автобус чохь латтийначул тIаьхьа, шина милцочо ши куьг а лаьцна со вуьгучу хенахь, кхоалгIаниг тIеведира. Цо сан саттийна куьг кагделира. Цул хьалха а дукха хIума хилира. Москох-гIалихула цхьана сохьтехь эха сохьтехь лелийра тхо автозак чохь. Оцу йовхонехь са а дукъаделла, чIерий санна, багош гIетточчехь диснера тхо. Чоьхьарчу ГIуллакхийн Декъехь тхо охьадиссийча, жимма хIаваъ лацаделира тхоьга. Кхин дIа хир йолчу процедурашна - протоколаш хIитторна - кечделлера тхо. Делахь а, тхо юха а оццу автозак чу доьхкира. Юха цхьацца дIа а кхойкхуш, автозакана хьалха паспорт тIера терахьаш дIаяздан хIиттира. Амма нехан собар кхачийнера. Тхо сийсаздахар дара иза.

Тхо гIишло чу кхайкха я паспорташна тIера терахьаш дIаяздеш йолу зуда тхоьца автозак чу яккха элира оха, тхан хьал муха ду хаийта. Эххар а, тхо лаьцначул тIаьхьа кхо сахьт дIаьллий билгал ма деллина, тхаьш дIасахецар дийхира оха. ТIаккха, тхо автозак чура арадаха сацам бира милцоша. ХIумма а кхоа а ца деш, адамаш аратекхадора божабераш а, зудабераш а. ДаьIахкаш ца кегъйира, амма, мIараш тесна меттигаш яра. ЧIогIа тамехь доцуш хIума дара. Зудабераш доьлхуш дара.


Вайн бераш муьлхачу пачхьалкхехь дехар ду?

Юкъараллехь хеттарш дIахьучу социологин таалмийн хьесапехь, оьрсийн президентан Медведев Дмитрийн а, оьрсийн премьер-министран Путин Владимиран а рейтингаш лакхара ю. Амма, уьш естийна юьйцуш хиларх шеко яц дукхах болчу аналистийн а, оппозицин а. Оццу хенахь, къамел а доцуш, Оьрсийчохь уггар а нуьцкъала политик а, Iаткъаме стаг а ву Путин.

Цундела а, цуьнга шегга дIахаийтича мукъа а гIуллакх хир дацара те олий а боьлху Оьрсийчура, вуно кIезиг бисина, пачхьалкхах дог лозуш болу артисташ а, суртдиллархой а, йишлакхархой а. Ма-дарра аьлча, кхолларийн дахарехь къахоьгурш берш. ХьастагIа, оьрсийн премьерца хиллачу цхьанакхетарехь хилира йишлакхархо Шевчук Юрий. Шен дагахь ира хаттарш а эцна ваханера иза оцу цхьанакхетаре. Делахь а, цунна ма моттара ца хилира.

Оьрсийчоь -- Йишлакхархо Шевчук Юрий ву, каьнсер йолчу берашна ахча гулдан вовшахтоьхначу цхьанакхетарехь къамел деш, Путин Владимир цуьнга ладугlуш ву, Петарбуха, 29Сти2010
Шевчук:
Дера, ма лаъара деха ма ца нисделира къамел. Дукха хаттарш ца делира аса. Ца кхиира. Амма, "вайн бераш муьлхачу пачхьалкхехь дехар ду?" боху коьрта хаттар-м делира аса. И дара коьртаниг. Цигахь аса кхин а дийцира мел боданечу, оьзда йоцчу, кхаьънаш оьцучу, цхьа къинхетаме йоцчу, дог доцчу пачхьалкхехь Iаш ду вай. ТIаьххьарчу тIаме, гIуда токхучу батальонера санна балха оьхучу шахтерех лаьцна а хьахийра аса. Эзарнаш шерашкахь вайн екъаеллачу юкъараллех лаьцна а дийцира - элий а, лай а болчу юкъараллех. Бен дац, церан карахь партин билеташ делахь я тхов тIехь къегаш чиркхаш долчу машенаш тIехь белахь а; важа, къа-бала хьоьгуш долу къам ду. ХIинца оцу хьолара аравала болу беккъа цхьа аьтто, массо а низаманна хьалха цхьатерра хилийтар ду. Демократи ю. Цхьана агIора, Путин къера ву, низаманна хьалха массо а цхьатерра хиллалц, демократизаци хиллалц, Оьрсийчоьнан кхане яц бохучунна. Уьш цуьнан дешнаш ду.
Цхьана агIора, Путин къера ву, низаманна хьалха массо а цхьатерра хиллалц, демократизаци хиллалц, Оьрсийчоьнан кхане яц бохучунна

Маршо радио: Ерриг а Оьрсийчохь а, Москох а, Петарбухехь а тIаьхьарчу хенахь вовшахъеттачу митингех лаьцна а хаьттинера Шевчука оьрсийн премьере. Хьо реза вуй цо хьайна деллачу жоьпана?

Шевчук: Со реза вац дера. ХIунда вац? ХIунда аьлча, цо маршаша новкъарло ян ца еза шайн гIалин йистарчу хIусамашка боьлхучу нахана а, цомгушчарна лоьрашна тIе кхача а аьллан дера. Со ца кхиира цуьнга ала, цхьа стоьлан дан гIалахула цхьанхьа воьдучу хенахь ерриг а гIала лаьтташ хиларх лаьцна. Цуьнан жоп цхьа тамашийна хийтира суна. Тамашийна аьлчи а, цхьа сиха делла жоп дара. Басилашвили Олега а гIортор йира суна. ГIалех а, гIалара архитектурин хIолламаш бохорах а, Газпроман и бIов ярах а, иштта дIа кхин а дийцира цо. Цунна а жоп ца делира цо. И къасто дезаш ерг гIалин администраци ю элира цо.

Маршо радио: Кхузахь билгалдаккха деза, Шевчука дина къамел, Путинна муьтIахь йолчу пачхьалкхан телевизионаша буьззинчу барамехь хазийтина ца хилар. Цо делла хаттарш а, шайна хетачу кепе дерзийнера. Делахь а, летачул а, къуьйсучул а, къамел дар гIолехь а хетта ваханера ша оцу цхьанакхетаре элира Шевчук Маршо радиога. Цул сов, коьрта хаттар дан кхиаваларх а воккхавевора иза.
Адам санна муха хийтира хьуна Путин? Хьан аьтто белира цуьнан бIаьра хьажа, дийцахь.

Шевчук: "Махкарчу юкъараллехь реза боцу нах алсамбовлуш буйла хаьий хьуна?" аьлла, аса шега хаьттича - нийсса цуьнан бIаьргашна чу хьоьжуш вара со - халла са а даьккхина, "хIаъ" элира цо. Ловзуш вацара иза. Премьер-министрна иза хууш дуй? Иза а вон дац. Вукху агIора, Iедало хIун дийр ду? Цунна ала хIума дац. Масех бIе шарахь Iедал карахь долчеран а, кхолларин векалийн а долу къамел дара иза. Дуккха а наха дина къамел, аса а дир-кха къамел.

Маршо радио: Кхин цхьа забаре хIума а дийцира Шевчука. Ма-дарра аьлчи-м, кхин забар а яцара иза. Путинца долу цхьанакхетар доладалале хьалха, цуьнан администрацерчу векало хьехарш динера йишлакхархочунна, муьлха хаттарш дала мегар ду, муьлханаш дала мегар дац, хала а, ира а хаттарш ма лолахь, аьлла. Шевчука иза Путине дIадийцира. Цунна дуьхьала, иза цхьа питана ду, шен администрацера хуьлийла дац иза аьллера Путина. Ахьа муха туьду и лелар?

Шевчук: Забар а йина, дIадерзийра цо иза. Аса элира тIаккха, цхьа тамашийна стаг хилла хир ву забар йинарг. Ма дарра аьлчи, аса ойла йира... ойла стенна еш яра, суна эха сохьтехь хьехча, муьлхачу хаттаршна жоп дала деза, муьлха хаттарш дала мегар дац, иштта дIа кхин а.

Маршо радио: Шевчуке, кхин цкъа а оцу кепарчу цхьанакхетаре хьо кхайкхича, гIур варий боху хаттар, хIаваэхь дисира.

Оьрсийчохь гIоттучу, Iедална реза ца хиларан цхьа амал ю, ледара амал – цхьанакхета а, барт бан а, онда ницкъ а кхоьллина, сакхтех дуьзначу Iедалца къийса ца хаар.

Иштта, оьрсийн оппозици ю барт ца хуьлуш. Шайн-шайна тIе юргIа ийзор бахьанехь, чIагIделлачу Iедална тоъал кхераме ницкъ ца хуьлу оьрсийн оппозицех. Вовше тола гIерташ, къийсало уьш, цундела, цхьа альянс кхолла ца ло. Цхьаболчу аналисташа чIагIдарехь, нагахь санна, урамашка алссам нах ара а бевлла, Iедал карчадахь а, Iедалан мукъ, коммунисташа я, кхечу, авторитаран хьажар долчу ницкъаша дIалоцур бу. Оцу кепарчу партишна атта ду, аналисташа бахарехь, къомана, цхьацца кег-мерза хIуманаш лур ю а ала.
Оьрсийн Iедалан хьалха санна хIинца а таро ю, и хуьскаш кхийдон. Цунна йоккха сА йолу духкучу маьхкадаьттанах а, газах а.

Путинна дуьхьала ечу протесташа цуьнан а, цуьнан гонан а жимма сингаттам баьккхинехь а, уьш кхоьру ала йиш яц. Наха мел цуьнга дIавала бахарх, цо хIумма а дан деза а, я бехказавийла веза а аьлла ца хета, кхечу аналисташна. Шен ницкъ буйла хууш ву Путин. Оьшуш хилахь, кхин а харжамийн спектакл а йина, кхин цкъа а Iедале вогIурв ву иза. Я нан-йоккха пиар кампани а йина, къомана ша воьзуьйтур ву. Цу тIехь зеделларг долуш ву хIинцалера оьрсийн премьер.

Ткъе цхьайттолгIачу майхь хиллачу митинге вахар бахьана долуш, куьг кагдина волчу Артемьев Александран а бац тешам, протестийн митингаш дIаяхарх, башха хийцамаш хирг хиларх. Делахь а, ша хаьржина некъ хета цунна:
Хьекъалехь цхьа карчамаш а хилла я урамашка арабевллачу наха тIеIаткъам а бина, боккхачу барамехь демократин хийцамаш бийриг хиларх догдохуш вац со

Артемьев: ХIан-хIа, суна хетарехь, аьттехьа а хир дерг дац иза. ХIунда аьлча, экономикехь а, политикехь а кхолладеллачу хьоле хьаьжча гуш ду, Iедалехь берш шайн бахамаш алсамбахарна а, шайн дахар тодарна а тIебирзина буйла. Иттех шарахь кхоллаелла буржуази кийча яц бахамашна тIера синан хьашташна тIеерза. Цундела, хьекъалехь цхьа карчамаш а хилла я, урамашка арабевллачу наха тIеIаткъам а бина, боккхачу барамехь демократин хийцамаш бийриг хиларх догдохуш вац со. Лаа-м лаара суна цунах теша. Тахханехь махкахой хила луучарна "3I" стратеги суна нийса стратеги хета. Дуьненан бахамаш боцурш, маьршонашца боьзна бахамаш маьIне болчарна.

Маршо радио: Артемьев санна, урамашка арабовлучу нехан хIун догойла хуьлу те? Баккъалла а теший уьш, шайга хийцамаш балург хиларх?
Еккъа шена хета ойла йовзийтар а дац иза. Реза ца хилар дIагайта и цхьа некъ бен ца го шена аьлла хета, Артемьевна.

Артемьев: Со суо дIагайтар аьлчи а, махкахь хуьлчунца реза ца хилар ду. Схьагарехь, реза ца хилар дIагайта, цкъачунна болчух цхьа некъ бу иза. Маьрша харжамаш бац, маьрша хаамийн гIирсаш бац. Цундела, оцу кепара махкахойн акци ю-кха.

Интернетехь керла ойла кхоллаелла, протестийн акцешка боьлхучу журналисташа шаьш баьццара пхуьйшаш доцурш а, зорбан-картанаш а оьцур дац аьлла. Вукху агIора, журналисташа хIунда юхуш ю, тIемашкахь шина а агIора герз деттачарех къастош йолу билгалонаш? Iедална иштта атта долун дерий?
XS
SM
MD
LG