ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу Футболан Ловзаре Хьажар Кхераме Ду Сомалехь Кхушара


Сомали -- 2010 Дуьненаюкъара Кад болалуш телевизионна хьалха хевшина Iаш бу нах, Могадишу, 11Ман2010
Сомали -- 2010 Дуьненаюкъара Кад болалуш телевизионна хьалха хевшина Iаш бу нах, Могадишу, 11Ман2010

Дуьненаюкъара Футболан ловзар исламца доьзна дац аьлла хетачу тIеманхойн тобанаша варе дина футбол езачарна, цуьнга хьожучарна таIзар хир ду аьлла. Даханчу Шоьтан дийнахь Афгое-гIалахь бехачу футбол езачеран хIусамех чекхбевлла, герзах боьттина тIемалой. Ши стаг вийна. Ткъе иттех стаг чувоьллина.


Дуьненаюкъарчу Футболан Кеде цхьана бIаьргаца хьажа. Иштта боху Сомалерчу цхьана футбол езархочо. Цхьана бIаьргаца телевизионе хьажа, важа бIаьрг неIарна тIехь латтабе, тIемалой чубогIий, ларбеш - аьлла дийцина цо БиБиСига.
Сомалин доккхах долчу декъанна тIехь урхалла латточу тIемалойн тобанаша варе дина, нахана юккъехь еттар ю я кхин а телхинарг дийр ду, къайлаха футболе хьожуш гучуваьллачунна, аьлла. Цкъачунна карахь болчу хаамашца хIинцале ши стаг вийна, ткъе иттех стаг чувоьллина – царна юкъахь пхийтта шо кхаьчна кхиазхо а ву. Къилб Африкано футболан турнир тIеэцарх йоккхаеечу ерриг а Африкан самукъадаьллачу хенахь, оцу хIумано чIогIа халчу даьккхина Сомалерчу футбол езархойн дахар.
15-шо долу Махьад Мохьамед Хаьжи, вуьрхIийтта шарал а кегий болчеран къоман футболан тобан капитан ву. Цо бахарехь, Африкера Машарбархойн тобанаш тIехьожучу коьртачу гIалахь иза вехаш хиларна, цуьнан йиш ю футболе хьажа. Оццу хенахь, кхинберш тIеIаткъамна кIел бу.

Махьад:
Тхо Африкера ма ду. Дуьненаюкъарчу Футболан Кад баккхарна гIортор йо оха. Со чIогIа, чIогIа ирс долуш ву кхушара. Амма, тIемалоша нах ца буьту футболе хьовса. Тхо деха меттиг-м паргIат яра. Къилб Африкехь мел хуьлчу футболах ловзаре хьовсу тхо.

ТIемалоша "йилбазан ловзар" лерина футбол

Маршо радио: Июн беттан цхьайттолгIачу дийнахь хIокху дуьнентIехь уггар а боккхачех лоруш болу спортан хилам болабала масех сахьт дисинчу хенахь Исламистийн лидеро Шейх Абу Яхья Ал Иракъис дихкира футболе хьажар. Цо цунах муха кхетийра аьлчи, «ширчу керста културера схьаяьлла ю футбол. Исламан администрацино цкъа а магор дац ФИФА Дуьненаюкъарчу Футболан Кеде хьажар» аьлла.
Сомалерчу Спортан Зорбан Ассоциацин куьйгалхочуьн когаметто Шафии Мохьаддин Абокара дийцира, Сомалехь къайлаха футболе хьожучунна хуьлург.

Абокар:
Къайлаха футболе хьовсучу хенахь, Могадишехь бехачу нехан хIусамашна чу а лилхина, цара ши кIант вийна, пена тIехула а кхоссавелла, вада гIертачу хенахь. Кхин а итт стаг лаьцна.

Маршо радио: Ханна хаьржинчу Сомалин Федералан Iедало емалдина футбол хьовсучарна тIехь лелош дерг. "Сомалин бахархойн йиш ю, цхьаннех кхера а ца кхоьруш, футболе хьовса" аьлла ду Iедалан дIахьедарехь.
Абокаран бахарехь, церан хьесапехь, хIинцале ткъе итт стаг чувоьллина, футболе хьожуш гучу а ваьлла.

Абокар: Чубоьхкинчарна тIехь хIун до-м ца ахаьа тхуна. Тхуна хууш, футболе хьовсучу хенахь уьш лаьцна хилар а, исламистийн набахтешкахь уьш латтош хилар а ду. Иштта, церан гергарнаш царна тIе кхача йиш йолуш а бац, церан хьал муха ду хаа.

Маршо радио: Сомалехь шаьш тIехьовсучу кIошташкахь исламистийн коьрта милицино «Хьизбул исламо» а, «Ал Шабабо а» шарIа баккхийчу бехкамашца туьду. Футбол «йилбазан ловзар» а лерина, 2006-чу шарахь дуьйна дихкина ду цу пачхьалкхан цхьайолчу кIошташкахь. Эфиоперчу ницкъаша 2007-чу шарахь чуеана ю Сомалина исламистийн раж. Амма, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь бен чIагIделла дац церан Iедал. Иттаннаш эзарнаш Сомалера бахархой белла оцу хенахь цу махкахь латточу къизаллашкахь.
XS
SM
MD
LG