ТIекхочийла долу линкаш

Цхьана Хенахь Нохчийчохь ЦIеяххана Хилла Волу Гойко Митич Берлинехь Вехаш Ву


Ханна жимма баккхийх болчу вайнахана дагадогIуш хила мега, мацах Советийн заманахь цхьана нохчийн газетехь болх беш хиллачу журналиста, шен хIора а артикл «Мацах сой, Гойко Митиччий цхьана стадионехь Iачу хенахь» бохучу дешнашца дIайолош хилар. Цуьнца болх беш хиллачарна массарна а хууш дара, шен цхьана гIуллакхана Москох ваханчера и журналист, дагахь а доцуш, Олимпиадин муьрехь Москох веанчу Гойко Митичца цхьана дийнахь цхьана стадионехь нисвелла хиллийла. Амма, кхеташ ма-хиллара, и мехала хилам шена, Гойко Митичана, кхин шеца Iоттабеллий ца хууш, бисинийла а хаара массарна а. Амма нохчийн журналистана шен доллучу дахарехь дозалла дан бахьана даьллера оцу ларамза нисделлачу хIумнах. Цу масало гойту, Сербера орамаш долу Гойко Митич Нохчийчохь мел нахана вевзаш а, дукхавезаш а вара бохург.

Социалистийн лагерерчу пачхьалкхийн коьрта индеец хилла лаьттина Гойко Митич эзар исс бIе шовткъалгIачу шарахь дуьненчу ваьлла. Белградерачу спортан академехь дешна волу Митич гимнастика а, альпинизм, фехтовани а, цхьа могIа кхин а спортан тайпанаш дика девзаш вара. Цундела тIаьхьо ша индейцийн баьччанех йолчу киношкахь ролаш ловзош цунна цкъа а каскадерийн я дублерийн гIо ца оьшура.

Ма-дарра аьлча, Гойко Митичах милионаш нахана вевзаш волу индеец хилар политикан орамаш долуш дара ала мегар ду. ХIетахь, даханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь Малхбузехь вестерн жанрера кинош чIогIа юкъаяьржина яра. Къаьстина, Малхбузенан Германин киноиндустри хилла цу новкахь баккхий аьттонаш бохуш. Цу хIуманна дуьхьало ян дагахь ГДРерчу Iедалхоша дIайолийна хилла шайн индейцех йолу сери, «Ча такхйиначу тачанан кIентий» цIе йолчу кинолентица. Цу чохь коьрта рол ловзийна волу, цхьанна а вевзаш ца хилла Югославера студент Гойко Митич, цхьана дийнахь-бусий миллионаш адамийн кумир хилла. Кхин а цхьа шо даьлча Нохчийчохь Болливудерчу киношна уггаре а йоккха конкуренци хилла йолу «Чингачгук» яккхира, Фенимор Куперан романна тIехь. "Могиканаш" цIе йолу цхьана индейцийн тайпан баьчча волчу цу Чингачгукан цхьаъ бен воцу кIант -Ункас- хIу хадош вийначул тIаьхьа, иза ша цхьаъ вуьсу, цхьана хенахь нуьцкъала хиллачу, ткъа хIинца хIу доцуш дIадайначу могиканийн тайпанах дийна, и тIаьхьарра могиканхо.

Нохчийчохь масийта чкъурана хаза нехан санна дукха езара Гойко Митичо ролаш ловзош йолу индейцех лаьцна кинош. Царна чохь ингалсхоша а, французаш а меттигерчу бахархошна-индейцашна тIехь латтош йолу къизалла а, харцо а бIеннаш шерашкахь оьрсаша нохчашна тIехь латточух тера хетара вайнахана. Ткъа, хийла нохчийн кхиазхочунна шен синан кIоргенехь, къайлаха, ша гора, Оцеолин я Чингачгукан, я Апачин баьччанан метта харцонца дуьхьала маршонехь къуьйсуш. Цу хенахь нохчийн ярташкарчу клубашкахь гойтуш, дукха хьолахь, шина тайпана кино бен ца хилара, индейцах лаьцнарг я Индхойн Болливудера Iийжаме кинош. Ткъа юьртарчу клубе Индерчу Болливудан кино еъча, цуьнга хьовсуш дукхах берш зударийн хуьлуш хиллехь, Гойко Митич чохь волу индейцах йолчу киношка массо а дIаоьхура жима а, воккха а, зударийн а, боьрша нах а.

Карарчу хенахь, мацах эзарнаш нохчашна сел дукха везна хилла волу Гойко Митич, шен кхузткъе итт шаре хьаьжна ца Iаш, хьалха санна дикачу хормехь ву, ур-атталла дин а, шен турпалхочо Оцеолас санна, говза хьовзабо цуо хIинца а. Иза Берлинехь вехаш ву, немцойн цхьана театрехь болх а беш.

XS
SM
MD
LG