ТIекхочийла долу линкаш

Францехь А Дехка Там Бу Зударшна Арахь Паранджа Лелор


Зударшна юкъараллехь паранджа лелор доьхкуш долчу низаман проект къобалъйина Францин парламентан Лахарчу ХIусамо Шинарин дийнахь. Къоман Кхеташонерчу тайп-тайпана партийн векалша гIортор йира оцу проектана. Юкъараллехь дIадаьхьначу хеттаршкахь билгалдаьлла, Францин бахархоша а паранджа ехкарна гIортор еш хилар. Сентябр (Гезгмашан) баттахь Сенато проект къобалъяхь, низам болх бан долалур ду.


Францин парламентан Лахарчу ХIусамо Шинарин дийнахь къобалъйина, зударшна арахь паранджа лелор доьхкуш долчу низаман къийсаме проект. БIаьргаш бен гуш боцуш, коьртера когашна тIекхаччалц тIетесна Iаьржа духар лелор доьхкуш долу низам Сенато Сентябр (Гезгмашан) баттахь тIеэцахь, и тайпа духар лелочу бусулба зударех хьакхалур ду иза. ТIаккха Франци Европера шолгIа пачхьалкх хир ю паранджа лелор доьхкучу Белгина тIаьххье. Низам тIеэцначул тIаьхьа и духар лелочунна гIуда тухур ду 185 евро. Оццу хенахь, юьхь къовлуш йолу паранджа дIайоккхуьйтур яц цаьрга арахь. Цуьнан метта, мила ю къастон Iалашонца, полицин декъе дIаюьгур ю. Кхин а доккха гIуда тоха билгалдаьккхина, зудчуьнга паранджа лелайойтучу майрачунна – 38 эзар евро я набахтехь даккха цхьа шо. И гIуда шозза алсамдер ду, паранджа лелайойтуш ерг ханна жима хилахь.

Оццу хенахь, полицин профсоюзаш сингаттаме ю, шаьш и низам кхочуш муха дойтур ду ца хууш. Церан декъашхошна чIогIа ца лаьа, и духар лелон Iемина зударий иза дIадаккхарна тIетеIон.

Малхбузерчу Европехь уггар а дукха бусулба нах беха пачхьалкх ю Франци. Оцу махкахь вехачу 64 миллионах иттех процент – бусулба нах бу. Уьш, дукха хьолахь Алжирера а, Мороккара а цига дIабахана бусулба нах бу.

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу талламца а догIуш, буркха лелош болу ша-болу зударий бац охьатаIийна а, баккхий мисканаш а. Шайн лаамца леладо цара и духар.

Францерчу бусулба нахана юкъара цхьа кIеззиг зударий бен бац бац буркха лелош. Официала хаамашца ши эзар гергга зуда ю коьртера когийн бист кхаччалц, дегI хьулден, шаршу тайппа, духар тIекхуллуш.

Арахь и тайпа духарна дуьхьала болчара бахарехь, дуьненан кеп йолчу Францин дIахIоттамана а, кхерамазаллина хьашташна а жоп луш дац и духар. И духар доьхна зуда, йолаелла йоьдучу къубах тера ю, уьш паргIатбаха беза цунах олу цхьаболчу францин политикаш.

Ткъа, буркха ехкарна духьала болчара бахарехь, махкахойн бакъонаш талхор ду, и тайпа духар лелон ца магадар.

Бусулба динан Францера Кхеташо – оцу махкахь бехачу бусулбанийн хьашташ кхочушдеш йолу урхалла ю. Цо чIагIдарехь, бусулба дино тIедуьллуш дац зударшна, цу кепара дегI хьулдеш долу духар лелор. Цул сов, Францехь лелон хьашт а дац иза. Делахь а, цунах дегабаам хир бу аьлла хета говзанчашна, массо а бусулба нахана.

Юкъараллехь динчу хеттарийн жамIашца а догIуш, Францехь а, ерриг а малхбузерчу пачхьалкхашкахь а вуно дукха наха къобалдо паранджа я буркха лелор дехкар. Французийн президента Саркози Николяс а гIортор йо цунна – Францехь къобал ца до буркха лелор олу цо.

Германерчу 70 проценто, Британера а, Испанера а 60 проценто а дика тIеоьцу буркха ехкар. Цхьанатоьхначу Штаташкахь динчу хеттаршца 28 процент бахархоша бен ца аьлла, шаьш и низам тIеэцарехьа ду аьлла.

Цкъачунна схьагучу суьртехь, Францехь оцу проектана тIех дика гIортор яхь а, хIинца а дикка кхеташ дац, цо мехкан конституци талхайо я ца йо.
Нагахь санна, Французийн парламентан шина а хIусамо оцу низаман проект къобалъяхь, керла низам, оцу делан минотехь, Конституцин Кхеле хьажор ду таллийта. Оцу низаманна дуьхьала хила тарло кхин цхьа хIума а. Страсбургехь йолу Адамийн Бакъонийн Кхел. Цуьнан сацамаш кхочуш ца бича йиш йоцуш бу.

Оццу хенахь, Францерчу Политикан Талламийн Школерчу Ван Оьвен Дэниэла бахарехь, цхьа а дин къаста а ца деш я гIортор а ца ен принципаш лоруш пачхьалкх ю Франци.

Ван Оьвен Дэниэл: Францин принцип Лэйсити олу принцип ю. И бохург ду, оха цхьа а дин билгал а ца доккху, цхьа а дин даржорна гIортор а ца йо бохург. Цхьа а дин лелор ца доьхку оха. Нехан къайленаш а, церан тешамаш а лору оха.

Маршо радио: Иштта, Францино 2004-чу шарахь тIеийцира, школашкахь - керста нахана жIараш а, сикхшна тюрбан а, бусулба зудаберашна хиджаб лелор а доьхкуш долу низам.
Амма, Парижехь вехачу исламан эксперт а, Францин арахьарчу гIуллакхийн министраллехь хьехамца а хиллачу Рой Оливера бахарехь, буркха ехкарехь, цхьа билламаш болу низам тIеоьцур ду Францехь эххар а.

Рой Оливер: Деккъа иза дехкарна дуьхьала ю Францин Конституцин Кхел.
БуркхА лелор дехкарца доьзна ца Iа иза. Коьртаниг хIун ду аьлчи, буркха лелоран цхьа доза хIоттор ду. Эххаре а, буркха лелорна дуьхьало ярехь цхьацца гIулчаш йохур ю оха – уьш школашкахь а, аэропорташкахь а, урхаллашкахь а, оцу кепарчу меттигашкахь, кхерамазаллин хьашташ кхочушдеш йоьхкуш. Иштта, кхерамазалла а, цхьатерра бакъонаш а хилар ду коьртаниг.

Маршо радио: Масала, бусулба дин долчу Туркойчохь, Таджикистанехь а, Узбекистанехь а, Казахстанехь а дихкина ду школехь а, Iедалан хьукхматехь а йовлакхаш лелор.

Францех лаьцна аьлчи, буркха лелор доьхкуш долу низам парламентехь чекхдалахь, буркха лелочу зударшна тухуш долу гIуда дIадала миллион ахча долу фонд кхолла дагахь ву Францера бизнесмен Некказ Рашид. Конституцин принципашца къаьсташ хета цунна и низам.
XS
SM
MD
LG