ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу Динийн А, Къаьмнийн А Векалшца Маренаш Дар Къобал Ца До Оьрсийчура Бахархоша


Оьрсийчура ВЦИОМ олучу талламан Центро тIаьххьара бинчу талламо дийцарехь гергарчара дика тIеоьцу кхечу эвлара я гIалара зуда ялор а, маре яхар а. Иштта, царна вуо ца хета, кхечу социалан тIегIанерчу стагаца маре дар а. Амма Оьрсийчура бахархоша къобал ца до кхечу динера а, къаьмнашкара а векалшца доьзалш кхоллар. Къаьсттина, цунна дуьхьала бу, марехь берш а, зударий балийнарш а.



Оьрсийчохь керла юкъадаькхинчу Доьзалан а, Безаман а, Тешаман а денна лерина юкъараллин ойла къасточу ВЦИОМ Центро дIабаьхьначу рогIерчу талламан Iалашо яра, оьрсашна зудчуний-майрачуний башхаллаш лортIехь муьлханаш хета, къобал муьлханиш ца йо а къастор.
Талламан жамIаца а догIуш, кхечу эвлара-гIалара зуда ялор а, маре яхар а, мелла а дика тIеоьцу гергарчара. 66 процентана бен а дац иза.

Иштта, цара маьIне ца лерина, доьзал кхуллучеран бахамаш хилар а, я хиллане а ца хилар а. ХIумма а дац аьлла, жоьпаш деллачех дукха болчара, зуда хьалха марехь хилла хилчи а, стаг зуда ялийна хилла хилчи а. Хьалхалерчу доьзалера бер хилар новкъарло ца хетта 48 процент нахана. 34 процентана иза ца тайна. Керла доьзал кхолла гIертарш кхечу къомах хилар къобалдо 47 процент оьрсаша. 34-таммо иза тIе ца дуьту. Кхечу пачхьалкхера и стаг велахь, 48 проценто проблема яц боху. 30-таммо – къобал ца до.

Уггар чолхе а, къобал ца дечух а ду, кхечу динашкара векалш доьзалш кхолларца доьзна хаттар. 48 проценто къобал ца до иза. Иштта, юкъахь йоккха хан йолу доьзалш кхоллар а нийса ца хета 42-на процентана. Оцу резабоцчарна юкъахь, дукхах берш, марехь а, зуда ялийна а нах бу. 50 процент дуьхьала ю, кхечу динашца маре дарна. Кхечу къомаха волчу стаге маре ваха а, зуда ялон а ца еза аьлла хета, 36 процентана.

Юкъараллин гIаьххьачул доккха дакъа цунна дуьхьала хиларан хьагI-гамонца доьзна дац. Коьртачу декъана, тайп-тайпанчу динийн векалша кхуллучу доьзалшца доьзначу хаттарехь, мел боккхачу безамца шиъ вовшахкхетта делахь а, бераш хиллалц уьш мел мерза баьхнехь а, уьш гучу ма-девллина, девнаш дуьйлало.
Цхьа мур бара, со чIогIа-чIогIа ирсе йолуш - цуьнан дуьхьа а, берийн дуьхьа а, дохко ер яц-кха олий хетара

ГIалгIазакхи Наташа а, иза маре яхана Суьйлийчура Мохьмад а, Москохарчу Къаьмнийн ДоттагIаллин Университетехь доьшуш девзина ду. Наташас дийцарехь, безам дукха чIогIа хилла хиларна, чолхе хаттаршна тIехь кIезиг ойла йира царшимма, доьзал кхоллале.

Наташа: Соьга сан гергарчара хаттара, хьо кийча юй, юъаметтигаш а йоьхна, доьзал вовшахбаларна? Аса алара - цхьа мур бара, со чIогIа-чIогIа ирсе йолуш - цуьнан дуьхьа а, берийн дуьхьа а, дохко ер яц-кха олий хетара.

Маршо радио: Делахь а, I5 шарахь лаьттина доьзал, эххар а, буьйхира. Наташс бахарех, вовшех ца кхеташ беана мур кхин чекх ца белира. Шина бераца-кхиазхочуьнца тахана ша ю иза. Бераш ненаца делахь а, дас церан дола до ахчанца а, кхетош-кхиорца а. ХIора аьхка ши бер Дагестане доьду дехошца хан яккха. Шиннена а шерра суьйлийн мотт хаьа. Бусулба дин тIе ца эцнера Наташас. Амма, шен ши бер бусулба дуй хаьа цунна. Ша дина гIалат шен йоIе дайта лууш яц иза тахана:

Наташа: Сайн йоIа аса динарг да-м ца лаара суна. Нагахь санна иза бусулба стаге маре йодахь, цунна атта хир ду, хIунда аьлча цунна шен да вевза, цуьнан гIиллакхаш хаьа. Оьрсийчуьнга иза маре гIур яц, хIунда аьлчи, бусулба зудабераш керста нахе маре ца доьлху.

Маршо радио: Берашна шайна шаьш муьлаш ду аьлла хета? Цхьа а халонаш юй церан оцу агIора аьлла деллачу хаттарна жоп луш, царна шаьш цхьанххьа а хийра ца хета элира Наташас:

Наташа: Кхечу тайпа муха дахалур дара а ца хаьа царна. Цигахь а, кхузахь а вуо ца хета царна. Цара тайп-тайпанчу културехь йоккхучу хене хьаьжжина хуьлу иза.

Маршо радио: Наташа тешна ю, тайп-тайпанчу динера болчу нехан доьзалехь барт латтор, вуно чолхе хIума хиларх. И тайпа доьзалш дукха дIасакъаьста элира цо. Амма, цхьацца пайде билгалонаш ю цу тайпа марен аьлла, уьш йийцира цо:
Тайп-тайпанчу къаьмнашца а, културашца а уьйраш латторо стаг дуккха а кхиаво. Амма маренаш дар нийса ца хета суна


Наташа: Соьга хаьттичи, тайп-тайпанчу къаьмнашца а, културашца а уьйраш латторо стаг дуккха а кхиаво. Амма маренаш дар нийса ца хета суна. ХIунда аьлча, уьш деха ца лаьтта. ХIунда аьлча, вовшех кхетачура совца нах. Ишта аьлла хета суна. Амма, бераш хаза хуьлу. Хьекъал долуш а хуьлу. Нагахь санна, хаза а, хьекъале а, масех мотт а хууш долу бер дан Iалашо елахь, массо а хIуманна тIаьхьакхуьуш а долу, тIаккха мегар ду аьлла хета суна.

Маршо радио: Кхечу динера зуда я майра хиллачеран зеделларг иштта делахь а, керла доьзал кхуллурш тешна хуьлу, шайн доьзалан тIаьхье оцу кепара къаьхьа хирг ца хиларх. Нах цIера а бевлла, дукха дIасабахарца доьзна, безамаш дагахь доцчехь кхоллало. Башхаллашца йоьзна халонаш къастон дагахь, кегийнарш маьждиге боьлху. Доьзал кхолла луучух цхьаъ бусулба велахь. Нагахь санна, бусулба стаг керста я жуьгти зуда ялон лаам болуш велахь, имамаша иштта кхетаво – аш-Шафии мазхьабца а догIуш, Йоза долчеран зуда ялон магадо исламо. Йоза дерш жуьгтий а, керста а бу. КъурIанна тIехь аьлла ду, балон мега, шул а хьалха Йоза доссийначеран оьзда зударий, нагахь санна, аша царах мах лур белахь.

Йозан зударий лоруш бу, Товрат а, Инжил а олу жайнаш доссийнарш. Ткъа Забур жайна а, Шиса пайхамаран а, ИбрехIим пайхамаран а кехаташ доссийнарш – йозан зударий лоруш бац. Бусулба нахал а хьалха Йоза даийтинарш Жуьгтий а, Кесртий бен бац. Аль-Анъам сурин тIехь ду цунах лаьцна. Цул сов, билгалдаккха дезаш ду, ялочу керста я жуьгти зудчуьн вархIе дайша жуьгтийн я керста дин, иза хийцале хьалхе тIеэцна хилла хилар. Аьлчи а, иза бакъхиллачу хенахь.

Жуьгтин а, керста а зуда ялор дихкина ду, церан вархIе дайша дин, керла ваийтинчу пайхамарца, цул а хьалха ваийтинчуьнца доссийнарг хийцинчул тIахьа. Аьлчи а, Муса пайхамарл тIаьхьа Iиса пайхамар ваийтича я Iиса пайхамарал а тIаьхьа Мохьмад пайхамар ваийтинчул тIаьхьа цара и динаш тIеэцнехь.
Ма-дарра аьлчи, вуно хала ду, тахана и тайпа хIума къастон, нагахь санна, оцу доьзалшкахь дин дукха хенахь дуьйна лелош ца хиллехь. Йиш яц, хIокху дуьненчохь Йозан зуда яц ала. Амма, оццу хенахь, майрра ала йиш ю, зудабер килсане лелаш хиларх, иза боккъалла а Йозан зуда ца хиларх лаьцна. Хiунда аьлча олу имамаша, оцу динашкахь вуно дукха хийцамаш бина, ма-дарра долу бакъдерг хийцина.
Оьрсашна юкъахь а ма ду изза. Цхьаммо а гарантиш лур ма яц хьуна хьан маре ирсе хир ду аьлла


Иштта, дихкина ду, Йозан зуда ялон, нагахь санна, уьш бусулба нахаца тIом беш белахь а, иза, бусулба нехан латта тIехь яцахь а. Магош ду, бусулба стагана ялон бусулба зуда карош яцахь. Цул сов, Йозан зуда ялор къобалдеш ду, иза бусулба дин тIеоьцур долуш елахь.
Суьйлинчуьнгахь марехь хиллачу Наташас бахарехь, хIора а стага, шен уллехь лаха деза маре – шен линехь а, културехь а. Оццу хенахь, иза къера ю, ирс долуш доьзал хир бу аьлла, кхузахь а, цхьа а тешам ца хиларх:

Наташа: Цкъа а хир дац ала ца лаьа суна. ХIунда аьлча, хIоранне а шен зеделларг хуьлу. Оьрсашна юкъахь а ма ду изза. Цхьаммо а гарантиш лур ма яц хьуна хьан маре ирсе хир ду аьлла.





XS
SM
MD
LG