ТIекхочийла долу линкаш

Ша Мемориалана Кхерамаш Ца Тийссинера Боху Кадыровс


Юха а ца кхетамаш кхоллабелла Нохчийчохь болх бечу Мемориал организацин а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а. Мемориалан векалш къоман а, Iедалан а мостагIий бу аларх нийса ца кхетта боху, республикин куьйгалхочо. Бакъонашларъярхой маьршша болх бан йиш йолуш бу Нохчийчохь аьлла Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочун керлачу дIахьедаран мах хадон ца хIутту Мемориал. Амма, шаьш кийча ду боху бакъонашларъярхоша, нохчийн Iедалшца къамел дан.


Юьхьанцара, Нохчийчохь беш болу болх сацон тарло Мемориал организацино аьлла даьржира хаамийн гIирсашкахь. Амма, Мемориалан куьйгалла ала гIиртинарг и дацара. Маршо радиога вистхуьлуш организацин куьйгалхочо Орлов Олега дийцира, цхьана хаамийн агенталлин журналисто хаттар деллера, шайна баккхий кхерамаш туьйссуш хиларх лаьцна дуьйцу аша, Нохчийчохь беш болу болх сацоран хьокъехь ойла-м ца йина аша, аьлла. Цунна жоп луш, оха хаттар иштта ца хIоттийна аьлла ша жоп делча, журналисто кхин цкъа а хаьттина хилла, и хаттар хоттор ду ала йиш юй? ХIинца хьоьга санна цуьнга, "йиш ю" элира ша бохуш вара Орлов. Делахь а, цкъачунна, Нохчийчийчура Мемориалан офис дIакъовла дагахь дац организацин куьйгалла. Кхин дIа йоху гIулчаш а, оцу республикехь болх бечу векалийн кхерамазалле хьаьжжина хир ю, элира Орловс.

ХьастагIа телевизионехь къамел деш, Мемориал а, цуьнан векалш а бехке бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо, уьш Малхбузера даккхий алапаш оьцуш бу аьлла. Шайн белхан жамIаш деш, Кадыровс бахарехь, цара интернетехь вуон мел дерг а, пайда мел боцург а яздо. Иштта, уьш къоман мостагIий а, низаман мостагIий а, Iедалан мостагIий а бу аьллера Кадыровс. Телевизионехь цо дина и къамел дIаяздина Мемориало.
Кадырован дешнех цуьнан муьтIахь болу цуьнан белхахой муха кхетар бу бохург ма ду коьртаниг. Боккха бохам боккхур болу зулам дайта, мемориалхошца дан дезачун хьокъехь нийсса дIа омар дан оьшуш ма дац Кадыровс

Шаьш сагатдийриг, Кадыровс дина дIахьедар цуьнан муьтIахь волчу белхахоша муха туьдур ду ца хаар ду боху, Мемориалан куьйгалхочо:

Орлов: Кадырован дешнех цуьнан муьтIахь болу цуьнан белхахой муха кхетар бу бохург ма ду коьртаниг. Боккха бохам боккхур болу зулам дайта, мемориалхошца дан дезачун хьокъехь нийсса дIа омар дан оьшуш ма дац Кадыровс. Цуьнан ницкъаллийн структураша а, цуьнан векалша а Кадыровас къобалдина, магийна хIума санна тIеэца тарло. Нохчийчура Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин векалийн низамца догIу а, ца догIу а хIума башха билгалдаьлла ца хиларе терра, шайна тIедиллина гIуллакх санна кхета тарло уьш, Мемориалан белхахой низамехь боцуш лАра. Шаьш хIинццалц ма-дарра, мемориалхой а, царна тIе бехкаш а дохкуш, жоьпе озо тарло. Ишттаниг хила а ма тарло. Билггал цундела ду тхо оцу гIуллакхана, Кадыровс аьллачу дешнашна тIе тидам озош.

Маршо радио: Цул сов, Оьрсийчоьнан куьйгалхошка а, шайн арахьарчу накъосташка а кхайкхам бина Мемориало, Кадыровин дешний мах а хадабей, цуьнга низамаш ларийта, аьлла.
ХIун дара Кадыров сел эргIад вахийтинарг аьлла хаьттичи, шен билггал ца хаьа а аьлла, амма, хила тарлург дийцира Орловс.

Орлов: Цо хьехийнарг цхьа хIума дара. Телевизионехь гайтинера иза. Тхоьгахь видео а ю цуьнан. Соьлжа-гIалин мэр Хучиев а, гIалин цхьа префект а вара къамел деш. Цхьа гулам бара иза. Суна билгалдаккха лаьа, цигахь нохчийн омбудсмен Нухажев Нурди а хилла хилар. Цара оцу гуламе кхайкхинарш бара, тIемалой хиларан шеконаш йолчу нехан гергарнаш - аса кхин цкъа а билгалдоккху, оцу хьокъехь шеконаш бен хилла ца хилар. Оцу цхьанакхетаре кхайкхинчарах цхьа а официала кепара цхьана а хIуманехь бехке вина вацара. Церан хьокъехь долийна бехк-такхаман гIуллакхаш а дацара. Амма, Нохчийчохь догIуш ма-хиллара, уьш зуламхой а лерина деш дара къамел. Царна кхерамаш тийссира, тIаьхье вуон хир ю бохуш. Масала, гIалин мэра Хучиевс элира, "шун бераша маьршачу нахана дийрриг дийр ду оха шуьца а".
Нохчийчохь догIуш ма-хиллара, уьш зуламхой а лерина деш дара къамел. Царна кхерамаш тийссира, тIаьхье вуон хир ю бохуш

Нагахь санна, цунна оцу нехан бераш террорахой хетахь делахь, вайна хууш ма дай, террорахоша маьршачу нахана хIун до. Ша ма-барра болу кхерам тийссар ду иза. Аса билгалдоккху, оцу нехан хьокъехь шеконаш а бен яц Iедалийн, церан гергарнаш тIемалой хила тарло аьлла. Тхоьга хаьттича, низаман дуьхьала долу хIума ду иза. Вуно дика гуш ду, кхузахь стаг шен белхан декхарел а тIехваьлла хилар. ТIедита аьттехьа а йиш йоцу хIума ду, оцу цхьанакхетарехь хиллачу Нохчийчура адамийн бакъонашна тIехьожучу Нухажиевс дуьхьала цхьа дош ца алар. Оцу вист ца хиларца и ша-дерриг а къобалдина цо. Телевизионехула гойтуш дара иза, оха иза дIа а яздина. Иза ютюбехь а ю, цуьнга хьажа а, еша а йиш ю интернетехь.

Маршо радио: Бакъонашларъярхочо дийцарехь, гуш-лаьтташехь, низамаш талхоран хьокъехь кехаташ яздина цара мехкан президенте а, инарла прокуратуре.

Орлов: Оцу кепара дохочу низамех лаьцна оха кехат яздина дера. Кехат президенте а яздина, инарла прокуратуре а яздина. Цкъачунна, дIахьедаран жоп луш кхеат ца деана тхоьга. Шаьш и кехат Нохчийчоьнан прокуратуре дIахьажийна алар бен. И Кадыровга дIакхаьчна. Аьлчи а, цуьнга дIахаийтина. Цунна оьгIазвахана иза. Кхин хIун бахьана ду суна ца хаьа.

Маршо радио: Оцу юкъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуо кхин цхьа дIахьедар дина кIиран дийнахь, ша цецваьлла ву, цхьаболчу бакъонашларъярхоша шайн кхерамаш туьйссу бохучу дIахьедарех. Нохчийчохь царна цхьа кхерам а бац, царца диллина къамел дан кийча ду республикин Iедалш, аьлла Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIинцца нийсса пурханехьа динчу керла дIахедарх кхин а чIогIа цецъяьлла Мемориал. Цуьнан мах хадон шаьш гIертар дац, кийча шаьш а ду къамел дан аьлла, Орлов Олега.
Оццу хенахь, къаьстина, Кадыровс Орлов Олег кхеле валарца доьзна гIуллакх а. Аьлчи а, шо долалуш цунна бина хилла латкъам ша схьаэцна, керла латкъам ца бина аьлла Кадыровс.
И хаттар къастон дагахь Маршо радио зIене елира Кадырован зорбан-сервисца. Цуьнан куьйгалхочунна Керимов Iаьлвина ца лиира оцу хьокъехь хIумма а дийца.
XS
SM
MD
LG