ТIекхочийла долу линкаш

Къилбседа Кавказ Кхиоран Iалашо Кхочушъйийр Юй?


Регионашкахь дIахьучу рогIерчу конференцехь вовшахкхеттачу Цхьааллин Оьрсийчоьнан партино билгалъяьхна Къилбседа Кавказехь чекхъяха езаш йолу проекташ. ХIара шо чекхдалале, ша кховдийначу проекташна ахчанаш дала реза болу инвесторш карон дагахь ю урхалла деш йолу парти.


Даханчу шинарин дийнахь «Цхьааллин партино» Кисловодскехь дIаяьхьира шайн рогIера конференци. Цигахь дина къамелаш, коьртачу декъана, Къилбседа Кавказ кхион езарх лаьцна дара. Цигахь дакъа лаьцна волу оьрсийн премьер Путин Владимир цхьанакхийтира кхаа республикин куьйгалхочуьнца: Кадыров Рамзанца а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочуьнца Каноков Арсенца а, гIалгIайн лидерца Евкуров Юнусбекца а.
Оцу цхьанакхетаршна леррина тIехьовсуш бара, Къилбседа Кавказан эксперташ а, цигарчу хьолах лаьцна яздеш болу журналисташ а. Цхьана агIора, Къилбседа Кавказ кхиоран Iалашонца хIиттош йолу керла Iалашонаш а, ойланаш а дика ю. Амма, мел кхочушъялур йолуш ю? Оцу хьокъехь Маршо радиоца телефонехула къамел дира, Оьросийчохь арадолучу «Время новостей» газетин хьажархочо Сухов Ивана. Дика лаамаш а, ойланаш а хуьлуш Iедал ду оьрсийн, амма, уьш кхеат тIехь юьсу аьлла, тидам бира цо.
Хьекъале маьIна ду оцу Iалашонашкахь. Нагахь санна, уьш язъйина ма-хиллара, кхочуш а яхь, кхиам хир бу ала мегар ду


Сухов: Дахана шо доьрзуш, Медведевс Федералан Кхеташонна хьалха къамел дечу хенахь, Кавказан керла стратегин маьIна долу Iалашонаш билгалъяьхначул тIаьхьа, Къилбседа Кавказехь болчу Iедалан дIахIоттамехь хийцамаш буьйлабелира. Къилбседа Кавказан го кхоллар а, цуьнан коьрте Хлопонин хIоттор а, ахчанаш дIасахьовсорна тIехь деш долу Iуналла чIагIдархьамма дина ду федералан центро. Цкъачунна, оцу агIора Хлопонина йохуш йолу гIулчаш башха гуш яц. Хьалхе ду аьлла а хета суна хIинца а цо дечун мах хадон. Яханчу гурахь Медведевс билгалдаьккхинера дан дезарг, царах гIуллакх хиларх теша лаара. Хьекъале маьIна ду оцу Iалашонашкахь. Нагахь санна, уьш язъйина ма-хиллара, кхочуш а яхь, кхиам хир бу ала мегар ду.

Халахеташ делахь а, оьрсийн хIун гIиллакх ду аьлчи, дика лаам кехат тIехь буьсу. Цул тIаьхьа ши-кхо шо долу. Оцу дикачу лаамийн авторша олу: "бехк ма билла, тхо хьовса-м хьаьвсинера, цунах хIумма а ца хилира тхан". Оцу кепара жамI ца дезара. Амма, цкъачунна, хьекъале ойланаш кхоллаелла, гур ду, уьш кхочуш муха йийр ю. Юха а боху аса, цкъачунна, схьагуш хIумма а дац. Цунна дика масала дара Путина Евкуровца дина къамел. Масех шарана билгалъяьккхинчу йоккхачу программица а догIуш, мел ахча кхаьчна ГIалгIайчу аьлла хаьттича, Евкуровс вуно жима терахь хьахийра. Оцу республике дан дезачу II миллиард соьмах дIакхаьчнарг кхо бIаь миллион герга сом бен дац. Ахча дIа ца кхачаран бахьана, бюрократино кхуллуш йолу халонаш ю. Дуьхьалонаш ю дера уьш. ДIаяха езаш а ю. Уьш керла а яц. Делахь а, уьш дIаяха лаам билгалбаьккхина.

Маршо радио: Коррупцица къийса деза, ахчанаш лечкъор чIогIа даьржина ду элира оьрсийн премьеро. Амма, оццу хенахь, иза къера ву, Къилбседа Кавказе хьовсош долу даккхий ахчанаш, Москохара арадовлуш ца хиларна. Коррупцица къийсаран хIун тIаьхье хир ю?
Хлопонинна хьалха лаьтта Iалашонаш чолхе ю. ХIунда аьлча, ишттачу регионе ахчанаш чутатта цхьанне а луур дац. ТIемалойн жигараллица доьзна ца Iаш, ницкъаллийн структурийн жигараллица доьзна а ду иза

Сухов: И доккха хаттар ду бохучунна къера ву со. Халахеташ делахь а, хьажал, Хлопонин дIахIоттийчхьана дуьйна цхьанххьа а гина дац, цхьана агIонна тIехь я цхьаъ-ах агIонна тIехь а, цуьнан карахь долчу Iедалах лаьцна хIара ду аьлла, хIумма а. Вайна хууш цхьа хIума ду, кхечу муьлххачу а федералан гонан куьйгалхочуьн карахьчул а дукха архаш цуьнгаш дуйла. Оццу хенахь, иза оьрсийн Iедалан вице-премьер а хиларе терра. Экономикан агIонна тIебоьгIна бу цуьнан болх. Даиманна а хьехош верг Путин а, Медведев а ву. Вукху агIора гуш ду, республикийн урхаллашкахь болчу нахалахь цо хийцамаш ца бича гIуллакх хир доцийла. Шегахь и ницкъ буйла а гойту цо. Суна хетарехь, цо муьлхха а куьйгалхо хийцахь, оцу республикин бахархошна юкъахь цуьнан рейтинг хьалаер ю. ХIунда аьлча, шайн республикашкахь йолчу проблемех вуно кIадбелла бу нах. И хIума Нохчийчоьнах ца хьакхадала там бу. ХIунда аьлчи, цигара Iедал кхолладелла башха дукха хан яц. Вукху кIошташкахь берш хийца лаам бу. Нагахь Хлопонина и хийцамаш болабахь, федералан Iедалан рейтинг лакхаер ю.
Цкъачунна хезаш дерш дешнаш бен дац, царна тIаьххье гIулакхаш а хиларе догдохур ду вай. Ткъа, тIеман агIонах лаьцна вай дийцичи, Хлопонинна хьалха лаьтта Iалашонаш чолхе ю. ХIунда аьлча, ишттачу регионе ахчанаш чутатта цхьанне а луур дац. ТIемалойн жигараллица доьзна ца Iаш, ницкъаллийн структурийн жигараллица доьзна а ду. Цара лелочунна тIаьхьакхиа гIертарх цуьнан гIуллакх хир дуйла - ца хаьа. Иштта, цуьнан карахь гIирс а бац иза дан. КАвказехь хIокху тIаьхьарчу иттех шарахь болх бина болу тIеманхой бу Хлопонинна гонехь берш а. Нохчийн респуьликин куьйгалхочуьн Iалашонаш кхочушъеш бу, федералан центран Iалашонал а хьалха. Нохчийчоьнан куьйгалхо Хлопонинна дуьхьала ву ала мегар ду. Цундела кхеташ дац, чохь хIусамда мила ву. Тешар ду-кха Хлопонинан карахь ницкъийн архаш а хирг хиларх.

Маршо радио: Когсалазаш хахкаран курорташ яхка езарх лаьцна дийцира оцу конференцехь дукха. Хууш ма-хиллара, Къилбседа Кавказера хьал чIогIа чолхе ду – тIемалой бу хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а. Террорана дуьхьала операциш дIахьо юкъ-кара. Курорташ яхкарх гIуллакх хир дуй, цкъа коьрта проблема а ца ерзош?
ши кхо шо хьалха туристаш эха буьйлабелира Дагестанерчу Таркхойн хIордан йисте а. Иза а хаза кхаъ бу. Туристаш бахкар гIоли ю, уьш ца богIучул а

Сухов: Соьгахь болчу хаамашца, Эльбрусан къилбседа агIо ю оцу планна юкъайогIуш ерг. Каноковс кховдийначу проектана юкъахь ю иза. Цкъачунна, хала ду ала, Нохчийчохь а, Дагестанехь а когсалазаш хахкаран курорташ яхкалур ю бохург. Ткъа ГIебарта-Балкхаройчура хьал мелла а дика ду. Халахеташ делахь а, гергарчу итт-ткъа шарахь цига оццул адам гIур дац. Цундела, ахчанаш ца лечкъош дуьтур дац. Оцу конференцехь вистхуьлуш Путина цхьа терахь далийра, даханчу шарахь цига цхьа миллион бархI бе турист веанера аьлла. Цо иза стенгара схьаэцна ца хаьа. Иза иштта делахь чIогIа дика ду. Кавказехь лаьттачу ирчачу хьоле хьаьжча хIете-вете а. Даханчу шарахь, контртерроран операци йо аьлла, аьхкенна юккъехь, цхьана ханна дIакъевлира Эльбрусера альпинистийн а, когсалазаш хахкаран а курорташ. Оцу кепара кхерийра цига баха кечлуш хилла дукха туристаш. Вукху агIора, ши кхо шо хьалха туристаш эха буьйлабелира Дагестанерчу Таркхойн хIордан йисте а. Иза а хаза кхаъ бу. Туристаш бахкар гIоли ю, уьш ца богIучул а.

Маршо радио: Оцу конференцин балхе хьаьжча билгалдолу, Iедалехь болчара Къилбседа Кавказехь хила езара бохуш, хьалхатоьттург, шайна мехала хета туризм юйла.
Цигахь хьаха ца йира, масала, кхечу махкахшкахь санна, гIаш лела, лаьмнаш тодаран агIо а, хица йоьзна туризм, кхин ерш а. Сухов Иванна хетарехь, и тайпа хIума, меттигерчу Iедало дан а мега.

Сухов:
Туризмера и кегий хIуманаш хьехийра моьттуш вац со Путина. Ша когсалазаш хохкуш хиларе терра, цо хьехийнарш и салазаш хехкаран некъаш дара. Оцу кепара туризм шоръяр меттигерчу муниципалитетана тIехь ду аьлла хета суна. Шен агIора федералан Iедало шен карахь мел дерг дан лаара, цигара хьал меттадалон. Вуьшта, цига цхьа турист а гIур вац. Эвланашкахь хьешан цIенош далур дара, лаьмнашкахь гIаш лела некъаш далур дара, рафтинг ялур яра. ТIаккха цига нах лелар бара. Ткъа иза, телевизионна чухула гойтучу суртах доьзна ду. Журналисташ вон болун дера дац иза. Цкъачунна и хьал кхераме а, сингаттаме а долун дера ду.

Маршо радио: Маршо радиоца къамел динарг вара Оьрсийчохь арадолучу Время новостей газетин хьажархо Сухов Иван. Деношкахь, Оьрсийчура Цхьаллин Оьрсийь» олучу, урхаллин партино Къилбседа Кавказ кхион лерина, Нальчикехь а, Кисловодскехь а, шина дIаяьхьначу конференцехь дийцинчуьн хьокъехь къамел дира цо.
XS
SM
MD
LG