ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь Маьршонаш Ца Йисна Боху Фридом ХIаусан Керлачу Рапорто


Iамеркехь туп тоьхначу Фридом ХIаусан керлачу рапортаца а догIуш, Оьрсийчохь санна, социалистийн олучу лагерера цхьана а пачхьалкхехь лац ца йина маьршонаш. Оьрсийчура эксперташа бакъдо Iамеркерчу бакъонашларъярхоша дуьйцург.


ХIора шеран коьртехь арахоьцуш долу «Дехьадовларан муьрехь йолу пачхьалкхаш» цIе йолчу рапорто довзуьйту, Юккъерчу Европера Азе кхаччалц йолу, хьалха Советан пачхьалкхана юкъайогIучу 29 пачхьалкхехь долу хьал. Даханчу шарахь хилла хьал талларал совнаха, чекхдаьллачу итт шеран мах а хадбо рапорто.

Оцу талламан авторийн хьесапехь, теллинчу массо а пачхьаьлкхашна юкъахь, демократин агIора дика жамI гайтинарг пхи пачхьалкх бен яц. Документо чIагIдарехь хIокху иттех шарахь хьал гуттар а чIогIа телхинарг Оьрсийчоь ю.

Советан пачхьалкх лаьттинчу меттехь дIайоьдуш Iедалийн режимийн кIорга кризис ю аьлла яздина Фридом ХIаус сайтан тIехь организацин кхочушдаран директоро Виндзор Дженнифера. Оьрсийчохь а, оцу регионан кхечу кIошташкахь а юристашна а, журналисташна а, жигархошна а бечу ницкъо шеко кхуллу оцу юкъараллийн хьокъехь а, цивилизацин дуьненахь тIеэцначу бакъонашца а догIуш, цуьнан системаш кхолла йолчу тарон хьокъехь а аьлла яздина цо.


Коммунизм йоьхна ткъа шо даьлчи а, шайна ца дезачу кепара ойла еш берш охьатаIош, оцу пачхьалкхийн лидерша пайда оьцу кхерамазаллин къизачу ницкъех а, муьтIахьчу кхелех а, леррина тIехьожучу хаамийн гIирсех а. Советан пачхьалкхехь баьхна езткъа процент бахархой – ши бIе ткъе цхьа миллион гергга - чIагIъеллачу авторитаран режимашкахь бехаш бу. Церан яц цхьа а политикан а, махкахойн а бух буьллуш йолу маьршонаш. Рапорто билгалдаккхарехь Балканашкахь йолчу пачхьалкхашкахь бен то ца делла хьал дIадаханчу оцу итт шарахь.


Фридом ХIаусо тидаме эцна, журналисташ а, юристаш а Оьрсийчохь таIзарза бойуш хилар а, уьш байарна бехкениш карош ца хилар а. Организацино бинчу талламо билгалдаьккхина, Оьрсийчохь бен, кхин цхьанххьа а, демократин агIора оццул боккха иэшам хилла ца хилар. Оьрсийчоьнан коьрте Путин Владимир веъчхьана дуьйна, маьхкадаьттан мехаш сел лакхара хилла хиларна, жим-тIама тоделлера ахчанца доьзна хьал. Мелла а аьтто белира мехкан хьал дуьненахь тодан. Амма, оццу хенахь, елцинан заманахь яьхна йолу дешан маьршонаш а, харжамашкахь къийса хилла таро а яйира. ХIинцалерчу режимехь, матаръюлучу авторитаран кепе йоьдуш ю и пачхьалк, документо бахарехь.

Медведев Дмитрий Путинан мете хIоттаро хIумма а хийца ца хийцина урхалла даран кеп боху, талламан авторша.

XS
SM
MD
LG