ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь Итт Стаг Лаьцна Оьрсийчоьнехьа Шпионалла Лелош Гучу А Ваьлла


ХIара ю аьлла, оьрсийн Iедалин кхин реакци яц оцу хиламна, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дина дIахьедар доцург. Цо бахарехь, оьрсийн а, Iамеркан а юкъаметтигаш карлайохучу юкъанна хаьржина исбаьхьа киртиг ю иза. Ткъа Iамеркера журналисташ керла информаци лохуш бу шпионийн гIуллакхца доьзна.


Цхьанатоьхначу Штаташкахь шегахьа болх беш хилла итт шпион лацаран хьокъехь ша дезачунна тIехь ойла еш ю Оьрсийчоь. Ший а – Кремл а, шпионашна болх белла йолу Оьрсийн Арахьарчу Талламан Урхалла а дуьхьала ю, шпионийн гIуллакх тIехула цхьа а коммент ян. Оьрсийн лаккхарчу Iедалх, цкъачунна вистхилларг, веккъа цхьа, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей бен вац. Израилехь визит дIахьуш волчу Лавровс Iоттар а еш элира, ша Цхьанатоьхначу Штаташка дехар дина, хилларг хIун ду кхетаде аьлла.

Лавров Сергей: Х1ун ду мила ду ца дийцина тхоьга, дийцарх догдохуш-м ду тхо. Соьга тахана алалур дерг х1ун ду аьлчи, иза дан хаьржина йолу киртиг, ч1ог1а говза хаьржина ю.

Маршо радио: Амма и говзалла стенна тIехь ю ца кхетийра оьрсийн министро – я, оьрсийн президент Медведев Дмитрий Iамеркера дIа ма-ваххана дера я, шпионаш лацар, оьрсийн а, Iамеркан а юкъаметтигаш толуччу хенахь нисделлий дера.

Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалша оршот дийнахь официала кепара дIахьедар дира, шаьш бохийна, вуно лерина дIанисбина хилла оьрсийн шпионийн гуо, аьлла. Оцу шпионашна тIехь хилла политикан хьосташ оьрсашкахьа дахар а, оьрсийн Iедална оьшу маьIне информаци гулъяр а.
Итт шарахь сов талламаш бинчул тIаьхьа, Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Талламан Федералан Бюроно сацам бира, оьрсийн президентан кхиаме визит чекхяьлла масех де а далале, шпионаш лаца. Цхьанатоьхначу Штатийн цхьа моггIа гIаланашкахь лецна бу уьш – Нью-Йорк а, Монклейр а, Нью Джерси а, Арлингтон а. Лаьцначарга бехк кховдийна, арахьарчу Iедална низамехь боцу болх барна. Цунах догIу лаккхара таIзар, набахтехь доккхуш долу пхи ду. Амма, цкъачунна уьш бехке ца бина шпионаж лелорна.
Цул сов, лаьцначарах исс стаге кходийна бехк, ахчанаш цIандарца боьзна бу. И тайпа зулам динчунна, Iамеркан низамо йоккха хан кхайкхайо – ткъеха шо набахтехь даккхар.

Цхьанатоьхначу Штатийн Талламан Федералан Бюрон хьесапехь, шпионаш бу боху нах информаци лоьхуш хилла Iамеркан заррат герзех а, гIажаршца Вошингтоно дIакхоьхьучу политикех а, Коьртачу Талламан Урхаллин куьйгалхойх а, конгрессменах а лаьцна информаци.
Iамеркан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Цхьанатоьхначу Штаташка бахкале, оцу наха меттанаш Iамийна ца Iаш, хаамаш дIабохьуьйту къйалаха шрифт лелон говзалла караерзийна а хилла.

Цхьаболчу эксперташна хетарехь, хIокху муьрехь лаа гIарадаьккхина дац шпионийн гIуллакх. Оцу хьокъехь вистхуьлуш, Москох туп тоьхначу тIеман эксперто Гольц Александр элира:

Гольц: Гуш ду Федералан Талламан Бюроно и г1уллакх, эшахь а аьлла, латтош хилла хилар. Мел лаххара а, 2003-чу шарахь дуьйна царна т1ехьа бевлла лелаш хилла уьш. Шайн президенте Обама Бараке оьрсашца ларлуш хила веза ала лууш болу политикан ницкъаш бу Цхьанатоьхначу Штаташкахь. И ду-кха иза ша-дерриг а.

Маршо радио: Амма, кхечу эксперташна хетарехь, Медведевин визит чехк а ялийтина, шпионаш лацар, политикица доьзна хIума дац. Советан заманахь КГБехь болх а бина, хIинца Британехь вехачу Гордиевский Олега а бакъдо иза.

Гордиевский:
Масех шарахь царга хьоьжуш хилла хиларе терра, иза зорбане даккха лууш бара уьш еххачу хенахь. Цара бина болх эрна бан там бара, шпионаш д1абаха тарлора. Цундела, цара Обамера пурба даьккхинера и хаам зорбане баккхийта. Оьрсийчоьнца нисъечу юкъаметтигех лаьцна аьлчи, цуьнан доьзна х1умма а дац. Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш шийла юьсуш ю.

Маршо радио: Iамеркехь оьрсийн шпионийн маша лацарца доьзна къамелаш деш дагадоуьйту, 1957-чу шарахь Нью-Йоркехь вевзаш волу советан шпион Абель Рудольф лацар. Шен иштта цIе яьккхинера, кIорггера къайлавахийтина хиллачу Фишер Виллис ша лоцуш. 1962-чу шарахь иза хийцира, Советан пачхьалкхехь чудаийтинчу Iамеркан кеманна урхалла динчу пилотца, Поуэрс Гаьрица.

XS
SM
MD
LG