ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна Новкъа Яра Бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа?


Оьрсийчоь -- Оьрсийн жигархой бу шо хьалха йийначу адамийн бакъонаш ларъярхочуьн Естемирова Наташин сурт карахь латтош, иза дагалоцуш дIаяьхьначу митингехь, Москох, 15Тов2010

Оьрсийчоь -- Оьрсийн жигархой бу шо хьалха йийначу адамийн бакъонаш ларъярхочуьн Естемирова Наташин сурт карахь латтош, иза дагалоцуш дIаяьхьначу митингехь, Москох, 15Тов2010

Соьлжа-гIалахь шен цIийна уллехь, Iуьйранна балха яха арайолуш лачкъийнера Мемориалан векал Эстемирова Наталья. Оццу дийнахь, Нохчийчоьнна луларчу ГIалгIайчохь цуьнан дакъа карийра, коьртах а, дагах а тапча йиттина, чевнаш а йолуш. Цул тIаьхьа шо даьллехь а, таллам чекхбаьлла бац. Зулам дарна бехке лоруш ву, стохка гурахь вийна волу тIемало. Эсемирован белхан накъосташна хетарехь, кхеле а веана, талламан болх харц хиларна тоьшалла дан йиш йоцу стаг бехке а вина, гIуллакх дIакъовлийта гIерта Iедалш. Церан тешам байна, баккъал а волу зуламхо карорг хиларх.


Шо хьалха, Товбецан I5-чу дийнахь шо кхаьчна Соьлжа-гIалахь туп-тоьхначу Мемориал офисехь болх беш хилла бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа йийна.
Iуьйранна балха яха арайолуш, шен цIийна хьалхха лачкъийра иза, кIайчу жима машенахь хиллачу герзахоша. Оццу дийнахь ирча кхаъ баьржира иза йийна карийна, ГIалгIайчура Гази-юртана гена доццуш, аьлла. Цхьана гIалгIайн къаночуьн бIаьрг кхеттера, неъкана нацкъаруо, тамашийна дукха хьийзачу мозех.
Нийсса шо даьлчи а цхьа а, хIара ду аьлла, жамI дац талламхойн тобан. Цул сов, Ноябр-Лахьанан батте кхаччалц бахбина иза.

ЭстемировгIеран доьзалан адвокат ву Карпинский Роман. Шена хуу талламан къайленаш юьйцур яц аьлла талламхоша дош даьккхина цуьнгара. Цундела чIогIа лерина до цо къамел, шегара гIалат ца далийта гIерташ.

Карпинский: Талламан тобанерчу нахаца сан хиллачу къамелехь билгалдаьлла, таллам кхин а масех баттана бахлург хилар. ХIунда аьлчи, цхьа-моггIа талламан гIуллакхаш дисна хIокху минотана дIадерзоза. Хала хеташ делахь а, къайланеш юьйцур яц аьлла куьг таIийна ву со. Цундела, оцу гIуллакхана юкъарчу, сайна евзинчу информацина тIе а тевжаш, къамел дойла яц сан. Цхьа хIума-м эр ду аса - бина болу коьрта таллам, иэшам хиллачу тхан агIонах къайлабахийтина бу. Таллам кхин дIа а бан безаш бу. Тоъал тоьшаллаш карадахь, бехк кховдо безаш бу зуламхошка. Ткъа, бехке бийриш байина белахь, таллам сацор бу, уьш белла хиларан бахьана долуш.

Маршо радио: ЭстемировгIеран адвоката Карпинский хьехош волу тIемало, Башаев Олхазар ву. Официала хаамашца, 2009-чу шеран Ноябр-Лахьанан беттан I3-чу дийнахь вийна ву иза.
Iедалша хьаржинарг чIогIа атта позици ю боху, Мемориалан векало Черкасов Александра. Талламан балхахь шортта цхьанацадараш ду элира цо, ша Маршо радиоца Москохара схьа телефонехула къамел деш:

Черкасов: Успахаджиеван тIеман тобанерчу тIемалочо Башаев Олхазарс йийна ю Эстемирова - цуьнца хьагI-гамо хиларна а, Нохчийчура Iедалшна тIе и зулам татта а Iалашонца. Сан белхан накъосташца селхана оцу версин хьокъехь къамел хилира тхан. Оцу версино шеконаш кхуллу тхан дуккха а бахьанашца. Башаев цунна бехке хиларх а ца теша тхо. Цара баха-м боху, Эстемирова йийначу меттехь карийнера боху, тапча йОлуш гIара-тата ца хозуьйтучу гIирсан цхьа аьхка. ТIаккха, цхьана хIусамехь а, машен а чохь - Наташа дIайигинчух тера йогIучу машенахь - талламаш дIабаьхьча карийна, и аьхка схьаяьлла болу, ша болу гIирс карийна. Кхин дIа, "схрон" карийна тапча чохь а йолуш. Милцойн бакъдочу документ а карийна, цу тIехь Башаеван сурт а долуш. И хезначу хенахь Ганнушкина Светланас хаьттира: "Ларамаза, оцу схрон чохь, цо ша иза йийна, зулам шена тIе лоцу ша боху, цо яздина дешнаш-м ца карийна?" аьлла.

Маршо радио: Черкасовс бахарехь, вийна волу тIемало бехке ларарца, кхел дIа ца яхьа некъ билгалбаьккхина. Кхеле а веана, ша бехке вац аьлла, къийса йиш яц цуьнан. ГIуллакъ къастийна лорур ду. Цул сов, Iедалийн векалш оцу зуламна бехке хиларца йолу шеконаш а керстайийр ю. Делахь а, оцу гIуллакхана тIехь ойла йичи, Башаеван бахьана ца хилла Эстемирова ен. Ша иза къастийна аьлла, кхин дIа а дийцира Маршо радиога, Черкасов Александра.

Черкасов: Массо а дIанислуш санна хетало. Зулам дарехь бехке карийна вийна волу тIемало. Кхелан процесс дIIа а ца хьуш, гIуллакх дIакъовла мегар ду. ХIунда аьлча, бехке лоруш верг велла ву. Делахь а, хIокху пасьянсехь ша дерриг а цхьана ца догIу.
Бахьана. ХIун ду Башаевс Эстемирова еран бахьана? Карийна йолу тапча а, аьхкаш а; цо и зулам дина хила тарлора алар бен, боккъалла иза ен цуьнан хьашт хилла хилар а тIечIагIдан ма деза. Талламо чIагIдо, Эстемирова Наташас даханчу шеран бIаьста оцу тIемалочуо лелийначух яздинера бохуш. Билггал оцу белхо кхоьллина боху Башаеван хьагI-гамо. Муха нисделла хила тарло иза? Я Наташа Шалаже яхча иза цигахь гина я, я шен Башаевна, я цхьаммо цунах лаьцна цуьнга аьлла. Я, Наташас цхьанхьа къамел дина я цо язъяйина артикл интернетехь гина. Иза стенгара даьлла талламна? Шайна Наташин компьютер чохь карийна боху цара и информаци, даханчу шарахь апрелехь а, майхь а Шалажехь хиллачух лаьцна. Проблема хIун ю аьлчи, и хаам компьютер чохь карор тоъал бахьана дац, цхьанненан хьагI-гамо кхолла. Сан аьтто баьлла иза къастон. Ша редактор хиларе терра, цо материалаш вовшахтохара тхан тайп-тайпанчу белхахоша гулъйина информаци. Цул тIаьхьа Москох дIаяхьийтара цо иза. Оцу белхахой цхьаберш, кхерамазаллин бахьанашца цхьаццанхьа дIасабахана хиларца доьзна, сан аьтто бацара, сиха царца уьйраш дIатаса. Шалжера информаци цара муха гулъйина хилла хатта лууш вара со. ХIинца суна иза хаьа. Тхан цхьана белхахочунна цуьнан гергарчара йоуьйтуш хилла информаци. Вукхо - шена бевза-безачарга гулъеш хилла. Шалаже цхьа а ваха хьашт долуш гIуллакх дацара. Эстемирова Наташин а дацара.

Маршо радио: Кхечу Мемориалан векалийн информаци гул а еш а, кхин дIахьажош хиллачу Наташин цIе, цхьаннхьа а гучуйолуш яцара. Официалан талламца цхьана, шен таллам дIабаьхьначу Черкасовс чIагIдарехь, иза а ду кхин цхьаъ ондда тоьшалла, Башаеван иза ен бахьана хилла ца хиларан.

Черкасов: Цул сов, Москохара а, Петарбухера а сан белхан накъосташа - уьш, даханчу шеран майхь а, апрелехь а Наташица уьйр йолуш а бара, и йолчехь Iийна а бара - цара дуккха а белхан агIонаш йийцина Наташица. Иза цхьа а къайле яцара. Иза Шалаже яхарх лаьцна цхьа а къамел ца хилла. И бохург хIун ду? Дера ду, Наташа оцу эвлахь цхьаннена а гина ца хилла бохург. ТIаккха иза ен бахьана а дац. Шен цIарах цо хIумма а яздинерий? Хаамийн гIирсашка оцу хьокъехь хIумма а дийциний те цо? Ца дийцина. ТIаакха, цо кечъеш хилла хроника стенга яхана? Москохарчу Мемориал офисе дIахьажийнера. Цул тIаьхьа иза тхан сайт тIе а тоьхна, дIаса а хьажийна. Мемориал векалийн цIераш а ца хилла цу хроникин бухахь язъйина. КIезиг нах тIеоьхучу сайт тIехь ю иза. Башаев Олхазар интернетан фанат хиллехь а, оцу хIуманах баьхьана даккхалур дацара цуьнга.

Маршо радио: Цхьа ша дайина талламо, Мемориалан болх толлуш а, оцу центран векалшка хеттарш деш а. Эстемирова Наташас тIаьххьарчу беттанашкахь бинчу балхах – нах лечкъорах а, нахана юккъехь стаг верах а. Бакъонашларърхо лачкъоран теш хилла ши зуда а ца лехна я барт а ца хаьттина царшинга. Бакъонашларъярхошна хетарехь, талламан болх, леррина цхьана хорша берзо Iалашонца, деш ду иза. Цунах лаьцна, тхан программин шолгIачу декъехь.

Соьлжа-гIалахь туп тоьхначу Мемориалан векал Ахьмад ву, Наташас тIаьххьарчу беттанашкахь бинчу балхахь жигара дакъа лаьцна. И болх, Наташа гIарадаккха гIиртинчу кхаа зуламца доьзна дара. Телефонехула тхан хиллачу къамелехь, Ахьмада уьш карладехира:

Ахьмад: Цхьаъ, Ахки чу Борзера Албеков Ризван Куршлой эвлара РОВДера (КIоштан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Дакъа) милицин белхахоша вада а вина, юха цхьа хан яьлчу хенахь юха схьа а валийна, оцу юьртан юккъахь, массарна а ган а гуш, вийна цара (милцоша) герз тоьхна. И цхьа хилам бара.
ШолгIаниг, Юсупова Мадина бохуш цхьа жима зуда яра цара лаьцна. Иза лоцучу хенахь чевнаш йинера цунна. Оцу чевнашца 9-чу больнице (дарбан цIийне) йигинера, гонаха ха а хIоттийна. Дарбан цIийне дIайигина сахьт далале е а йийна, дай-наний долчу неIарга а бахана, дакъа дIа а делла, иза схьа ма даста аьлла и кхерам тосуш, цул тIаьхьа цIенош дагийна, иштта дIабаханера и нах (милцой). И шолгIа случай (хилам) ю, кхоалгIа случай (хилам) гIалитIера вадийна Зайналов Апти, Махк-тIера вахархо. ШолгIаниг, Карпинкехь Iаш хилла волу Хаджиев. И ши кIант вара цара вадийнарг. Зайналов цул тIаьхьа тхуна Ачхой-Мартанехь (ТIехьа Мартан тIехь) больницехь (дарбан цIийнахь) Iуьллуш карийра, тIехь бина ницкъ болуш. Суна сайна и кIант гира, коьртах йиттина вара иза. Цунна тIехь йолу хIуманаш цIех юьзина яра. Лоьраша дийцарехь, цара цунна цхьаъ-шиъ операци йинера. Цул тIаьхьа, Наташас прокурорана тIе а яхана и кIант мукъаваккхар дийхира. Прокуроро кхин хIумма а ца дира. Цул тIаьхьа и кIант цара вада а вина, къайлаваьккхира. ХIинца а мичахь ву хууш дац. Европехь чуделла гIуллакх а ду оцу кIентан цIарах. Страсбургехь ду.

Маршо радио: Оццу хенахь, Махкахойн цхьанабелхан организацин гIантдас Ганнушкина Светланас бахарехь, Эстемирова Наташа ер толлучу талламан тоба халачу хьолехь ю. ХIунда аьлчи, политикан билламашца дихкина ду церан куьйгаш.

Ганнушкина: Уьш массо а, го баьккхина болчу кхерамехь болх беш бу Нохчийчохь. Изза талламхой бара тхоьга латкъамаш беш, тешаш хилачу нахера кийтарлонаш яха йиш яц шайн, бохуш. Уьш дуьхьала хуьлу бахара цара тешаш хила. Гой хьуна, элира цара соьга цкъа, уьш адамаш ду оха болх беш долу? Шун Наташас церан дуьхьа шен дахар дIа ма делла, аьлла. Гобаьккхина болчу кхераман ситуаци ю иза. Цундела, талламан балхана тIеIаткхам хуьлу дера цунах. Вукху агIора, со тешна ю, цхьана тIеIаткъам а, цхьа билламаш а хIиттийна бохучух. Вуно дика гуш ду, церан цхьана лерринчу хорша берзош буйла. Тхуна схьагучу суьртехь, Эстемирова Наташа ер къастор, тхан балхана дуьхаьал даьккхина ду. Ма-дарра аьлчи, Нохчийчура Iедалшна луъург лууш ду оьрсийн Iедалш а. Лай-тайпа юкъаралла езаш бу уьш.

Маршо радио: Мемориалера Ахьмад тIетов, Ганнушкинас бохучунна.

Ахьмад: Царна-м хаа ма хаьий бехке мила ву. Iедал дуй бехке. Оцу следователна (талламхочунна) тIехь лаьттачу куьйгалхой бац, цара шайн агIора бойтуш бу и таллам. Iедал бехке деш а ца бойтуш, кхечу хIуманна тIедаккха ма гIертий уьш. Масала, оцу тIехь хилла ца Iа иза. Массо хIуманна тIехь а ду иза. Вайн махкахь тIепаза вайна, вайна ма-хаъара - Iедалша шаьш а олу - 7 эзар стаг ву. Оцу 7 эзарна юкъахь 2 эзаррий пхи бIей уголовни дело (бехк-такхаман гIуллакх) ду махкахь долийна. Цигахь цхьанххьа а бина таллам бац.

Маршо радио: Бакъонашларъярхойн организацеш, дуьненаюкъарниш а цхьана, леррина ладоьгIуш ю, Эстемирова Наташа еран талламехь хIун хийцамаш бу. Цара дуьненаюкъарчу лидершка кхайкхамаш бо, шаьш цхьанакхетачу хенахь, оьрсийн куьйгалхошна тIеIаткъам бе, зулам толуьйтуш, олий. Деношкахь, оьрсийн президентаца Медведев Дмитрийца Екатеринбургехь, лакхарчу тIегIанехь шен хиллачу цхьанакхетарехь Меркел Ангелас айира и хаттар. Цунна жоп луш Медведевс элира:

Медведев: Цкъа делахь, таллам дIахьуш бац бохург бакъ хир дацара. Ма-хуьллу боьдуш бу таллам. ШолгIа делахь, оцу меттехь бехкечуьн куьг лаьцна дщацахь, сиха жамIаш ца хуьлу ишттачу гIуллакхашкахь. КхоалгIа делахь, билгалваьккхина ву иза йийнарг. ДиалгIа делахь, иза дуьненаюкъарчу лехамашка ваьккхина ву. ПхиалгIа, и онда зулам дина стаг лехамашка ваьккхина ца Iаш, иза дайтинарг а къастон Iалашонна тIе бирзина бу, таллам дIахьуш берш.

Маршо радио: Кхеташ дац, Эстемирова ерна бехке лерина волу, стохка вийна тIемало дуьненаюкъарчу лехамашка хIунда ваьккхина.
Дуьненна а евзаш хилла бакъонашларъярхо йийна я ейтина зуламхой а карийна, царна таIзар дича, Нохчийчура бахархойн тешам алсамбер бара, шайна тIехь беш болу ницкъ, эххар а, сацорг хиларх элира, Маршо радиоца къамел деш, Хьюман Райтс Вотч организацин векало Джилл Аьллисона:

Джилл: Нохчийчоьнан хьокъехь лаьцна аьлчи, таIзарза зуламаш дар вуно чIогIа даьржина ду цигахь. Оццул ехачу хенахь адамийн бакъонаш талхорах, цхьаненна а хьалха жоьпаллехь вац цхьа а. ГIараяьлла йолу адамийн бакъонашларъярхо ер, цуьнан къегина билгало ю. Наташа ер къастаделча, дуккха а Нохчийчура бахархошна цунах хаам хир бара, зуламна таIзар деш ду аьлла. Мухха дАлахь а, ницкъ бар чекхдер дара республикехь, аьлла хетар дара.

Маршо радио: Оццу хенахь, бакъонашларъярхой шек бу, Эстемирова Наташа йийна нах карорг хиларх а, царна таIзар дийриг хиларх а.
Цундела Iийний те, Наташа лачкъош а, машенна чу а тоьхна дIаюьгуш а гина, могIарера нах орца ца доккхуш?
Таллам дIахьучу Iедалан векалша а бехке бо нохчий, царна тоьшалла дан ца лаьа. Ткъа Наташас, церан дуьхьа шен дахар дIаделла бохуш.
Талламхошна дага ца догIу, зуламхой лахарна метта, тешаш хIиттинчу шайна, иза бале дер дуй хууш, уьш Iаш хилар. Церан дахарх цхьа кепек а лур кхана Iуьйранна.
Ерриг а республикехь, юкъараллин логан-шаг лаьцна кхерамо гIорасиз бина.
Цу тIехь шаьш а йинера ойла. Цул тIаьхьа жоп а карийра шайна элира Маршо радиога, Мемориал векало Ахьмада:

Ахьмад: Иза и ядийнарш шаьш, Iедалан белхахой хиларца доьзна ду, аьлла хета суна. Кхин цхьана хIуманца доьзна ду аьлла ца хета суна и хIума. Иза аса айса а тидаме лаьцна хIума а ду иза. Уггар хьалха со суо а цецваьлла вара иза иштта хIунда хилла те аьлла. Тхоьга а хаам хIунда ца бина те, аьлла. Цигахь Iаш болчу наха а, цуьнан лулахоша а и гинчу наха а. Со таллам бан гIоьртича, оцу бахьано бен гойтуш дац-кха наха тхоьга хаам ца бар.

Маршо радио: Мила кхеро гIиртина, цIеяххана бакъонашларъярхо йийнарш? Я, республикера шун болх сацон Iалашо яра аьлла деллачу хаттарна жоп луш, Ахьмада элира:

Ахьмад
: Новкъа хьанна яра (Естемирова) аьлла вай дийца даьккхича, мила кхеро гIерташ бара аьлла хаьттича, уьш-м, массо а кхеро гIерташ бара. Цхьа Мемориал а кхерийна, Iад Iа гIерташ бацара. Уьш, и корта хьала ца айита, нахега кхин хIума ца дийцита; нехан амал а, паргIато езар а, шен бакъо ларъян гIертар (ца йоьзна) амал юхаерзор - и Iалашо яра аьлла хета-кх суна.
ШолгIа делахь, и КТО (контр-терроран операци) отменить йинчул (дIаяьккхинчул) тIаьхьа уьш чIогIа кхин а чIогIа тIетаьIира цигахь (Нохчийчохь) болчу нахана ницкъ бан. И нах идош, и нах бойуш, и хIума лелон уьш чIогIа тIетаьIира. ТIетаьIинчул тIаьхьа, Нташас и хIума дийца даьккхинчу хенахь, Наташа циггахь новкъа хилира царна. Нохчийчохь (Iедалша) дIахьуш йолу политика - тIом дIа баьлла, тхан ша-дерриг дика а ду, бохуш, дуьненна деш долу дIахьедарш, цигахь хуьлчуьнца нислуш ца хилара. Иза ду аьлла хета суна иза ер (бахьана).

Маршо радио: Ноябр-Лахьанан батте кхаччалц бахбина, Эстемирова Наташа ерца боьзна таллам. Таханлера режим Оьрсийчохь мел ю, Нохчийчохь а хийцалур дац хIумма а. Цундела, баккъал а бехкениг жоьпо озор ву ала хала ду. Таханлерчу Заман билгало ю иза.
XS
SM
MD
LG