ТIекхочийла долу линкаш

Дин Мухха А Леладахь А, Бусулбачу Наха Шаьш Декъийта Мегир Дац Бах Iамеркерачу Iелимчу Стага Шейха Гамард ИбраьхIима.


Психологин доктор волу Гамард Ибраьх1им 1амеркерачу Къилбаседа Каролина олучу штатехь вехаш ву. Мавлави олучу бусулбан т1арикъатан орденан шейх ву иза 2007 шарахь дуьйна. Дуккха а Руми Джалавдин рубаиш олуш йолу байташ ингалс матте яьхна шейха Гамарда. Маршо радионна ша йеллачу интервьюхь цо дийцира ша бусулба дине варах лаьцна а, кхузаманахьлерачу т1арикъатан новкъахь болчу бусулбачу нехан проблемех а лаьцна а.

ХIара шуна хезаш йерш ю дуьненна а вевзаш волчу Малхбалерачу байтанчо Руми Джалавдис язйина йолу байташ . Туркойн пачхьалкхарчу Конья олучу гIалахь дIавоьллина волчу цуьнан зияртехь уьш дIаолаш ву ТехIранера профессор ХIонодан Махьмуд.
Румис байташца беш хилла бусулбачу нахана хьехамаш. Церан хазалло тIеийзийна болчу наха кхоьллина ду Маулавийа олу тIарикъат.
Маулавийя, я туркоша ма аллара, Мевлеви уггара Малхбузехь йоьвзаш йолу тIарикъатан новкъахь болчу бусулбачу нехан тоба ю. Наггахь а хир вац кхузарчу дешначу нахана юкъахь кIайн кIархаш а, кIайн духар а доьхна, кIайн истанган бухь болу куйнаш а техкина зуькарехь хьизаш болу нах ганза. Локхаш зурма а йолуш, зуькар до цара, Далла-гIуллакх деш.
Дела хестор ду цера ша тйпа хазалла йолчу Руми Джалавдис язйинчу байташца. I3 бIешарахь дуьйна схьадогIуш долу и томехь долу Далла-гIуллкх дар тайна болчу Османан империн элитан декъашхоша тIеийцира Мевлеви олу тIарикъат.
Цу тIарикъатан новкъахь хилла туркойн султанаш а, визираш а, гIарбевлла болу поэташ а, суьрташ дахкархой а, бусулбан диндай а, устазаш а, эвлаяъаш а. Румис язйинчу байтийн хазалло йийсаре лийцина болу Европера а, Iамеркера а дешна нах цу тIарикъатана тIегIерта буьйлабелира 20 чу бIаьшарахь.
Церах цхьаъ ву шейх Гамард ИбраьхIим. Иза вина Iамеркехь I947-чу шарахь. 25 шо ду цо Румин байташ ингалс матте йоха. I986 шарахь дуьйна психологин доктор ву Гамард. Маршо радионна ша йеллачу интервьюхь Гамард ИбраьхIима иштта дийцира ша I984-чу шарахь бусулба дин тIеэцарх лаьцна:
«Со жима волуш дуьйна керста кхууьш вара. Сан уггара онда долу делах тешар Iиса-пайхамара, Делан салам хьулда цунна, аьлла долчу дешнаш тIехь дара. Веза-воккха Дела, сан лаамца дац, хьан лаамца ду ша-дерриг, бохучу дешнаш тIехь. Цундела, со цу хенахь а, ма-дарра аьлча, бусулба вара. ЦултIаьхьа, колледжехь доьшаш волуш, аса эхартах тешарх лаьцна долу Iилма Iамийра, цхьа ша кепара адаман синкхетам хиларца доьзна долу. Кхин а масийта шо даьлча, со кхийтира со тарикъатана тIегIерташ хиларх, аса Iамийначу эхартах тешарх лаьцна долчу кхечу Iилманашна юкъахь. Амма, цу хенахь со ца кхетар, суьпалла Исламаехь эхартах тешаш хиларан цхьа аспект хиларх. Кхин а I0 шо даьлча, Ислам Iамош а волуш, со кхийтира, баккъалла а болу суьпа нах, даиман а баккъалла а болу бусулба нах хиларх а, со суьпа стаг хила лууш валахь, аса бусулба дин тIеэца дезаш хиларх лаьцна а. Аса иза дира. Дукха хан ялале, ламазаш дан волавеллира со, уьш чIогIа дийзира суна. Цу хенахь масийтта шарахь фарси-мот Iамош со волуш, со кхийтира Iаьрби-мот сайга атта Iамалур буй Дала даздина даийтина долу КIуран дешар Iалашонца».
Мевлеви тIарикъат хьалха ма хиллара дисина, я хийцамаш хилла и лелочу тобанашна юкъахь, аьлла, шега хаьттича, шейха Гамард ИбраьхIима элира, цу тобанна юкъахь дуккха а хIума хийцаделла, аьлла.
Цуьнан шен бахьанаш а ду. Ондда тохар дира цу тIарикъатана а кхузаманахьлера Туркойн пачхьалкх кхоьллина волчу Ататюрк Мустафас, I920-чу шерашкахь. Туркойчохь шен Iедал чIагIдеш, бусулбачу диндайн ницкъаш гIелбан гIерташ волчу Ататюрка дихкира, Мевлевин тIарикъат лелор махкахь уггара девзаш долун дела.
Цу хенахь дуьйна цу тIарикъатан агIончаш къайлабевлира. Тахана а, Туркойн махкахь Мевлеви тIарикъат лело мегаш дац. Туристашна хьалха хелхарш дон кеп эцна лелош ду иза цуьнан агIончаша.
Нохчийчохь долчу тIарикъатах лаций дийцахьара аьлла дехар дира оха къоначу Iелиман стаге Керимов Сайд-Эмега:
«ТIарикъат Дала хьайна тIедиллинчулла а алсам Iамал ярна тIера схьаэцна ду. Цхьаболчара олу тIарикъаташ лелош тайп-тайпана хIумна лор хуьла цуьнах, тIаккха бусулбачу динтIера вохар хуьла олий. Делахь а вайн Нохчийчохь долуш долу хьал схьаэцча, кху чохь тIарикъаташ пайдена хилар бен, кхин цхьа а вон хIума дохьуш дац. Вайна и тIарикъаташ ца хиллехьара, эвлаяъаш ца хиллехьара, вай дукха галдевлла хила мегаш сурт дара вайна тIехIоьттинарг».
ТIкъа суфиш олу суьпа нах муьлаш бу, и дош мичара схьадаьлла, аьлла, хаьттича моллас Керимов Сайд-Эмис иштта эллира:
«Дог цIандар ду бохуш долу маьIна ду бах цхьаболчара. Цхьаболчара хIа-хIа цхьа тIергIан хIумнаш лелош хиллера цара, аьлла, цу тIера схьаэцна цхьа цIе тиллина-кх и вирдаш лелош болчу нахана. Иза догцIандар ду, аьлла, цу тIе тийжаш бу дукхах берш».
ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь а, Дагестанехь Iедалша шайн коьрта Iалашо йина юхьаралаьцна ду бусулба дин айар. Цара дукхачу хьолахь схьаэцна лелош ю сьупа нехан симболш: зуькарш дар, устазашна вирд даккхар, зиярте лелар, иштта дIа кхин а. Вуьштта аьлча, суьпалла пачхьалкхан дин а хилла дIахIоьттина.
Хьуна муха хета, суьпаллана мегар дуй Iедалан лаамаш кхочуш беш хилар, аьлла, шега хаьттича, шейха Гамард ИбраьхIима элира, бусулбачу наха шаьш декъийта мегар дац аьлла:

«Суна къезиг девзаш долчу хIуманех цхьаъ ду иза. Суна хетарехь, вай даиман а лелош долчу бусулба динана дуьхьала болх беш долчу бусулба пачхьалкхийн
Iедалша урхалла дон бусулбачу нахана тIехь, уьш бекъа а боькъаш. Вай, бусулбачу наха, ваьшша декъийтамегар дац, вай дуь-дуьхьала а хIиттош, вай ловза а дойтуш. Суьпа наха, тIарикъат некъа боьлхачу бусулбачу наха шаьш лела дайта ца деза Iедалшка.Цуьнан метта цара шаьш бусулба нехан синкхетамо къобул деш долчу мехала хIумнашна тIе ойла яхийта йеза -Дала тIедиллина долу парз кхочуш деш а, цхьана а кхеташ, Дела хьехош зуькарш деш а. Уьш ларбала беза, тIех сов хIума гайта гIертарх а, барам боцуш хIума дехарх а».
Руми Джалавдис байташкахь бина болу хьехамаш фарси маттара ингалс матте а баьхна, зорбане бехира Шейх Гамард ИбраьхIима 2008-чу шарахь. Таханлерачу денна Iамеркехь уггара дукха наха йоьшачех ю Румин байташ. Цу кепара ала мегар ду, Румин тIаьхьалончаша бIешераш хьалха кхоьллина йолу орден тахана юха денйелла а ю, жигара болх беш а ю, Iамеркера а, Европера а нехан дегнаш йийсаре луьйцуш а, уьш Ислам дине а берзош а, тIарикъатан новкъа бохуш а.
XS
SM
MD
LG