ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хоси-юртана ТIелатар Динарг Вала Араваьлла Итт ТIемало Хилла


ХIинца а дуьжуш дац, Нохчийчохь уггар а чIогIа ларъечу Хоси-юртана тIемалоша кIиран буса динчу тIелатарна гонаха долу къамелаш. Официала верси цхьаъ ю, нахалахь дуьйцург кхин ду. Ткъа шаьш тIемалоша, Маршо радиоца зIене а бевлла керстадира, официала Iедалийн къамел.


ТIемало: Со Къилб-Малхбале фронтера муджахIид ву. ЦIе Исхьакъ ю сан. ЦIера Iаллерой эвлара а ву со. Цара (Кадырован Iедалша) шийтта вина шаьш, уьш чубогIуш буй хаара, оха уьш чубахкийтина бара. Чу а бакхийтина, ца бовдийта - хьалххе дуьйна цунах лаьцна хууш дара, информаци яра шайн бохуш, къамелаш ду цара деш. Цигахь царна цхьа хIума хууш дацара. ДIакхалха вахана итт муджахIид вара. Уьш юхабовла бахана а бацара. Шаьш кхачалахь, Кадыровн керта а кхача, иштта ният долуш, чубахана кIентий бара уьш. Цхьаберша царах бевзинчух тера ду царна, схьахетарехь. Цара шайн набахтера улле охьавиллина кхин шиъ волчух тера ду. И шиъ стенгара ваьлла ца хаьа суна. Цигахь итт кIант ву хила везаш верг. Итт муджахIид ву дIакхалха чуваханарг. Кхин цхьа хилла а вац. "Съемка яккха баханий, бевддий, схьалоцур бай" боху къамелаш до цара. Цу чу бовда бахана а бацара. Летта, герз а тухуш, дIакхалха бахана кIентий бара. И шиъ мичхьара ваьлла ца хаьа. Шайн шиъ тIетоьхначух тера ду цара. Шайн шиъ вийний, шиъ лазийний, бохуш, къамелаш ду цара деш. Цигахь шина-кхаа сохьтехь дIабаьхьна тIом бу.


Маршо радио: ТIемалочуьн хьесапехь, цара эвлахь вийнарг, мел лаххара а итт стаг ву – царна юкъахь милцой а болуш:

ТIемало: Цара цIенош дагийна, машенаш ягийна. "Личный охранера" (Кадырован гIаролхойн тобанера) масех вен а вийна цара. Кхоъ долуш чубахана бу уьш. Ялх даллалц, шина-кхаа сохьтехь герзаш диттина цара. Суна хетарехь, цара (официала Iедалша) ша-дерриг схьадуьйцуш дац. Схьагучу суьртехь, мел лаххара иттех стаг вийна царах. Ткъеха лазийна а ву церан. Кхин а сов бацахь.

Маршо радио: Иштта, тIемалочо бахарехь, Хоси-юртана шаьш тIелатар дан дагахь хиларх лаьцна Iедалшна хууш хилла бохург а, харц дара:

ТIемало: ТIаккха, мархийн баттахь чубахний, хIара дай, важа дай бохуш, хабарш ду дуьйцуш. Мархийн бутт ца лоруш хIума а дац. Беза мархийн бутт бара аьлла, тахана операциш дIа ца хьуш а, набахтехь болу нах ца хьийзош бу уьш? Бац. Селхана а шун программехь а хезаш бу-кха наной боьлхуш. Буй? ТIаккха, и лечкъийн нах а, и набахтеш а, оцу Хоси-юртахь, иза кегийчхьана, и аьтто церан баьлчхьана, цигахь дукха хIума карор ду-кха.


Маршо радио: Делахь а, къастаза дисина, эвлана чу итт тIемало вахча, эвлана арахьа хьолана тIехьожуш я, Iедалша хьехийначу, видеосурташ даьхначарца маса стаг хилла. Я и чувахана итт тIемало, вала вахана хилла?

ХIинццалц, маьршачу нахана юкъахь дора аша лелхийтарш. Дукха хьолахь, зенаш царна хилара. Шаьш бечу тIеман кеп кхин хийцина аша?

ТIемало: ТIеман тактика хийцина эр ду-кха цунах. Тхан керла тактика а, муьлхха а, тхайн карайогIуш йолу тактика лелон ният долуш ду тхо, Дала мукълахь. Оцу мостагIчуьнца къийса оха муьлхха а тактика лелор йолуш ю.

Маршо радио: Амма, шаьш маьрша нахана зе до бохург бакъ ца дира тIемалочо:

ТIемало: Тхо маьршачу нахана туху дуй, маьрша нах бойуш дуй, бераш, зударий... Цигахь болу милцой буй, и делан мостагIий, царна улле а бахана лелхаш бу уьш. Цхьаллиг цхьана маьршачу стагана зе дан ният оха ца дина. Ца хууш нислуш хIуманаш ду уьш.

Маршо радио: Шайн коьрта Iалашо милцой хIаллакбар а, Кремлана муьтIахь волу республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан дIаваккхар а хета тIемалошна.

ТIемало: Милцо а, Кадыров а бен вац. Кадыров велахь, дика а долуш ду. Тха аьттоне хьаьжжина хир ду. И вахана хилла итт воцург а, кхин а баха лууш муджахIидаш бу, Дала муъклахь. Дахийта а бохуш, шаьш.

Маршо радио: КIиран-буса Хоси-юртана динчу тIелатарх лаьцна шайн агIо йийцинарг вара, Малхбале фронтера ву ша аьлла, Маршо радиоца зIене ваьлла тIемало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG