ТIекхочийла долу линкаш

Таханлерачу Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а Оьшуш Яц Машаран Планаш, Аьлла, Хета Тбилисерачу Профессорна


Кху деношкахь Москохарчу Карнеги центран директоро Тренин Дмитрийс «Москов таймс» олучу газета т1ехь йовзийтира Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь машар барна хьажийна йолу план. Нагахь иза кхочуш йича, дукха дика д1анисялур яра цу шина пачхьалкхан юкъаметтигаш, т1къа цо аьтто бийра бара дерриг а Кавказехь д1анисдан аьлла хета цунна. Т1къа баккъала а х1у бух бу те Москохна а, Тбилисина а юкъахь машар бан?.. Цу хьокъехь, шена хетарг довзуьйтуш, комментари йина Ильян ц1арах йолчу Гуьржийчоьнан пачхьалкхан университетан профессоро Нодиа Гияс.


"Москохарчу Карнеги центран директоро Тренин Дмитрийс «Москов таймс» олучу газетана тIехь зорбане яьккхина шен Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь машар барх лаьцна йолу план. Тренина дийцарехь, и проблема дIаяккха оьшуш дерг ду цхьана агIора Гуьржийчоьно Абхази йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла къобул яр, берриг а бахархой гуьржи болу, Гали кIоштIа шена дIалахь.

Вукха агIора Оьрсийчоь Къилба ХIирийчура дIаяхар, цу регионан йозуш йоцуш хиларан а, Гуьржийчоьно контороль ярна юкъахь йолу цхьана ханна йолу статус а луш, Оьрсийчоьно цигахь кхерамазаллица йоьзна йолу рол а ловзош.

Тренина дийцарехь, и план кхочуш ярна новкъарло йеш верг ву Саакашвили Михаил, цкъа далахь иза во волун дела, шолгIа далахь, Оьрсийчоьнан лидерша Путина Владимира а, Медведев Дмитрийс а дуй биина хиларна а, шаьшшимма цуьнца цхьана а кепара дийцарш дIахьура дац аьлла. ТIкъа и шиъ шаьшшимма делла долу и дош юкхадаккха дагахь вац. Амма, нагахь Саакашвили 20I3-чу шарахь шен дарж а дитина, премьер-министар ца висахь, цу тайпа хIума хила мегаш ду бах Тренина.

Иза теори йийцича хила мегаш хIума ду. Нагахь Абхази а, Къилба ХIирийчоь а юхайерзалур ца хилар вай тидаме эцча (Оьрсийчоьнго иза ца дайтахь а, я цигарчу нахана ца лаахьа, башхалла а дац), карарчу хенахь лаьттачу хьолаца дуьстича, иза гIоле хила а магара Гуьржийчоьнна. Иза ша дерриг а, пайдехьа хила а мега. ТIкъ новкъарло йеш дерг хIун д? Новкъарло йеш верг Саакашвили ву-кх?

Амма цхьа шеко а йоцуш бакъ дерг ду машаран барт беш массо а агIонаш и барт бан лууш хиал йеза бохург. Барт бан лаар коьрта хIума хила дезаш ду, къаьсттина и барт лохучу хенахь, цхьадолчу мехала хIумнаш тIехь хIуманашкахь маслаIат каро дезаш хилча, муххале а. Амма суна дуьхьалахIотто а хала ду цу тайпа сацам бина волу муьхха а лидер пролитикан кхане йолуш хир ву аьлла бохург.

Цу хьелашкахь ша бохучунна тIера юха яла кийча юй-те цхьа а агIо а?

Москов Тайм газетехь Тренина язйинчу артикална къелахь комментарий йинчу цхьа шен цIе ца яьккхинчу стага дика хаттар хIоттийна. «ХIунда оьшуш бу вайна Гуьржийчоьнца машар илла а билла а, хIунада яла йезаш ю вай юха дIа Къилба ХIирийчоь?», аьлла, ду иза. Иза бакъ ду! Иза дукха логика йоцуш хир дара 2008-чу шарахь Августехь (Марсхьокху-баттахь) Гуьржийчоьнна тIелетта йолчу Оьрсийчоьно Тренина план тIеэцча.

Цу тIеман коьрта идея яра Малхбузе Оьрсийчоьнан мостагI а ю, ткъа Гуьржийчоь Оьрсийчоьнна меттигера троянан говр а ю бохург. Гуьржийоь а, цунна тIехIиттина йолу пачхьалкха а хууш хила йезаш яра, мила ву лулачу меттигашкахь хIусамда мила ву.

Амма Оьрсийчоьнан шена хетарг гайта кхоччуш аьтто ца белира цаьрна, хIунда аьлча Саакашвили хьалха санна Iедалехь а ву, хьалха санна юхацаволуш шен политика дIахьуш а ву.


Ткъа машаро аттачу доккхур ду Саакашвилин дахар. Амма хууш ма-хиллара Малхбузена тIетоьвжаш йолчу Гуьржийчоьнна во мелла дерг, Оьрсийчоьнна дика ду.

Москох Iамеркин центрехь болх беш волчу, ингалс маттахь арадолуш долчу газетехь шена хетарг яздеш волчу Тренина бухе дуьллург ду Оьрсийчоьнна хеташ дерг кхин ду бохург.


Тренина шена дуьхьала хIиттош йерг ю (Малхбузерачу дукхах болчу аналисташ иза даиман а деш ма-хиллара) Медведевн Оьрсийчоь ала мегар долу Оьрсийчоь (баккъала а йолуш йолу Путина Оьрсийчоь а йоцуш). И Оьрсийчоь цхьана агIора юха йолуш яц ша сийлахь пачхьалкхан статус йолуш ю бохучунна тIера. ТIкъа иза ду, баккъалла а аьлча, шен бакъо ю шена гонах йолчу меттигашкахь шен лууш йолу политика лело бохург.

Вукха агIора, Медведевн Оьрсийчоьнна Малхбале шен мостагI ю аьлла кхин дIа ца хета, мелхо а цуьнца цхьана махкана модернизаци ян лаьа Оьрсийчоьнна.

Иза хIун чулацам болуш ду цхьанне а ца хаа, амма цхьаъ хила мега Малхбузенна луург-Медведев чIагIвар, я иза гIел ван хIума ца дар.

Оьрсийчоь демократин пачхьалкх хир яц, нагахь санна мел-лаххара а кхана цо хIу дийра ду хууш иза ца хилахь. Юкъаметтигаш лело мегар долу Оьрсийчоь хила йеза иза. ТIкъа цу тайпачу Оьрсийчоьнна оьшуш ду Гуьржийчоьнца йолу шен юкъаметтигаш тояр ( Хьераваьлла Миша шен даржера дIавахча), Малхбузенца шен болу уггара боккха цакхетам дIабаккхар Iалашонца.

Гуьржийчоьнах лаьцна аьлча, бакъ ду, цунна гIоле ду Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш хилар, уьш вон хуьлачулла а.

Амма хаттар хIутта, хIун дан деза гуьржаша Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш хилар эцархьамма аьлла долу. Вай юйцуш йерг баккъала а йолу Путинан Оьрсийчоь ю. ХIун дика дохьур ду аьлла сатесна ю Тбилиси ша юхаялахь.


Цу агIора хила мегаш дерг дийцаре дан доладале, цкъа дуьххьара дуьхьала хIотто деза, аьтто болуш юй-те Оьрсийчоь Гуьржийчоьнан бакъо ю шен Iедал а, шен политикан курс а къасто аьлла даре дан, аьлла. Амма и тайпа Оьрсийчоь цкъачунна гуш яц. Москох Саакашвилица къамел дан лууш ца хиларо гойтуш ду Москохана гуьржийн бакъо яц шайн Iедал харжа, аьлла, хеташ хилар.

Цундела Тренина кечйинарг санна йолу проекташ теорина санна шайна тIе тидам бохуьйтуш хила а мега. Амма уьш оьшуш яц ян таханлерачу Оьрсийчоьнна а, ян таханлерачу Гуьржийчоьнна", аьлла, хета профессорна Нодия Гияна.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG